Deuteronomy 19
ДӀалочкъийла йолу гӀаланаш
(Лелар 35:9-34; ЮшаӀ 20:1-9)
1 a«Шун Веза Дела шуна схьалуш долчу лаьтта тӀера къаьмнаш хӀаллакдина ваьлча, аша церан латта шайн дола доккхур ду, церан гӀаланашкахь а, цӀеношкахь а даха а ховшур ду шу. 2ТӀаккха шун Везачу Дала шуна дӀалуш долчу шайн лаьттана юккъехь шайна кхо гӀала дӀакъастае. 3Шайн Везачу Дала шайн дола луш долчу лаьттах кхо дакъа а де, хӀора декъа чохь дӀакъастийна йолчу гӀалина тӀедоьлху некъаш а де, адам дийна волчу муьлххачу а стеган цига дӀавада аьтто хилийтархьама. 4Шен са кӀелхьардаккхархьама, оцу гӀаланех цхьаьнга ведда волчу адам дийначу стагах лаьцна долу весет иштта ду. И санна волчу стага ларамаза шена уллораниг вийна хила веза, велларг валале хьалха цуьнца мостагӀалла а доцуш. 5Масала шух шиъ хьуьнах вогӀу дечиг даккха, ткъа дитт хадо хьалхарчу стага диг хьалаайича, оцу дагаро, даганна тӀера а даьлла, шолгӀачу стагана тӀе а кхетта, иза вен тарло. ДӀалочкъийла йолчу гӀаланех цхьанхьа дӀавада мегар ду адам дийна волу иштта стаг, дийна висархьама. 6И гӀаланаш кхоъ ца хилча, некъ беха хиларна чӀир йоькхучо, ша оьгӀазвахханчохь, стаг вийначунна тӀаьхьа а ваьлла, цунна тӀе а кхаьчна, иза вен тарло. Делахь а, оцу стагана вен кхел ца йогӀу, иза хьалха оцу веллачуьнца мостагӀалла долуш ца хилла дела. 7Цундела дина ас хӀара омра: „Шайна кхо гӀала дӀакъастае“, – аьлла. 8– 9Шун Везачу Дала, шун дайшна ваӀда ма-дарра, шун долахь болу мохк алсамбаьккхича, шун дайшка Ша йинчу чӀагӀоне хьаьжжина, Цо дерриге а латта шуна дӀаделча, кхин а кхо гӀала дӀакъастае. (Дала и латта лур ду шуна, нагахь санна тахана ас тӀедуьллуш долу хӀара дерриге а весеташ аша леррина кхочушдахь – нагахь санна шун Веза Дела шуна везахь, шаьш мел деха Цуьнан некъашца шу лелахь.) 10Иза делаш шун Везачу Дала шун дола лур долчу шайн лаьттана юккъехь бехк боцучу стеган цӀий ца Ӏанадайтархьама а, шуна тӀехь цӀий ца хилийтархьама а. 11Амма нагахь санна цхьаъ вукхуьнан мостагӀа а хилла, иза лар а вина, цунна тӀе а кхетта, иза вен а вийна, царах цхьана гӀала дӀавадахь, 12тӀаккха цуьнан гӀаларчу къаноша, иза цигара схьалаца цунна тӀаьхьа нах бахийта беза. И стаг чӀир йоькхучу нехан кара дӀавала веза, иза валийтархьама. 13Шун бӀаьргашна къа ма хетийла цунах. Бехк боцучу стеган цӀий Ӏанор дӀадаккха исраилхошна юкъара, шуна дика хилийтархьама».Латта лачкъорах а, харцтоьшалла дечех а лаьцна
14 b«Шайн Везачу Дала шун дола дӀалуш долчу лаьтта тӀехь а долу, шуна кхочуш долу дакъа дӀакъастош а долу, шайн дайша дӀахӀоттийна а долу шира доза дӀа ма хиладе. 15 cНагахь санна муьлхха а къа латорна тӀехь я зулам дарна тӀехь стаг бехкевеш велахь, цхьа теш хилар ца тоьу. ХӀорра а бехкевар шина я кхаа тоьшалла дечеран багахула бен чӀагӀдийр дац 16Нагахь санна мекара тоьшалла деш волу цхьаъ цхьанна дуьхьалвалахь, цо Ӏесалла ялийтина иза бехке а веш, 17тӀаккха юкъахь дов долу и ший а стаг Везачу Элана а, оцу деношкахь гӀуллакх деш хир болчу динан дайшна а, кхелахошна а хьалха дӀахӀуттийла. 18И гӀуллакх кхел ечара дикка талла деза. Нагахь санна и тоьшалла деш верг харцлуьйш а велахь, цо шен къомах волчунна харцтоьшалла а динехь, 19тӀаккха шен къомах волчунна дан цунна дагадеанарг цунна а делаш. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха. 20Иза кхечарна дӀахезар ду, тӀаккха уьш кхералур бу, иштта зулам шуна юкъахь кхин долуьйтур дац. 21 dКъа ма хетийла цунах шун бӀаьргашна: синах са даккха догӀу, хьайн бӀаьрг баккхахь, цунна дуьхьал бӀаьрг баккха, цергана дуьхьал церг яккха, куьйгах – куьг, когах – ког».
Copyright information for
CheCAC2012