‏ Daniel 4

1Со, Набухди-Нецар, аьтто а хуьлуш, сайн паччахьийн гӀишлошкахь паргӀат вехаш вара. 2Амма, со кхеравеш, суна гинчу гӀено а, вижначохь аса йинчу ойланаша а, суна дуьхьал хӀуьттучу суьрташа а синтем байира сан. 3ТӀаккха аса омра дира, Бавел-махкара берриге а хьекъалалла дерш схьабалабе аьлла, цаьрга сайна гинчу гӀенан маьӀна тидийтархьама. 4ХӀетахь баьхкира бозбунчаш а, эвлаяаш а, седа-жайна хьовсурш а, палтуьйсурш а. Аса сайн гӀан цаьрга дийцира, амма царна ца хиира цуьнан маьӀна. 5ТӀаьххьара а безачу деланийн са
Безачу деланийн са – я иштта: Везачу Делан Са.
шеца долу, Бел-Ташацар цӀе йолу Даниал веара суна тӀе. (И цӀе сан делан цӀарах схьаяьлла ю.) Цуьнга дӀадийцира аса сайн гӀан:
6„Бел-Ташацар! Бозбунчийн коьртаниг! Суна хаьа хьоьца безачу деланийн
Безачу деланийн – я иштта: Везачу Делан.
са дуйла а, цхьа а къайле йовза хьуна хала ца хуьлийла а. Кхетавехьа со суна гӀенах дуьхьалхӀоьттинчу суьртах а, цуьнан маьӀнах а.

7Вижначохь сан коьрта чохь дуьхьалхӀиттина суьрташ иштта дара: лаьтта юккъехь инзаре доккха дитт гира суна. 8И дитт доккха а, онда а дара, стигала кхоччуш лекха а дара, дуьненан йистера дуьйна гуш а дара. 9ТӀех хаза гӀаш а, шортта стоьмаш а, массарна тоъал юург а яра цунна тӀехь. Аренашкара дийнаташна цу диттана кӀел ӀиндагӀ карадора. Стигалшкара олхазарша цуьнан гаьннашна юккъехь бенаш дора. Цуьнан стоьмаш массо а са долчу хӀумано дуура.

10Со вижначохь сайна дуьхьалхӀоьттинчу суьртехь суна гира Делан уллора долу гӀарол-малик стигалшкара охьадуссуш. 11Цо мохь тоьххна чӀогӀа элира: ‘ХӀара дитт дӀахададе, цуьнан генаш а хададе. Цунна тӀера гӀаш охьадегаде. Цуьнан стоьмаш дӀасакхийса. Цу диттан кӀелхьара дийнаташ дӀайовлийта. Цуьнан гаьннашна тӀера олхазарш а дӀадахийта. 12Амма аьчкан а, цӀестан а буржалшца дӀа а къовлий, цуьнан коьрта орам лаьттан бухахь бита, аренийн бецашна юккъехь. Стигаларчу тхине иза тӀунбайта, ткъа цуьнан дахар лаьттарчу бецашна а, дийнаташна а юкъахь хилийта. 13Цунна, адамийн кхетам дӀа а баьккхина, экхан кхетам лур бу. Цунна ворхӀ зама гур ю. 14Далла уллора долчу гӀарол-маликийн омрано билгалдаьккхина а дара, Далла уллохь болчеран кхелаца хӀоттийна а дара, бехачарна хаийтархьама, Веза Воккхачу Дала адамийн пачхьалкхашкахь олалла дойла а, уьш Шена луучунна Цо луш хилар а, адамашна юкъахь уггар а ларамза волчунна царна тӀехь олалла далар а’.

15Иштта гӀан гира суна, Набухди-Нецар-паччахьна. Ткъа ахьа, Бел-Ташацар, цу гӀенан маьӀна де, хӀунда аьлча, сан пачхьалкхера цхьанна а хьекъалалла долчунна ца хиира цуьнан маьӀна дан. Амма хьоьга иза далур ду, хьоьца безачу деланийн
Безачу деланийн – я иштта: Везачу Делан.
са долу дела“».

Даниала шолгӀачу гӀенан маьӀна дар

16«ТӀаккха Бел-Ташацар цӀе йолу Даниал цхьа хан яллалц цецваьллачохь Ӏийра, ойланаша сагатдора цуьнан. Къамел долош, паччахьо элира: „Бел-Ташацар! Ахь са ма гатде и гӀан бахьана долуш а, цуьнан маьӀнин бахьаненна а“.

Бел-Ташацара, жоп луш, элира: „Сан олахо! Хьо ца везаш болчу мостагӀашна хуьлийла цу гӀенан маьӀна.
17Хьуна гина долу доккха а, онда а дитт, стигала кхаччалц лекха а дара, дуьненан йистера дуьйна гуш а дара. 18Цунна тӀехь инзаре хаза гӀаш а дара, алссам стоьмаш а, массарна баа кхача а бара. Цунна кӀелахь аренгара дийнаташ Ӏара, ткъа цуьнан гаьннашна юккъехь стигалшкара олхазарша бенаш динера.

19Хьуна гина дитт сийлахь вазвина а, чӀагӀвелла а волу хьо, паччахь, ву. Хьан сийлалла, лакха а даьлла, стигалшка хьалакхаьчна. Хьан олалла дуьненан йисте кхаччалц ду. 20Ткъа хьуна, ва паччахь, Далла уллора стигалшкара вуссуш волу гӀарол-малик гира. Цо элира: ‘И дитт дӀахададе, хӀаллакде, лаьттан бухахь цхьа коьрта орам бен ца буьтуш. Аьчкан а, цӀестан а буржалшца дӀа а къовлий, иза тӀунбайта стигаларчу тхине, аренийн дийнаташца хилийта цуьнан дахар, ворхӀ зама цунна тӀехула чекхъяллалц’, – бохург, 21хӀара ду цуьнан маьӀна, Веза Воккхачу Дала билгал а даьккхина, хьуна, сан эла, паччахьна, хила кечдинарг: 22адамех хьо дӀакъастор ву. Дийнаташца хьан вахар хир ду. Старана санна, бецаш яор ю хьуна. Стигаларчу тхино тӀадор ву хьо. ВорхӀ зама дӀаер ю, адамийн пачхьалкхаш тӀехь олалла деш верг Веза Воккха Дела хиларх а, уьш Цо Шена луъучунна луш хиларх а хьо кхетале. 23Ткъа, диттан коьрта орам бита аьлла, динчу омрано гойту, олалла стигалшкара хиларна хьо къера хилча, хьан пачхьалкх юха а хьуна юьсург хилар. 24Цундела, паччахь, хуьлийла сан хьехам хьуна диканна. Нийсо а лелаяй, хьайн къиношна геч а дайта, къечаьрца къинхетаме а хилий, хьайн харцонаш дӀа а яха. ТӀаккха хьан беркате хилар дахдала мега“.

25Набухди-Нецар-паччахьна тӀехь и дерриг а кхочушхилира. 26Шийтта бутт хан яьлча, Бавел-гӀалахь, паччахьан гӀишлойн шерачу тхов тӀехь лелаш, паччахьо элира: 27„ХӀара яц ткъа аса олалла дечу хенахь сайн цӀе яккхийтархьама, сайн нуьцкъаллица сан пачхьалкхан цӀа хилийта йина йолу Бавел-гӀала!“

28И дешнаш аьлла а валале, паччахьна стигалара аз хезира: „Паччахь Набухди-Нецар, хьоьга боху, паччахьалла дӀадели хьан! 29Адамех дӀакъастош ву хьо. Аренгара дийнаташца вехар ву хьо. Бежанашца бецаш яор ю хьуна. Адамийн пачхьалкхаш тӀехь олалла деш верг Веза Воккха Дела хиларна а, уьш Шена луучунна Цо луш хиларна а хьо къера хилале, ворхӀ зама ер ю“.

30Набухди-Нецарна тӀехь и дош цу сохьта кхочушхилира. Адамех дӀакъастийра иза. Бежано санна, бецаш юура цо. Цуьнан дегӀ стигалара тхино тӀундора. Цуьнан чоьш дахделлера, аьрзун пелагаш санна. Цуьнан, олхазаран санна, мӀараш яра».

Набухди-Нецара Дела хаставар

31«И денош дӀадевлча, аса, Набухди-Нецара, бӀаьргаш стигала хьалахьажийра. Кхетам меттахӀоьттира сан. Веза Воккхачу Далла хастам а бира ас, даим вехаш волу Дела ваз а вира ас. Цуьнан олалла хедар доцу олалла ду.
Цуьнан паччахьалла тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка ду.
32ХӀокху лаьтта тӀехь долу адамийн дахар хӀумма а доцург ду.
Стигаларчу ницкъашна а, лаьтта тӀехь бехачарна тӀехь а Шена луъург деш ву Иза.
Вац-кх цхьа а Цунна дуьхьало ян ницкъ болуш,
я „Ахь хӀун дина?“– аьлла, Цуьнга вистхила бакъо йолуш.

33Сан кхетам меттахӀоьттинчу хенахь сан пачхьалкхан сийлалла а, сан хьолалла а, хьалхалера дарж а юхадирзира соьга. ТӀаккха карийра со суна гонах хиллачу элашна а, уллорчу куьйгалхошна а. Со паччахьалла дан юхаметтахӀоттийра, сан сийлалла кхин а лакхаделира.

34ХӀинца аса, Набухди-Нецара, ваз а во, лакха а воккху стигалшкара Паччахь, сий а до Цуьнан. Массо а Цо деш долу хӀума нийса ду, ткъа дерриге а Цуьнан некъаш бакъ ду. Дагца куралла ерш охьатаӀо Иза ницкъ болуш а ву».
Copyright information for CheCAC2012