Deuteronomy 11
Делан сийлахьалла диц ца дайта беш болу хьехам
1«Иштта, шайн Веза Дела везалаш. Ларделаш Цо шайна лардан тӀедиллинарг а, Цуьнан парзаш а, тӀедехкинарш а, весеташ а массо а деношкахь. 2Дагадаийта шайна, со шун берашка вистхуьлуш воцийла. Царна хиъна а дац Везачу Дала шу нисдинийла, царна гина а дац Цуьнан возалла, Цуьнан онда куьг, Цуьнан схьакховдийна пхьарс, 3 aЦуьнан тамашийна билгалонаш, Цуьнан гӀуллакхаш, Цо Мисар-мехкан паччахь волчу пирӀунна а, цуьнан халкъана а дина долу. 4 bШун берашна ца гина Цо мисархойн эскарх, говрех, гӀудалкхех динарг. Уьш ерриш а Эрзийн хӀорда чохь дӀахьулйинера Цо, уьш шуна тӀаьхьабевллачу хенахь. Таханлерчу денна тӀекхаччалц Везачу Эло уьш хӀаллакбина латтийра. 5Шу хӀокху метте схьакхаччалц, Цо шуна яьссачу аренгахь динарг шун берашна ца гина. 6 cРаабанхочун Элиабан кӀенташна Датанна а, Абирамна а динарг шун берашна ца гина. ХӀетахь, латта дӀаса а декъаделла, уьш берриш а Исраилан халкъана юкъара лаьтто дӀаийцира: церан доьзалш а, церан четарш а, церан мел хилла болу бахам а. 7Везачу Эло мел дина долу сийлахь гӀуллакхаш гинарш шун бӀаьргаш бара».Халкъана кхочун долчу лаьтта тӀехь Дала лун долу дика
8«Шу Йордан-хина дехьадевлча, тахана ас шайна тӀедуьллуш долу Делан дерриг а весеташ ларделаш, цигара долу латта, чу а гӀоьртина, шайн дола даккхал ницкъ шайн хилийтархьама. 9Везачу Эло, чӀагӀо а йина, шун дайшна а, церан тӀаьхьенна а лур ду аьллачу, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу оцу лаьтта тӀехь дехха дахар шун хилийтархьама, ларделаш и весеташ. 10Шайна схьадаккха шу тӀедоьлху и латта шу арадевллачу Мисар-мехкан лаьттах тера дац. Цигахь аша, хӀуш тесначул тӀаьхьа, лаьттана, хасстоьмийн бешана санна, шайн куьйгийн ницкъаца хиш дохкура. 11Ткъа шу шайн дола даккха тӀедоьлху и латта лаьмнаш а, тогӀеш а йолуш ду. Оцу лаьтто стигаларчу догӀанийн хи молу. 12Шун Везачу Дала гӀайгӀа еш долчу оцу лаьтта тӀехь даим бу шун Везачу Делан бӀаьргаш: шеран коьртера дуьйна схьа и шо чекхдаллалц. 13 dТахана шайга деш долчу Сан весеташка аша леррина ладогӀахь, – шайн Веза Дела шуна везахь, Цунна даггара а, мел долчу синца а аша гӀуллакх дахь, – 14Ас шун лаьттана шен-шен хенахь догӀа лур ду, хьалххе догӀург а, тӀаьхьо догӀург а. ТӀаккха аша шайн ялта а схьагулдийр ду, шайн чагӀар а, шайн зайтдаьтта а доккхур ду. 15Ас шун аренашкахь шун бежанашна буц лур ю, тӀаккха юуш а, дузуш а дехар ду шу. 16Варелаш, ларлолаш, шайн дегнаш Ӏеха ма далийталаш, Везачу Элах дӀа а дирзина, кхечу деланашна гӀуллакх а деш, Ӏибадат а деш дӀахӀиттарх. 17ТӀаккха Везачу Элан оьгӀазалла, яьлла цӀе санна, шуна дуьхьал ер ю, Цо стигал дӀакъовлур ю, догӀа цигара ца даийтархьама. Цундела лаьтто шен ялта лур дац. ТӀаккха шун Везачу Эло шуна луш долчу дикачу лаьтта тӀехь шу кестта хӀаллакьхир ду. 18 eЦундела хӀара сан дешнаш шайн дегнаш чу а, синош чу а дӀадахка, дӀаяздина долу и дешнаш шайн куьйгаш а, хьаьжнаш а тӀе дӀадехка, уьш дагадаийтархьама. 19Шайн кӀенташна хьеха уьш, дийца царах лаьцна шайн цӀенош чохь хевшина Ӏаш а, шаьш некъ беш а, шаьш дӀадуьйшуш а, хьалагӀовттуш а. 20ДӀаязде уьш шайн неӀсагӀанаш тӀе, шайн кевнаш тӀе, 21Везачу Эло шун дайшна дӀабала чӀагӀо йинчу махкахь шун а, шун берийн а дахаран денош шортта хилийтархьама. Лаьтта тӀехула стигал мел хуьлу дехар ду шу цигахь. 22Нагахь санна Ас шуьга кхочушдайта деш долу и дерриг а весеташ аша лардахь, – шайн Веза Дела шуна везахь, Цуьнан массо а некъашца шу лелахь, Цуьнгахьа дирзина шу хилахь, – 23Везачу Эло и дерриге а халкъаш шуна хьалхара дӀалохкур ду, тӀаккха шун халкъал дукха долчу а, ницкъ болчу а халкъийн латта шайн дола доккхур ду аша. 24 fАш ког мел баьккхина латта шун хир ду. Яьссачу аренгара Ливанун-махкана тӀекхаччалц, Эпрат-хина тӀера Дуьненаюккъерачу хӀорда тӀе кхаччалц хир ду шун дозанаш. 25Цхьа а латталур вац шуна дуьхьал: шун Везачу Дала, Ша чӀагӀо ма-ярра, аша ког мел баьккхина долчу муьлххачу а лаьттана кхерам тосур бу, уьш, кхоьруш, бегор бу. 26Хьажал, тахана ас шуьга харжам бойту: Дала шу декъалдар я шуна неӀалт кхайкхор. 27Нагахь санна тахана ас деш долчу шун Везачу Делан весеташка аша ладогӀахь, шу декъалдина хир ду. 28Нагахь санна аша шайн Везачу Делан весеташка ла ца догӀахь, тахана ас весет деш болчу некъа тӀера шу дӀадерзахь, хьалххе шайна бевзаш боцучу кхечу деланашна тӀаьхьа шу хӀиттахь, шуна неӀалт кхайкхор ду. 29 gШун Везачу Дала шайн дола даккха тӀедуьгучу лаьтта тӀе шу далийча, Герзим-лам тӀера декъалдаран дешнаш дӀаала, ткъа Ӏейбал-лам тӀера неӀалт кхайкхоран дешнаш дӀаала. 30(Уьш Йордан-хина дехьа бу, коьртачу некъана малхбузехьа, МорахӀ олучу ножан дитташна уллохь, Ӏариба-тогӀи чохь бехачу канаӀанхойн лаьтта тӀехь йолчу Галгал-гӀалина юххехь.) 31Шун Везачу Дала шуна дӀалуш долу латта шайн дола даккхархьама, шу кестта Йордан-хина дехьадевр ду. И латта схьа а лаьцна, шу оцу тӀехь дехар долчу хенахь, 32тахана ас шайга дӀакховдош долу Цуьнан массо а парзаш а, тӀедехкинарш а леррина кхочушделаш».
Copyright information for
CheCAC2012