Deuteronomy 2
1 a«Юханехьа а дирзина, яьссачу аренга а девлла, Эрзийн хӀордехьа боьдучу новкъахула дӀадахара вай, Везачу Эло соьга схьа-ма-аллара. СеӀир-лаьмнашна го туьйсуш, дуккха а хан яьккхира вай. 2Цул тӀаьхьа Везачу Эло соьга иштта элира: 3„Тоьар ду шуна хӀокху лаьмнашна гонаш даха, къилбаседехьа дӀадерза. 4 bСеӀир-лаьмнаш тӀехь бехачу шайн гергарчу къомах болчу Ӏесавах схьабевллачийн лаьттахула чекхдовла дохкуш ду шу. Уьш шух кхералур бу, делахь а шу ларлуш хилалаш. 5Аша цаьрца тӀом ма болабелаш, хӀунда аьлча Ас церан латтанех ког тӀебиллал а латта лур дац шуна. СеӀир-лаьмнаш – иза Эдом-мохк бу – Ас Ӏесаван тӀаьхьенна дӀабеллера иза, цуьнан долахь хилийтархьама. 6Юург яа, шайгара дети дӀа а лой, цаьргара эций. Мала хи а схьаэца цаьргара, цунах дети дӀа а лой“. 7Шун Везачу Дала шун куьйгаша мел дечунна тӀехь шу декъалдина. Цо шун дола дина хӀокху йоккхачу а, кхерамечу а яьссачу аренгахула шу леллачу хенахь. ХӀара шовзткъа шо ду шун Веза Дела шуьца волу. Шу цхьана а хӀуманна тӀехь эшам ловш дацара. 8СеӀирехь бехачу вайн гергара къам долчу Ӏесаван тӀаьхьенан лаьтта юххехула тӀех а девлла, Эйлатера а, Ӏецйон-ГӀебарера а боьдучу некъах дӀа а дирзина, Муабин яьссачу аренна тӀедоьлхура вай. 9 cМостагӀалла ма доладелахь муабахошца, ма болабелахь цаьрца тӀом, хӀунда аьлча Аса оцу лаьттах зил а лур бац хьан кара. Ас ЛутӀин тӀаьхьенна дӀаелла Ӏар-гӀала, цаьрга дола дайта». 10(Хьалха цигахь эймимахой баьхнера. И къам нуьцкъала а, алссам а дара. Иза, турпалш болу Ӏаьнакхахой санна, лекха къам дара. 11Ӏаьнакхахой санна, уьш а репахой лорура, ткъа муабахоша царах эймимахой олуш хилла. 12СеӀир-лаьмнаш тӀехь хьалха заманахь хьорихой хилла бехаш. Амма Ӏесаван кӀентий, уьш дӀа а лаьхкина, шайна гучуьра дӀа а баьхна, церан меттигашкахь баха хевшина. Исраилхоша а изза динера Везачу Эло шайн дола деллачу лаьттах.) 13«Везачу Эло элира: „Хьала а гӀовттий, Зерад-татол долчу тогӀенехула чекхдовла“. ТӀаккха вай чекхдевлира Зерад-татол долчу тогӀенехула. 14 dВай Кхадеш-БарнаьӀара арадевллачу хенахь дуьйна Зерад-татол долчу тогӀенехула чекхдовлучу ханна тӀекхаччалц, ткъе берхӀитта шо дӀадаьлла. Вайн къомана юкъара тӀаме дахалуш мел хилла гаранаш хӀаллакьхилла, Везачу Эло царна чӀагӀо йина ма-хиллара. 15Везачу Элан куьг царна тӀедаьхьна ма-дара, уьш хӀаллак а бина, къомана юкъара Цо берриш а дӀабаххалц. 16ТӀаме дӀаэхалуш берш, берриш а хӀаллак а хилла, халкъана юкъара белла дӀабевллачу хенахь, 17Везачу Эло соьга иштта элира: 18„Хьо хӀинца Муаби-махкахула, Ӏар-гӀалина уллохула, чекхволуш ву. 19 eӀамминхошна хьо гергакхаьчча, цаьрца мостагӀалла а ма леладе, цаьрца тӀом а ма бе. Ас Ӏамминхойн лаьттах цхьа а меттиг лур яц хьан кара. Ас и латта ЛутӀин тӀаьхьенна дӀаделла“». 20(И латта репахойн лоруш дара, мацах цигахь репахой баьхна дела. Ӏамминхоша царах замзумхой олура. 21И къам нуьцкъала а, дукха а дара, уьш Ӏаьнакхахой санна, лекха а бара. Везачу Эло и репахой хӀаллакбира Ӏамминхошна хьалхара. Ӏамминхой, уьш ара а баьхна, церан меттигашкахь баха хевшира. 22СеӀир-лаьмнашкахь бехаш болчу Ӏесаван тӀаьхьенах болчеран дуьхьа Везачу Эло изза дира. Царна хьалха Цо хьорихой а хӀаллакбира. Ӏесаван тӀаьхьенах берш, уьш ара а баьхна, церан меттигашкахь баха хевшира. Таханлерчу дийнахь а уьш цигахь бехаш бу. 23Иштта Крит-гӀайренера схьабевлла болу каптӀархой а, Ӏази-гӀалина тӀекхаччалц йолчу ярташкахь баьхна болу Ӏаваймхой хӀаллак а бина, церан меттигашкахь баха хевшира.) 24КхидӀа Мусас элира: «Цул тӀаьхьа Везачу Эло иштта элира: „ХьалагӀовтта, дӀа а гӀой, Арнон-хих дехьадовла. ХӀан, Ас хьан кара дӀало эмархо волу Хьешбон-мехкан паччахь Сихьон а, цуьнан латта а. И латта хьайн кара а дерзош, тӀом бе цуьнца. 25Аса тахана дуьйна шух болу кхерам а, къемат а дӀасадаржор ду стигална кӀел мел долчу халкъашна. Шух лаьцна дӀахезнарш кхералур а бу, Ӏадор а бу“».Сихьон-паччахьна тӀехь толам баккхар
(Лелар 21:21-30)
26«Кхадимут цӀе йолчу яьссачу аренгара Хьешбон-гӀалин паччахь волчу Сихьонна тӀе векалш бахийтира ас, машар а кховдош, хӀара дӀаалийтархьама: 27„Пурба лохьа тхуна хьайн махкахула чекхдовла. Тхо, я аьтту, я аьрру агӀор дӀа ца доьрзуш, нийсса новкъахула дӀагӀур ду. 28Детих юург йохка тхуна, тӀаккха бен оха иза юур яц. Детих мала хи а ло тхуна, тӀаккха бен оха иза мер дац. ГӀаш бен тхо тӀех а девр дац, 29тхуна СеӀир-лаьмнаш тӀехь бехачу Ӏесаван тӀаьхьенах болчара а, Ӏар-гӀалахь бехачу муабахоша а дина ма-хиллара, Йордан-хина дехьа а девлла, тхайн Везачу Дала тхайна луш долчу лаьтта тӀе тхо дӀакхаччалц“. 30Амма Хьешбон-гӀалин паччахь волу Сихьон реза ца хилира шен лаьтта тӀехула вай чекхдовлийта, хӀунда аьлча шун Везачу Дала цуьнан са а карзахдаьккхира, дог а чӀагӀдира, хӀинца вайна схьагуш ма-хиллара, иза шун кара дӀавалархьама. 31Везачу Эло соьга иштта элира: „ХӀан, Ас Сихьон-паччахь а, цуьнан латта а шун кара далар дӀадолийна. Хьо а дӀаволало цуьнан латта хьайн карадерзо“. 32ТӀаккха Сихьон-паччахь шен мел долчу эскарца вайна дуьхьалгӀаьттира ЯхӀац-гӀалина уллохь хиллачу тасадаларехь. 33Вайн Везачу Дала иза вайн кара схьавелира. Вай иза а, цуьнан кӀентий а, цуьнан мел долу халкъ а хӀаллакдира. 34Оцу хенахь цуьнан ерриг а гӀаланаш схьа а яьхна, царах хӀорра а, Далла дӀа а къастийна, кхоччуш дакъазаяьккхира, божарий а, зударий а, бераш а хӀаллак а деш. Царах цхьа а дийна ца витира оха. 35ГӀаланаш дакъазаяхале, церан бежанаш а, церан схьаяьхначу гӀаланашкара вай схьадаьккхинарг а, хӀонс санна, дӀадаьхьнера. 36Арнон-хин тогӀин йистера йолчу ӀаруӀер-гӀалара ГалӀад-гӀала дӀакхаччалц йолу цхьа а гӀала ца йисира вайга схьа ца яккхалуш. И дерриг а вайн кара схьаделира вайн Везачу Дала. 37Ӏамминхойн лаьттана, я Ябокх олучу хин йистошкахула йолчу меттигашна, я лаьмнашна тӀехь йолчу гӀаланашна, я вайн Везачу Дала ца магийначу цхьана а хӀуманна тӀе ца кхевдира вай».
Copyright information for
CheCAC2012