Deuteronomy 1
Дуьххьарлера дешнаш
1ХӀара дешнаш Муса-пайхамаро аьлла дара массо а исраилхошка, Йордан-хина малхбузехьа йолчу яьссачу аренгахь, Ӏариба-тогӀи чохь, Суп олучу меттигна дуьхьал уьш болчу хенахь. Цигахь цхьана агӀор Паран-аре яра, ткъа Тупал а, Лабан а, Хьацерут а, ДизахӀаб а вукху агӀор яра. 2(СеӀир-лаьмнашкахула воьдуш, Хьарибара Кхадеш-БарнаьӀе боьду некъ дукхахьолахь цхьайтта дийнахь баллал бу.) 3ШовзткъалгӀачу шеран цхьайтталгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь бинера Муса-пайхамаро хӀара хьехамаш массо а исраилхошна. Цо дийцинарг дерриг а Везачу Эло царах шайх лаьцна тӀедиллинарг дара. 4 aХьешбон-гӀалахь олалла деш хиллачу эмархойн паччахьна Сихьонна тӀехь а, Ӏаштарат-гӀалахь а, ЭдреӀи-гӀалахь а олалла деш хилла волу Башан-мехкан паччахьна ӀовгӀина тӀехь а Мусас толам баьккхинчул тӀаьхьа дара иза. 5Йордан-хина дехьа болчу муабахойн махкахь, исраилхой хӀокху товрат-хьехамах кхето дӀаволалуш, Муса-пайхамаро иштта аьлла: 6«Вайн Везачу Дала, вайга Хьарибехь Ша вистхуьлуш, иштта элира: „Тоьар ду шуна хӀокху ламан уллохь севцина Ӏан! 7Хьала а гӀовттий, новкъа довла, дӀагӀо лаьмнашца болчу эмархойн махка а, гонах мел долчу къаьмнийн меттигашка а: Ӏариба-тогӀене, лаьмнашка, малхбузерчу акъарешна тӀе, НегӀаб-аренга, хӀордан йистошка. КанаӀанхойн махка а, сийлахьчу Эпрат-хина тӀекхаччалц Ливанун-махка а дӀагӀо. 8ХӀара латта Ас хӀинца шуна дӀалуш ду. Чу а гӀортий, шайн дола даккха и латта, хӀунда аьлча Везачу Эло шун дайшна, – ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а, – царна тӀаьхьа йолчу церан тӀаьхьенна а дӀалур ду аьлла ваӀда дина латта ду иза“».Муса-пайхамаро кхелахой дӀахӀиттабар
(Арадаккхар 18:13-27)
9«Аса оцу хенахь шуьга иштта элира: „Суна сайна шу лело хала ду. 10Шайн Везачу Дала шу дебийтина, хӀинца шу, стигалара седарчий санна, дукха ду. 11Шун дайн Везачу Дала шу хӀинца долчул кхин а эзарза деба а дебийтойла, декъал а дойла, шуьга Ша ма-аллара. 12Амма шун халонашший, шун баланийн моххьий, шун девнашший ас-айса муха дӀакхоьхьур ду? 13Шайн-шайн тайпанашкара хьекъале а, кхетаме а, зийна а болу нах схьахаржа. ТӀаккха ас уьш, шуна тӀехь хьаькамаш а бина, дӀахӀиттор бу“. 14Аша соьга жоп делира: „Дика гӀуллакх юкъадалийна ахь“, – аьлла. 15Ас шун тайпанашкара уггар а хьекъаленаш, кхетаменаш, зийнарш схьа а эцна, шуна тӀехь хьаькамаш хила дӀахӀиттийра: эзарна а, бӀенна а, шовзткъе иттанна а, итт стагана а тӀехь болу хьаькамаш. Важа нах ас, тӀехьоьжурш а бина, дӀахӀиттийра шун тайпанашкахь. 16Аса оцу хенахь шун кхелахошка омра дира: „Шайн къомах болчеран гӀуллакхашка ладогӀа, царна юкъахь нийса кхел е, шайн къомах волчуьнца я тӀевеанчуьнца и гӀуллакх доьзна делахь. 17Кхел ечохь озабезамаш ма бе, лараме боцучара а, цӀеяханчара а бохучун тергам бе. Муьлххачу а адамах ма озало, хӀунда аьлча кхел – Делан гӀуллакх ду. Кхел ян шайна хала хета гӀуллакх суна тӀе схьада, ас ладугӀур ду цуьнга“. 18Аса хӀетахь шуна тӀедиллира аша дан мел дезарг».Кхадеш-БарнаьӀара латта талла нах новкъа бохуьйту
(Лелар 13:1-33)
19«Хьарибара ара а девлла, вайн Везачу Дала тӀе-ма-диллара дӀа а оьхуш, эмархойн лаьмнашна тӀе доьлхуш, шуна гиначу йоккха а, къемате кхераме а йолчу яьссачу аренгахула чекх а довлуш, вай Кхадеш-БарнаьӀе кхечира. 20ТӀаккха ас шуьга иштта элира: „Вайн Везачу Дала вайна схьалуш болчу эмархойн лаьмнашна тӀе даьхкина шу. 21Шун Везачу Дала шуна дӀалуш ду хӀара латта. Шун дайн Везачу Дала шайга ма-аллара, дӀа а гӀой, и латта шайн дола даккха. Кхера а ма ло, дог доьхна а ма хила“. 22Амма аша массара а, суна тӀе а даьхкина, элира соьга: „Ваьшна хьалхара нах бохуьйтур бу вай, цаьрга и латта таллийтархьама а, вай даха дезаш болчу некъах а, вай тӀегӀур долчу гӀаланех а лаьцна ваьшка хаам байтархьама“. 23И къамел суна хазахийтира, цундела ас шун хӀора тайпанна юкъара цхьацца стаг хаьржира. 24Уьш, дӀа а бахана, лаьмнаш тӀе а бевлла, Ашкул-тогӀенна тӀе а кхаьчна, цуьнга бӀаьрг а тоьхна, дӀасахьаьвсира. 25Оцу лаьтта тӀера стоьмаш, шайн кара а эцна, вайна схьабеара цара. Вайна хаам а бахьаш, цара иштта элира: „Мел хаза ду вайн Везачу Дала вайна схьалуш долу латта“. 26 bАмма шуна цига даха ца лиира. Шу шайн Везачу Дала бохучунна дуьхьалдевлира. 27Шайн четарш чохь яппарш а еш, аша бохура: „Везачу Эло Шена ца дезарна арадаьхна вай Мисар-махкара, эмархойн кара дӀа а делла, хӀаллакдархьама. 28Стенга даха деза вай? Вайн вежарша вайн дегнаш малдина: ‘И халкъ алсам ду, вайл дукха а, лекха а ду. Цигара гӀаланаш яккхий а ю, стигала кхаччал лекха чӀагӀонаш йолуш а ю. Цул совнаха, Ӏаьнакх цӀе йолчу турпалх схьабевлларш а гира тхуна цигахь’, – бохуш“. 29Ас шуьга элира: „Кхера а ма ло, оза а ма ло царах. 30Шун Веза Дела шуна хьалхаваьлла воьдуш ву. Цо шуьгахьа тӀом бийр бу, Мисар-махкахь шун бӀаьргашна гина ма-хиллара. 31 cЯьссачу арахь а шуна изза гинера. Шаьш кху меттиге схьакхаччалц аша бинчу новкъахь, адамо шен бер санна, шу леладора шун Везачу Дала, шуна гина ма-хиллара“. 32 dИ дерриг а шайна гуш доллушехь, тӀаккха а шайн Везачу Делах ца тешара шу. 33Иза шуна хьалха ваьлла лелара, шуна совца меттигаш лоьхуш. Иза буьйсанна цӀарца хуьлура, шу даха деза некъ шуна гайтархьама, ткъа дийнахь мархица хуьлура».Исраилан къомана дина таӀзар
(Лелар 14:20-45)
34 e«ТӀаккха, шун дешнаш дӀахезча, Веза Дела оьгӀазвахара. Цо чӀагӀо йира: 35„ХӀокху адамийн телхинчу гаранна юкъара цхьана а адамна гур дац, шун дайшна Ас лур ду аьлла, ваӀда дина долу дика латта, – аьлла. – 36И латта Епунин кӀант волчу Килабана бен гур дац. Иза лелла латта Ас цунна дӀалур ду, цунна а, цуьнан кӀенташна а, иза кхоччуш Веза Эла волчу Суна тӀаьхьа хӀоттарна“. 37Шу бахьана долуш Веза Эла суна а оьгӀазвахана. Цо элира: „Хьо а вер вац оцу лаьтта тӀе. 38Хьан гӀоьнча волу Нунин кӀант ЮшаӀ вер ву оцу лаьтта тӀе. Иза тӀечӀагӀве, хӀунда аьлча Исраилан къоме оцу лаьттан дола дойтур ду цо“. 39Аша царах лаьцна, уьш мостагӀийн хӀонс хилла дӀахӀуьттур ду, баьхна долу а, хӀинца а дика а, вон а хӀун ду ца хууш долу а шун бераш девр ду оцу лаьтта тӀе. Ас и латта царна лур ду, ткъа цара иза шайн дола доккхур ду. 40Ткъа шу, дӀа а дерзий, Эрзийн-хӀордана тӀе боьдучу новкъахула яьссачу аренга дӀагӀо. 41ХӀетахь, соьга жоп а луш, аша элира: „Тхайн Везачу Далла дуьхьал къа латийна оха. Цига а дахана, тхан Везачу Дала ма-бохху, тасалур ду тхо“. Шух хӀораммо а тӀемалочун хуьлучу герзаца гӀодаюкъ йихкира. Иза атта а хеташ, лаьмнашна тӀе довла сацам бира аша. 42Амма Везачу Эло соьга иштта элира: „ДӀаала цаьрга: ‘Ма довла лаьмнашна тӀе, ма бе тӀом, шайн мостагӀашка шаьш эша ца дайтархьама, хӀунда аьлча Со шуна юкъахь хир вац’“. 43Ас иштта бехира шуьга, амма аша соьга ла ца дуьйгӀира. Шу Везачу Элан лаамна дуьхьалдевлира. Шайн юхахьаралла бахьана долуш шу лаьмнаш тӀе девлира. 44Оцу лаьмнашна тӀехь бехаш болу эмархой дуьхьалбевлира шуна. Цара шу, накхармозаша дийриг а дина, лаьхкира. Цара шу эшадора СеӀир-лаьмнашкара ур-атталла Хьормина тӀе кхаччалц йолу меттигашкахь. 45ТӀаккха, юха а дирзина, Везачу Элана хьалха дилхира шу. Амма Везачу Элана шун маьхьарий а ца хезира, Цо шун тергам а ца бира».Яьссачу аренгахь даьхна шераш
«Иштта, дикка хан яьккхира вай Кхадешехь».46
Copyright information for
CheCAC2012