Deuteronomy 12
Ӏибадат деш цхьа меттиг хила езарх лаьцна
1«ХӀорш ду шун дайн Дела волчу Везачу Эло шуна дӀалуш долчу лаьтта тӀехь шу мел деха шуьга кхочушдайта делла парзаш а, тӀедехкинарш а. 2Аша дӀалохкуш долчу халкъаша шайн деланашна Ӏамал еш йолу ерриге а меттигаш – лекхачу лаьмнаш тӀера, баьрзнаш тӀера, муьлххачу а дӀасадаьржина гаьннаш долчу диттана кӀелара – йохаяй дӀаяха. 3 aЦеран сагӀа доккху меттигаш йохаелаш, харцделанашна хӀиттийна церан тӀулгаш аталаш, Ашера-далла лерина долу церан дечиган бӀогӀамаш дагаде, церан цӀу-деланаш дӀахедабелаш, оцу харцделанийн цӀераш а дӀаяхалаш оцу меттера. 4Оцу халкъаша харцделанашна Ӏибадат даре терра шайн Везачу Далла Ӏибадат ма делаш. 5Ткъа Шен цӀе йоккхуьйтур йолчу а, шайн Везачу Дала шайн массо а тайпанийн меттигашна юкъахь схьакъастор йолчу а меттигна шу тӀе а дерза, цига а дуьйла. 6Цигахь даха шайн дийнаташ дагоран сагӀанаш а, кхидолу сагӀанаш а, шайна са йоккхучух луш долу уьтталгӀа дакъа а, шайн совгӀаташ а, шаьш йинчу чӀагӀонца а, шайн лаамца а луш долу сагӀанаш а, шайн бежанех схьадевлла долу дуьххьарлера эсий а, иштта уьстагӀех схьадевлла долу дуьххьарлера Ӏахарий а даладе цу метте. 7Цигахь шайн Везачу Далла хьалха яа а яа, иштта шу а, шун доьзалш а шайн куьйгашца шаьш дина долчу массо а хӀуманах а, шайн Везачу Дала шу декъалдарх а самукъадолуш а хила. 8Аша цигахь, оха кхузахь хӀинца ма-дарра, дан ца деза и дерриге а. ХӀинццалц шух хӀораммо а шена-шена нийса хетачу кепара сагӀанаш дохура. 9Шу цкъа хӀинца а паргӀато йолчу а, шун Везачу Дала шайна кхочуьйтучу лаьтта тӀе ма ца девлла. 10Ткъа Йордан-хина дехьа а девлла, шун Везачу Дала шайн дола доккхуш долчу декъа тӀехь шу даха хевшича, шуна го бинчу массо а мостагӀех Цо, шу паргӀат а даьхна, шуна синтем бича, шу кхерам боцуш дехар ду. 11ТӀаккха схьадалаш шайн Везачу Далла Ша Ӏайтархьама схьахаржор йолчу меттиге ас шайна весет дина долу дерриге а: дийнаташ дагоран шайн сагӀанаш а, шайн кхидолу сагӀанаш а, шайна йолучу санан уьтталгӀа дакъош а, шайн совгӀаташ а, иштта шайн Везачу Далла, ваӀда а деш, шаьш йинчу чӀагӀонца къастийна мел дерг а. 12Цигахь самукъане даккхийде шайн Везачу Далла хьалха – шу а, шун кӀентий а, шун йоӀарий а, шун леш а, гӀарбашаш а, иштта шайн гӀаланашкахь Ӏаш болу левихой а (шуна санна царна лаьттан дакъа ца кхочу, церан долахь латта хир дац). 13Ларлолаш, шайна гинчу муьлххачу а меттехь шайн дийнаташ дагоран сагӀанаш дахарх. 14Мелхо а, Везачу Эло шун тайпанийн латтанашна юкъара схьакъастийначу меттехь бен дийнаташ дагоран сагӀанаш бен ма дахалаш, ткъа ас шуна тӀе мел диллинарг цигахь бен кхочуш ма делаш. 15Вуьшта-м, шу мел дехачу гӀаланашкахь шайн бежанашна урс хьакха мегар ду шуна. Шун Везачу Дала шу декъалдаре хьаьжжина, церан жижиг даа мегар ду шуна. Далла хьалха цӀена волчунна а, цӀена воцчунна а даа мегар ду иза, масаран а, сен а жижиг санна. 16 bАмма, варелаш, дийнатийн цӀийца долу дилха ма даалаш, хи санна, лаьтта тӀе дӀаӀанаделаш иза. 17Шайн Ӏаш йолчу меттигашкахь даа мегар дац шайн кӀен а, керлачу чагӀаран а, зайтдаьттан а Далла луш долу уьтталгӀа дакъа а, шун бежанех схьадевлла долу дуьххьарлера эсий а, шун уьстагӀех схьадевлла долу дуьххьарлера Ӏахарий а, ваӀданца аша Далла лун мел йолу хӀума а, шайн лаамца дӀалуш долу сагӀанаш а, Далла лерина кхидолу шун совгӀаташ а. 18Амма иза шун Везачу Далла хьалха бен ма яалаш, шун Везачу Дала схьакъастор йолчу меттехь – аша а, шун кӀенташа а, шун мехкарша а, шун леша а, шун гӀарбашаша а, шун гӀаланашкахь Ӏаш волчу левихоша а. Даккхийде шайн Везачу Далла хьалха шун куьйгаша мел динарг бахьана долуш. 19Варелаш, шайн лаьтта тӀехь шу мел деха, левихой дӀа ма татталаш. 20Шун Везачу Дала, Ша шуьга ма-аллара, шун дозанаш шордича, аша иштта аьлча: „Жижиг даа лаьара тхуна“, – шайна ма-дезза жижиг даа мегар ду. 21Нагахь санна шун Везачу Дала Шен цӀе яккхийта схьакъастийна йолу меттиг шуна уллора дукха гена елахь, шайна шун Везачу Дала деллачу шайн бежанна я уьстагӀна урс хьакха мегар ду, ас тӀе-ма-диллара, шу мел дехаш йолчу гӀаланашкахь шайн лаамца иза даа а мегар ду. 22Иза масаран а, сен а жижиг дууш санна даалаш. Далла хьалха цӀена волчо а, цӀена воцучо а даа мегар ду иза шу долчохь. 23 cАмма, варелаш, цӀий даарх чӀогӀа ларлолаш, хӀунда аьлча цӀий – иза са ду, жижигца цхьаьна иза ма даалаш. 24Ма даалаш иза, хи санна, дӀаӀанаделаш иза лаьтта тӀе. 25Ма даалаш иза, шайна а, шайн берашна а шул тӀаьхьа а даим дика хилийтархьама, хӀунда аьлча оцу тайпана шайн Везачу Делан бӀаьргашна хьалха нийса дерг деш ду аша. 26Деккъа шайн хир долу деза хӀума а, шаьш йинчу чӀагӀонца дерг а дахьаш схьадуьйла шайн Везачу Дала схьакъастор йолчу меттиге. 27Дийнаташ дагоран сагӀанийн жижиг а, цӀий а шайн Везачу Делан сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь даха дезаш ду. Кхидолчу сагӀанийн цӀий хьайн Везачу Делан сагӀа доккхучу кхерчана уллохь дӀаӀано дезаш ду, ткъа оцу сагӀанийн жижиг аша даа мегар ду. 28Хьажал, леррина кхочушде аса шуна тӀедуьллуш долу хӀара дерриге а дешнаш. Аша иза дахь, шуна а, шул тӀаьхьа долчу берашна а дика хир ду, хӀунда аьлча цу тайпана, шайн Везачу Делан бӀаьргашкахь дика а, нийса а дерг деш лелаш хир ду шу».ЦӀушна Ӏамалъярх лардаларх лаьцна
29«Шайн дола даккха шу чугӀуртучу лаьтта тӀера халкъаш шун Везачу Дала дӀадаьхча, аша уьш цигара дӀа а лаьхкина, церан лаьтта тӀехь шу даха охьахевшича, 30ларлолаш речӀанна чу нисдаларх. Уьш шайн хьалхара хӀаллакдина дӀадаьхча, царна тӀаьхьа шу ма довлалаш, церан деланаш леха ма долалолаш, ма бахалаш вовшашка: „ХӀокху халкъаша шайн деланашна гӀуллакх ма-дарра, оха а дийр ду“. 31Шайн деланашна цара Ӏамал ечу кепара шайн Везачу Далла Ӏамал ма елаш, хӀунда аьлча цара шайн деланашна мел дийриг Везачу Элана дегаза хетарг а, ца дезарг а ду. Цара ур-атталла шайн кӀентий а, шайн йоӀарий а, шайн деланашна лоруш, цӀергахь багабо. dАс шайга весет мел динарг кхочушдан хьовсалаш. Цхьа а хӀума тӀе а ма тохалаш, дӀа а ма даккхалаш».32
Copyright information for
CheCAC2012