Daniel 9
Даниала Исраилан халкъана тӀера дина доӀа
1Мадайхойн тайпанара волчу Ахьаш-Варушан кӀант Дари-Ваша хашадхойн пачхьалкхана ▼▼Хашадхойн пачхьалкх – иза Бавел-мохк бу.
тӀехь паччахь хӀоьттира. 2 bЦо паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь Делан Йозанаш толлуш хьесап дича, со, Даниал, Везачу Эло Ярми-ЯхӀу-пайхамаре Ярушалайм-гӀала кхузткъе итт шарахь бохам хилла лаьттар ю аьллачу хенах кхийтира. 3ТӀаккха доӀанца, дехарца, марха кхабарца, сингаттаме хилар гойту бедар юхарца, сайна тӀе чим тасарца ас сайн дог-ойла Хьалдолчу Далла тӀеерзийра. 4Тхаьш летийначу къиношна къера а хуьлуш, ас сайн Везачу Деле доӀа дира. Ас элира: «Доьху Хьоьга, Хьалдолу Дела! Хьо сийлахь а, кхераме а ма ву! Хьайн весеташ кхочушдеш болчаьрца Айхьа бина барт ларбо Ахь! Хьо везаш болчарна Хьайн хедар боцу безам а ма гойту Ахь!5Къинош а летадора, харцонаш а лелайора, хьарамдерг а леладора оха. Дуьхьал а девлла, Хьан весеташна а, парзашна а тӀерадевллера тхо. 6Хьан цӀарах тхан паччахьашка, тхан элашка, тхан дайшка, тхан дерриге а халкъе бистхуьлуш болчу Хьан пайхамаршка ла ца дугӀура оха. 7Хьалдолу Эла, Ахьа нийсо ма лелайо. Ткъа тхо, яхӀудхой а, Ярушалайм-гӀалин бахархой а, массанхьа а бехаш болу исраилхой а юьхьӀаьржачу хӀиттина. Тешаме а ца хилла, Хьайх дӀадерзаре терра, Ахьа дӀасалаьхкина тхо юххерчу а, генарчу а мехкашка. 8Ва Веза Эла! Тхан паччахьаш а, элий а, дай а юьхьӀаьржачу хӀиттина бу, оха Хьуна хьалха къинош летийна дела. 9Ткъа тхан Хьалдолу Дела къинхетаме а ву, гечдеш а ву, Шена дуьхьал тхо эргӀаддевллехь а. 10Шен леш болчу пайхамаршкахула баийтина болу Цуьнан хьехамаш кхочушбархьама, тхайн Везачу Делан озе ла ца дугӀура оха. 11Дерриг а Исраилан халкъо дӀатеттира Хьан товрат-хьехамаш. Хьан озе ла а ца дугӀуш, иза дӀадирзира Хьоьгахьара. Цундела вайх неӀалт а, сардам а бахана, цу Делан лай волчу Муса-пайхамаро шен товрат-хьехамаш тӀехь язбина болу, хӀунда аьлча Далла хьалхахь вай къинош хьерчийна. 12ТӀаккха Дала кхочушдира тхоьга а, тхан мехкан куьйгалхошка а аьлла долу дешнаш. Цо тхуна тӀе вуно боккха бохам баийтира. Ярушалайм-гӀалина тӀехь хилларг цкъа а стигал кӀел хилла а дац. 13Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш тӀехь яздина ма-хиллара, бохам беана тхуна тӀе. Амма къинош леточуьра юха а доьрзуш, Хьо тешаме хиларан терго а еш, оха ца лийхира тхешан Веза Дела тхаьшна резахилийтар. 14Везачу Эло, нийса хан тӀеяре а хьаьжна, вайна и бохам бина, хӀунда аьлча Ша деш долчу массо а гӀуллакхашна тӀехь бакъ ву вайн Веза Дела, амма вай ла ца дугӀура Цуьнан озе.
15Ткъа хӀинца, Хьалдолу Дела, Ахьа Хьайн ницкъ болчу куьйгаца Хьайн халкъ Мисар-махкара арадаьккхина. И дар бахьана долуш Ахьа таханлера де тӀекхаччалц хьалаайина Хьайн цӀе. Оха къинош а летийна, хьарамдерг а лелийна. 16Хьалдолу Эла! Хьайн йоллучу нийсонга хьаьжжина, дӀайоккхийла Ахь Хьайн оьгӀазалла а, дералла а Хьайн Ярушалайм-гӀалина тӀера. Иза Хьан гӀала а, Ахь базбина лам а ма бу! Оха летийна къинош а, тхан дайн талхар а бахьана долуш, гонах болчара массара а Ярушалайм-гӀалин а, Хьан халкъан а сий дайина. 17ХӀинцца хазахьа, тхан Дела, Хьайн лай волчун доӀа а, даггара дехар а. Хьайн дуьхьа, Хьалдолу Эла, резахиларца хьажахьа дассийначу Хьайн дезачу цӀийне. 18Сан Дела! ДӀахазахьа, Хьайн лерг схьа а дерзадай, хьажахьа, Хьайн бӀаьргаш дӀа а беллий, тхуна хиллачу бохаме а, Хьан цӀе йоккхуш йолчу гӀалане а, хӀунда аьлча тхайн доӀанаш до оха Хьуна хьалха, тхан бакъхилар бахьана а доцуш, ткъа Хьан боккхачу къинхетаме сатуьйсуш. 19Хьалдолу Эла, дӀахазахьа! Хьалдолу Эла, гечдехьа! Хьалдолу Эла, тергам а бехьа, гӀуллакх а дехьа, Хьайн дуьхьа дӀа ца тоьттуш, сан Дела, хӀунда аьлча Хьан цӀе тиллина Хьан гӀалина а, Хьан халкъана а».
20Аса а, сан Исраилан халкъо а летийначу къиношна со къера хилар дӀадийцира ас доӀанехь. Сайн Делан ломах лаьцна дехар а дӀаделхийра ас сан Везачу Далла хьалха. 21 cСо доӀа дина валаза а волуш, суьйренан сагӀа доккху хан гергга йолуш, хьалха а сурт хӀуттуш суна гина, адамах тера долу Джабраил-малик, тӀемадаьлла, сихха схьадеара. 22Со кхета а веш, соьца къамел а деш, цо элира: «Даниал! Хьо кхеторхьама деана со хӀинца. 23Хьо доӀа дан волавелча, хьан доӀанна жоп делира. Хьо Далла везаш стаг волу дела, иза хьоьга дӀакхайкхо деана со. ХӀинца оцу дешан духе а кхиа, дуьхьалхӀоьттинчу суьртах а кхета. 24Кхузткъе уьттазза ворхӀ-ворхӀ хан-зама билгалъяьккхина хьан халкъана а, хьан езачу гӀалина а зуламаш чекхдаха а, харцонийн чаккхенна тӀе мухӀар тоха а, къинош дӀадаха а, даим нийсо латтийта а, хӀуьтту суьрташ а, пайхамарша дийцинарш а чӀагӀдайта а, уггар Дезаниг къобалдайта а ▼
▼Уггар Дезаниг къобалдайта а – я иштта: уггар Везаниг къобалвайта а.
. 25Делахь, хаа а хаалахь, кхета а кхеталахь: Ярушалайм-гӀала меттахӀотторах лаьцна даьлла омрана тӀера Дала къобалвинчу баьччанна тӀе кхачале, ворхӀазза ворхӀ-ворхӀ хан-зама а, кхузткъе шозза ворхӀ-ворхӀ хан-зама а ер ю. ТӀаккха меттахӀоттор ю и гӀала шен урамашца а, чӀагӀонашца а, амма халачу хенашкахь хир ду иза. 26ТӀаккха, и кхузткъе шозза йолу ворхӀ-ворхӀ хан-зама яьлча, Дала къобалвинчун дахар хедар ду, цунна дуьхьалдаккха хӀумма а дацахь а ▼▼Цунна дуьхьалдаккха хӀумма а дацахь а – я иштта: цуьнан хӀумма а хир дац.
. Ткъа гӀала а, Делан цӀа а вогӀур волчу баьччанан халкъо дохийна хир ду. ТӀаьхье хир ю цуьнан, дистина деанчу хин тӀаьхье санна. Ткъа дуьненан чаккхе тӀекхаччалц тӀом хир бу, билгалбаьхна болу бохамаш а хуьлуш. 27 fДукхахболчаьрца цу баьччано цхьана ворхӀ хан-заманна барт чӀагӀбийр бу. Цу ворхӀ заманан эханехь дийнаташ дагош сагӀа даккхар а, кхийолчу хӀуманийн сагӀа даккхар а сацор ду цо. Ткъа Делан цӀийнан уггар лекхачу меттехь вас еш йолу къемате хӀума дӀахӀоттор ю цо, билгалъяьккхина йолу чаккхе шена тӀекхаччалц».
Copyright information for
CheCAC2012