Daniel 8
Коьмах а, божах а лаьцна сурт хӀоттар
1Суна, Даниална, Белшацар-паччахьо паччахьалла динчу кхоалгӀачу шарахь хьалха дуьхьалхӀоьттинчу суьртал тӀаьхьа юха а дуьхьалхӀоьттира цхьа сурт. 2Сайна дуьхьалхӀоьттинчу суьртехь пачхьалкхан Ӏейлам олучу декъа тӀера Шушан-гӀалахь Улай-хин йистехь со лаьтташ волуш гира суна. 3БӀаьргаш хьалахьажийча, суна хӀара сурт гира: хин йистехь лаьтташ цхьа ка бара, цуьнан ши маӀа яра. Ший а маӀа йоккха яра, амма цхьа маӀа вукхул йоккхо а яра, и йоккха маӀа тӀаьхьа хьалаяьлла а яра. 4Цу коьмо малхбузехьа а, къилбаседехьа а, къилбехьа а маӀаш Ӏуьттура. Цхьанна а экхане цунна дуьхьало ца ялора, цхьа а цунах кӀелхьара а ца далалора. Цо шена луъург а дора, кураллаш а йора. 5Со цу белхан ойла еш волчу хенахь, малхбузехьара, сов сиха ярна, лаьттах ког а ца кхеташ, цхьа бож яра йогӀуш. Цу божан шина бӀаьрга юккъехь схьакъаьсташ гуш цхьа маӀа яра. 6Хин йистехь суна гиначу ши маӀа йолчу коьмана шен чӀогӀачу дераллица чухьаьдира и бож. 7КхидӀа суна гира цу божо, дар а елла, цу коьмана тӀе а кхетта, цунах лата а летта, иза эшош. Цуьнан ши маӀа йохийра цо. Цу коьман ницкъ ца тоьира божана дуьхьал лата. Цу божо, тоьхна лаьтта а божийна, хьаьшна дӀабахийтира ка. Вацар-кх цхьа а и ка цу божан карара кӀелхьарбаккхалур волуш. 8Циггахь бож чӀогӀа кураелира, амма иза чӀагӀъелла дӀахӀоьттича, цуьнан йоккхаха йолу маӀа кагъелира. Цуьнан метта, стигалара мох хьоькхучу еа а агӀор а йирзина, йиъ маӀа тӀеелира. 9Царах йолчу цхьана маӀана тӀе кхин цхьа жима маӀа елира. Иза къилбехьа а, малхбалехьа а, «къаьсттина хазачу махкахьа» а чӀогӀа дӀасаяьржира. 10 aСтигаларчу ницкъашна тӀелаттал чӀагӀ а елла, стигаларчу ницкъийн а, седарчийн а цхьадолу дакъа лаьтта охьа а дожийна, хьийшира цо. 11Ур-атталла цу ницкъийн Элана а дуьхьалъелира иза. Цунна хӀора дийнахь сагӀа даккхар а дихкира цо, Цуьнан цӀа а сийсаздаьккхира цо. 12Делан эскаро къинош леторна тӀера хӀора дийнахь доккху сагӀа дӀатесира. Билггал бакъдерг лаьтта тӀе охьатаӀийра. Цу маӀан ша мел дечунна тӀехь аьтто болура. 13Суна хезира цхьа малик цхьаьнга дистхуьлуш: «Мел яхлур ю те хӀора дийнахь доккхучу сагӀанах а, Далла вас еш долу къилахь хӀуманаш лелорах а, Делан цӀа а, Делан эскар а когашца хьешарх а лаьцна дуьхьалхӀуттучу суьртехь юьйцу зама?» 14Суна хезира вукхо делла жоп: «Ши эзар кхо бӀе суьйре а, Ӏуьйре а яьлча, Делан цӀа цӀанлур ду».Джабраил-малико гинчу суьртан маьӀна дар
15ХӀара сурт суна гӀенах дуьхьалхӀоьттинчул тӀаьхьа, со, Даниал, цуьнан маьӀна лоьхуш вара. Ткъа цӀеххьана суна хьалха стеган аматехь волу цхьаъ дӀахӀоьттира. 16 bТӀаккха Улай-хин тӀера адаман аз хезира суна. Цу озо, кхойкхуш, бохура: «Джабраил-малик, кху суьртан маьӀна дехьа цунна!» 17Цул тӀаьхьа со лаьтташ волчу метте тӀевеара иза. И тӀевеача, кхеравелла, бертал охьавуьйжира со. Цо элира соьга: «Хаалахь, адаман кӀант, хӀара сурт дуьненан чаккхенан заманца дозуш дуйла!» 18Иза соьга вистхуьлучу хенахь, чохь са а доцуш, бертал воьжна Ӏара со. Ткъа цо, соьга куьг а кховдийна, со когаш тӀе дӀахӀоттийра. 19«ХӀинца Делан оьгӀазлонан тӀаьхьарчу деношкахь хиндерг дуьйцур ду ас хьуна, дуьненан чаккхенан билгалъяьккхинчу заманца иза дозуш долу дела, – элира соьга малико. – 20Хьуна гина болу ши маӀа йолу ка – уьш мадайхойн а, парсихойн а паччахьаш бу. 21Ткъа хьуна гина йолу месала бож – иза грекийн паччахь ву. Цуьнан бӀаьргашна юккъехь йолу йоккха маӀа – иза цу грекийн дуьххьарлера паччахь ву. 22И маӀа кагъелира, ткъа цуьнан метта кхин а йиъ маӀа тӀеелира. Цу халкъах йиъ пачхьалкх хилла дӀахӀуттур ю, амма, хӀара санна, ницкъ болуш хир яц уьш бохург ду иза. 23Ткъа церан паччахьалла чекхдолуш, уьш кхоччуш къинош латийна бевллачу хенахь, эхь доцу, тешнабехк барехь корматалла шегахь йолу цхьа паччахь дӀахӀуттур ву. 24Цуьнан ницкъ чӀагӀлур бу, цуьнан шен ницкъаца и ца хилахь а. Тамашийна бохамаш бан а, ша мел дечунна тӀехь аьтто хила а, онда ницкъ берш а, Делан халкъ а хӀаллакдан а ларош хир ву иза. 25И паччахь хьекъал долуш хиларна, тешнабехк барехь аьтто хуьлуш хир ву. Цуьнан даг чу куралла южур ю. ДӀахьедар а ца деш, халкъашна юкъара дукхахберш цо цӀеххьана хӀаллакбийр бу. Уггар а лакхара волчу паччахьна дуьхьал вер ву иза, ткъа иза хӀаллаквийр ву, амма иза адаман карах хир дац. 26Суьйренех а, Ӏуьйренех а лаьцна хьуна гинарг – иза билггал бакъ ду, ткъа ахьа и хьайна гина сурт къайладаккхий дита, иза кестта хиндолчух лаьцна доцу дела». 27Масийтта дийнахь гӀора а дайна, цомгуш хилла Ӏийра со, Даниал. Цул тӀаьхьа а бен паччахьан гӀуллакхаш дан вола ца велира со. ДуьхьалхӀоьттинчу суьртах со цецваьллера, со цунах ца кхетара.
Copyright information for
CheCAC2012