d Арадаккхар 23:19; 34:26.
Deuteronomy 14
Веллачунна саготта хилар
1 a«Шу – шайн Везачу Делан бераш ду. Шайн дегӀа тӀехь цхьа а чов ма елаш, шайн хьаьжнаш тӀера чоьш дӀа ма дашалаш, стаг велла дела, шайн сингаттам гайта гӀерташ. 2 bХӀунда аьлча хьо хьан Везачу Далла дӀакъастийна деза халкъ ду. Дуьнен тӀера дерриг а халкъашна юкъара Цо къастийна хьо, Шен долахь долу жовхӀар хилийтархьама».Хьаналчу а, хьарамчу а дийнатех лаьцна
(Ӏамалъяр 11:1-47)
3Мусас кхидӀа а элира: «Везачу Элана дегаза хетачех цхьа а хӀума ма яалаш. 4ХӀорш ду шуна даа мегаш долу хьайбанаш: стерчий, уьстагӀий, гезарий, 5сенаш, масарш, шоьккареш, хьехарий, тайп-тайпана лунаш, акха гезарий. 6КӀоргга харш а долуш, бергаш шина декъе екъаелла долу а, нох дохуш долу а муьлхха а дийнат даа мегар ду. 7Делахь а, нох доккхуш долчех я кӀоргга харш а долуш, бергаш екъаеллачех хӀорш ма даалаш: эмкалш, пхьагалш, гӀамарпхьагалш. Уьш нох доккхуш елахь а, церан бергаш екъаелла яц. Уьш шуна хьарам ю. 8Иштта хьакха а ю шуна хьарам. Цуьнан бергаш екъаелла ю, амма цо нох ца доху. Цу дийнатийн жижиг а ма даа, церан чархех куьг а ма Ӏотта. 9Хи чохь дехачу дийнатех кӀеда а, онда а пелагаш дерш даа. 10Ткъа пелагаш доцурш ма даа: уьш шуна хьарам ду. 11Олхазарех а даа хьанал дерш. 12Амма царах долу хӀорш даа мегар дац: аьрзу а, ломъаьрзу а, боца ког болу аьрзу а, 13шен тайпанашца маккхал а, шен тайпанашца леча а, 14шен тайпанашца муьлхха къиг а, 15страус а, бухӀа а, чайка а, шен тайпанашца куьйра а, 16соька а, ибис а, кӀайн бухӀа а, 17пеликан а, сип а, чӀерийдохург а, 18аист а, шен тайпанашца зуя ▼▼Зуя – иза чӀерий лоьцургийн тайпанах долу олхазар хила тарло.
а, хӀуттут а, бирдолаг а. 19ТӀемаш долу дерриг а сагалматаш а хьарам ду шуна. Уьш ма даалаш. 20Ткъа тӀемаш долчу дийнатех муьлхха а хьанал дерг даа мегаш ду. 21 dЦхьа а къеелла йолу хӀума ма яа, муьлхачу шун гӀаланашкахь вехаш волчу тӀевеанчу стагана дӀало иза. Цуьнга яийта иза, я кхечу къомах волчунна дӀадохка и жижиг, хӀунда аьлча хьо хьан Везачу Делан деза халкъ ду. Буьхьиган жижиг цуьнан ненан шури чохь ма кхехкаде». Кхиийначух уьтталгӀа дакъа дӀадаларх лаьцна хьехам
22 e«ХӀора шарахь шайн кхашна тӀехь, хӀу а тесна, айхьа кхиийна долчух уьтталгӀа дакъа дӀакъастаде. 23Шайн Везачу Далла хьалха, Ша Ӏайтархьама Цо схьахоржур йолчу меттигехь, даалаш шайн ялтин, шайн чагӀаран, шайн зайтдаьттан уьтталгӀа дакъа а, шайн бежанийн дуьххьарлера эса а, шайн уьстагӀийн дуьххьарлера Ӏахар а. Иза де шаьш мел деха, шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила Ӏамархьама. 24Нагахь санна шун Везачу Дала Шен цӀе яккхийта схьакъастор йолу меттиг гена йолу дела, и некъ шуна беха белахь, шайн Везачу Дала шу декъалдина хиларна уьтталгӀа дакъа цига шу дӀадахьалуш дацахь, 25и дерриге а детих хийца. ТӀаккха и дети шайн куьйга а диллий, шун Везачу Дала схьакъастор йолчу меттиге схьадуьйла. 26Ткъа оцу детих шайн дагна мел дезнарг схьаэца: стерчий, уьстагӀий, чагӀар, кхидолу маларш, шайна мел луург. ТӀаккха цигахь, шун Везачу Далла уллохь, и хӀуманаш яа, иштта сакъералуш а хила. 27Шайн гӀаланашкахь болу левихой биц ма белаш, хӀунда аьлча церан долахь, шун санна, шайн лаьттан дакъа дац. 28Кхо шо хан яьлча, шаьш кхиийна долчух уьтталгӀа дакъа дерриге а дӀа а къастадай, оццу шарахь шайн гӀаланашкахь дӀадилла. 29ТӀаккха левихой а (церан долахь, шун санна, лаьттан дакъа ца хиларна), тӀебаьхкина нах а, бай а, бисина зударий а схьабахкийта, оцу уьтталгӀачу дакъойх цаьрга даийта а, бузийта а, шун куьйгаша деш долчу муьлххачу а гӀуллакхашна тӀехь шун Везачу Деле шу декъалдайтархьама».
Copyright information for
CheCAC2012