Daniel 7
ДуьхьалхӀоьттинчу суьртехь диъ экха гар
1Бавел-мехкан ▼▼Бавел-мехкан – иза хашадхойн мохк бу.
паччахьо Белшацара куьйгалла дечу хьалхарчу шарахь Даниална вижначохь гӀенах суьрташ дуьхьалхӀиттира. ХӀетахь и шена гина гӀан, цуьнан маьӀна а дуьйцуш, дӀаяздира Даниала. 2Шен дийцар дӀадолош, цо яздинера: «Буьйсанна сайна дуьхьалхӀоьттинчу суьртехь стигалан еа а маьӀӀера хьоькхучу мохо хӀорд лестош гира суна. 3 bЦул тӀаьхьа хӀорда чуьра, цхьаъ вукхунах тера а доцуш, доккха диъ экха араделира. 4 cХьалхарниг лом санна дара, амма аьрзунан санна тӀемаш дара цуьнан. Со хьийжира цуьнга, цуьнан тӀемаш схьа а даьхна, иза лаьттара хьалаайалц. И экха, адам санна, ирахӀоттийра. Цул тӀаьхьа цунна адаман кхетам белира. 5Ченах тера а долуш, багарчу цергашна юкъахь бисина кхо пӀенда а болуш, цхьа агӀо хьалаайина а йолуш, шолгӀа экха дара лаьтташ. „ХьалагӀатта, шортта жижиг даа!“– бохура цуьнга. 6Цул тӀаьхьа цӀоькъабергах тера долу кхин а цхьа экха гира суна. Цуьнан букъ тӀехь олхазарийн санна биъ тӀам бара. Цу экхан биъ корта а бара, цунна делла олалла а дара. 7 dЦул тӀаьхьа, къемате ирча а, чӀогӀа онда а долуш, доьалгӀа экха а гира суна буса дуьхьалхӀиттинчу суьрташкахь. Цуьнан, яккхий а йолуш, аьчка цергаш яра. Цо шен мостагӀий дӀакхоллура, ткъа йиснарг когашца хьошура. Иза вукхарал къаьсташ а дара, цуьнан итт маӀа а яра. 8 eСо цу маӀашка хьоьжуш вара. Цу хенахь оцу маӀашна юккъехула кхин а цхьа жимо маӀа хьалаелира, ткъа хьалхалера кхо маӀа цунна хьалхахь орамашца бухъехира. Цу маӀана тӀехь бӀаьргаш дара, адамийн санна а долуш, кура къамел деш бага а яра». Хенарчу Къаночо кхел яр
9 f«Со хьоьжучу хенахь паччахьан гӀанташ дӀахӀиттийра. Цу гӀантех цхьанна тӀе Хенара Къано охьахиира. Цуьнан духар, ло санна, кӀайн дара, ткъа Цуьнан коьртара месаш цӀеначу кхакхана тӀера чоьш санна яра. Иза тӀехиъна гӀант цӀеран алу санна дара, цуьнан чкъургаш летта цӀе яра. 10 gИ летта йогу цӀе Цуьнан хьалха̄хула, доьду хи санна, арайолура. Багар а балур боцуш, эзарнашкахь дукха бара Цунна хьалхара гӀуллакхаш дийраш. Эзарзза эзарнаш долу адамаш дара Цунна хьалха лаьтташ. ТӀаккха кхел йийраш шайн болх боло охьахевшира, тептарш дӀаделладелира. 11Со хьоьжуш лаьтташ, суна хезара цу маӀо деш долу кура къамелаш. Со хьоьжуш Ӏачу хенахь и доьалгӀа экха дийра, ткъа цуьнан дегӀ, кескаш а йина, дагадан цӀерга кхоьссира. 12Ткъа кхечу акхарошна, церан олалла дӀа а даьккхина, кхидӀа яккха цхьа хан-зама а бен ца еллера. 13 hБуьйсанна сайна дуьхьалхӀоьттинчу суьртехь стигаларчу мархашца вогӀу адамийн кӀантах тера цхьаъ гира суна. ТӀекхаьчна ваьлча, иза Хенара Къаночунна тӀевигира. 14 iОлалла а, сийлалла а, паччахьалла а делира цунна. Массо а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а болчу наха цунна Ӏибадат дира. Цуьнан олалла хедар доцу олалла ду. Цуьнан пачхьалкх цкъа а юхур яц».Гинчу суьртийн маьӀна дар
15«Коьртарчу суьрташа сан, Даниалан, дегӀа чуьра са карзах а даьккхира, синтем а байира. 16Цигахь лаьттачех цхьанна тӀе а вахана, хӀокху сайна гуш долчун ша ма-дарра нийса маьӀна дар дийхира ас. ТӀаккха малико, маьӀна а деш, дийцира соьга: 17„И доккха диъ экха – иза Лаьтта тӀехь хьалахӀутту йолу йиъ пачхьалкх хир ю бохург ду. 18 jЦул тӀаьхьа Веза Воккхачу Делан нехан карадоьрзур ду паччахьалла. Цара абаделлалц олалла а дийр ду“. 19ТӀаккха доьалгӀачу экханах лаьцна бакъдерг хаа лиира суна. И экха вукхарах тера доцуш, къемате ирча дара. Аьчка цергаш а, цӀестан мӀараш а яра цуьнан. Юуш, отуш, йиснарг когашца хьоьшуш дара иза. 20Цуьнан коьрта тӀехь йолчу итт маӀах а, шена тӀехь бӀаьргаш долчу а, кура луьйш бага йолчу а, вукхарал езо хетачу кхечу маӀах а лаьцна хаа лиира суна. И яра, шена хьалхара кхо маӀа охьа а йожош, керла яьлла маӀа. 21 kЦу маӀо Веза Воккхачу Делан нахаца тӀом беш а, царна тӀехь толам боккхуш а гира суна, 22 lХенара Къано схьаваллалц. ТӀаккха, Веза Воккхачу Дала кхел яр дӀаделира ▼▼...Дала кхел яр дӀаделира Шен нехан кара – я иштта: ...Дала Шен нахана уьш бехказабоху кхел йира.
Шен нехан кара. Цул тӀаьхьа паччахьалла Делан нахе кхочу хан тӀееара. 23МаьӀна а деш, соьга иштта элира: „ДоьалгӀа экха – иза Лаьтта тӀехь, массо а кхечу пачхьалкхех тера а йоцуш, йоьалгӀа пачхьалкх хир ю бохург ду. Дерриге а Латта цу пачхьалкхо Ӏуьйшуш, хьоьшуш, отуш хир ду. 24 nИтт маӀо гойту цу пачхьалкхера итт паччахь вериг хилар. Царал тӀаьхьа, царах тера а воцуш, кхин цхьа паччахь вер ву. Цо царна юкъара кхо паччахь охьатаӀор ву. 25 oИза Веза Воккха Дела емалвеш а хир ву, Веза Воккхачу Делан нахана таӀзар а дийр ду цо. Церан деза денош а, Ӏедал а хийца гӀертар ву иза. И нах цуьнан кара дӀалур бу зама а, заманаш а, ахзама а чекхъяллалц. 26Цул тӀаьхьа охьаховшур бу кхел йийраш шайн болх дӀаболо. Олалла цуьнгара дӀадоккхур ду иза гуттаренна а хӀаллаквархьама а, вохорхьама а. 27 pТкъа паччахьалла а, олалла а, ерриге а стигална кӀел йолчу пачхьалкхийн сийлалла а дӀалур ду Веза Воккхачу Делан болчу нехан къоман кара. Делан паччахьалла ▼▼Делан паччахьалла – я иштта: Цу къоман паччахьалла.
абаделлалц долу паччахьалла ду. Массо а олахой Цунна ▼▼Цунна – я иштта: цунна.
Ӏибадат деш а, муьтӀахь а хир бу“. 28Кху тӀехь сан дийцар чекхдолу. Со, Даниал, сан ойланаша чӀогӀа кхерийнера, со юьхь-басца а хийцавеллера, амма и дийцар ас сайн даг чохь латтийра».
Copyright information for
CheCAC2012