‏ Deuteronomy 13

1«Нагахь санна шуна юкъахь цхьа пайхамар я цхьа гӀенаш гург хаалахь, цо шуна тамашийна билгалонаш, я инзаре хӀуманаш довзийтахь, 2ткъа йийцина йолу тамашийна билгалонаш а, инзаре хӀуманаш а кхочуш а хилла, цара иштта алахь: „Кхечу деланашна тӀаьхьа а хӀуьттур ду вай, царна гӀуллакх а дийр ду вай“, и деланаш шуна бевзаш ца хиллехь а, – 3ахьа оцу пайхамаре я оцу гӀенаш гуш волчуьнга ла ма догӀалахь, хӀунда аьлча ишттачу хӀуманашкахула шу зуьйш ду шун Везачу Дала. Цунна хаа лаьа, шайн Веза Дела шайн мел долчу дагца, шайн мел долчу синца шуна везий те. 4Шайн Везачу Далла тӀаьхьахӀитталаш, Цуьнга ларамах дуьзна хилалаш. Цуьнан весеташ ларделаш, Цуьнан озе ладогӀалаш, Цунна гӀуллакх делаш, Цунна тӀетовжалаш. 5Ткъа и пайхамар я и гӀенаш гург Ӏожаллин кара дӀало, шу Мисар-махкара арадаьхначу а, лоллин цӀийнара паргӀатдаьхначу а шайн Везачу Делах шу дӀадерзийтархьама къамелаш ишттачу наха до дела. Ткъа царна шу галдаха ма лаьа шун Везачу Дала весет дина болчу некъа тӀера. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха.

6Хьан ваша, я хьан кӀант, я хьан йоӀ, я хьан хьоме зуда, я хьан доттагӀа, хьуна хьайн са санна везаш волу, къайлаха хьо леван гӀорта мега: „Вало, кхечу деланашна гӀуллакх деш лелар ду вай“, – бохуш. Делахь а, хьуна а, хьан дайшна а бевзина ца хилла и деланаш. 7Уьш хьуна гонах долчу, хьуна уллохь а, генахь а долчу, дуьненан цхьана йистера вукху йистехь долчу халкъийн деланаш хила мега. 8Хьо реза а ма хилалахь, цуьнга ла а ма догӀалахь. Хьан бӀаьргашна цунах къа ма хетийла. Цунах къинхетам а ма бе, иза хьул а ма ве. 9Амма иза вей дӀаваккха. Уггар а хьалха хьан куьг хила деза цунна тӀе айина, иза верхьама. Цул тӀаьхьа дерриг а халкъан куьг хила деза цунна тӀехь. 10Цунна и валлалц тӀе тӀулгаш кхисса, Мисар-махкара, лоллин цӀийнара, хьо араваьккхинчу хьан Везачу Делах хьо дӀаверзийта уьш гӀерта дела. 11Иза дӀа а хезна, Исраилан дерриг а халкъ кхералур ду. ТӀаккха шуна юкъахь иштта зулам кхин дийр дац.

12Шун Везачу Дала шуна даха охьаховша луш йолчу гӀаланашна юкъара цхьана гӀаланах лаьцна шайна хаза там бу шуна, 13шуна юкъара Делан лаамехь боцу нах гучубевлла бохуш. Цара гӀалин бахархой Ӏехийна: „Дуьйло, кхечу деланашна гӀуллакх дийр ду вай“, – бохуш. Ткъа и деланаш шуна ца бевза. 14Ахь оцу хӀуманах лаьцна хаттарш де, и хӀума дикка талла. Нагахь аьлларг бакъ делахь, нагахь и дегаза дерг шуна юкъахь баккъалла а нисделлехь, 15оцу гӀалин массо а бахархой тур хьаькхна хӀаллакбелаш. Ерриг а гӀала, Далла леринан дӀа а къастийна, цуьнан бахархошца а, бежанашца а тур хьаькхна дакъазаяккха. 16Ткъа гӀали чохь йолу ерриге а хӀонс майданна юккъе схьагулъе. ГӀала а, цуьнан мел йолу хӀонс а цӀерца ягае, шун Везачу Далла лерина долу сагӀа санна. Латтийла и гӀала даим саьлнаш а хилла, цкъа а юхаметтахӀоттийна хила ца еза иза. 17Дакъазадаккха Далла дӀакъастийначух цхьа а хӀума шун куьйгех ма хьакхалойла, Везачу Эло, Шен оьгӀазалла дӀа а яьккхина, шуна Шен дика далийтархьама. Иза иштта делахь, Цо шух къинхетам бийр бу, шу доьбуьйтур а ду, шун дайшна Ша чӀагӀо ма-ярра. 18Иштта хир ду, нагахь санна, ас хӀинца деш долу Цуьнан весеташ кхочуш а деш, Цуьнан бӀаьргашкахь нийса дерг а деш, шайн Везачу Деле аша ладогӀахь».
Copyright information for CheCAC2012