‏ Deuteronomy 21

Гучудахаза долу адамаш дайарш

1«Нагахь санна шун Везачу Дала хьуна схьалур долчу лаьттан аренгахь Ӏуьллуш цхьана веллачу стеган дакъа схьакарадахь, иза вийнарг мила ву хууш а дацахь, 2шун къаной а, шун кхелахой а арабовла беза. Цара велларг Ӏуьллучу меттигна тӀера гонахарчу гӀаланашна тӀекхаччалц йолу юкъ юста еза. 3Велларг Ӏуьллучу меттигера уггар а йоца юкъ йолчу гӀалин къаноша схьаэца деза цкъа а болх байтаза а, цкъа а дукъ лелоза а долу шинар. 4И шинар оцу гӀалин къаноша дӀадига деза ахказа а, дӀаенза а йолчу, чохь татол долуш йолчу тогӀене. Оцу тогӀи чохь шинаран ворта кагъян еза. 5Цул тӀаьхьа левихой болу динан дай тӀебахка беза, хӀунда аьлча муьлхха а къовсаме долу гӀуллакх а, муьлхха а ницкъбар а церан сацамца къасто деза. Уьш шун Везачу Дала къастийна бу Шена гӀуллакх дайта а, Везачу Элан цӀарах декъалдарш дайта а. 6Веллачун юххехь йолчу оцу гӀалин массо а къаноша шайн куьйгаш дила деза, тогӀи чохь ворта кагйинчу шинаран коьрта тӀехула а лоцуш. 7Цара, дӀа а кхайкхош, иштта ала деза: „Тхан куьйгаша Ӏанийна дац хӀара цӀий, тхан бӀаьргашна гина хӀума а дац хӀара. 8Веза Эла, мах баларца Айхьа Мисар-махкара паргӀатдаьккхина долчу а, Хьан долчу а Исраилан халкъан къа дӀадаккхахьа. Ма хьарчийтахьа царах бехк боцучун цӀий Хьан халкъ долчу исраилхойх“. ТӀаккха цӀий Ӏаноран къа царна тӀера дӀадаьккхина хир ду. 9Иштта дӀадаккха бехк боцучун цӀий шайна тӀера, шайн Везачу Далла хьалха дика дерг а, нийса дерг а шаьш дина дела».

Йийсарехь болчу зударех лаьцна

10«Шайн мостагӀашна дуьхьал шу тӀом бан дахча, шун Везачу Дала уьш шун кара схьабелча, аш царна йийсар дича, 11оцу йийсархошна юкъахь шух цхьанна хаза куц долу зуда гахь, еза а елла, иза шена йига цунна дагадагӀахь, 12оцу стага иза шен цӀа а йига, цу зудчуьнга месаш шега дӀа а ларгийта, мӀараш дӀа а хедаяйта. 13Шена тӀехь йолу йийсархочун бедарш а дӀаяхийта цуьнга. Цо иза шен кертахь Ӏайта. Цхьана баттахь шен дена а, шен нанна а белхар дайта цуьнга. Цул тӀаьхьа оцу стеган йиш хир ю, цунах куьг а тоьхна, цуьнан майра хила. ТӀаккха иза цуьнан зуда хир ю. 14Нагахь санна, хан яьлча, цунна иза ца езахь, и зуда дӀаяхийта мегар ду цунна луъучу меттиге. Амма цо иза детих дӀайохка а мегар дац, цунах лай ян а мегар дац, иза ша сийсазъяьккхина дела».

Дуьххьарлерчу боьршачу доьзалхочун бакъо

15«Нагахь санна цхьаннан ши зуда елахь – езаш йолу цхьаъ а, езаш йоцу важа а, – ткъа оцу шинна а зудчун – езаш йолчун а, езаш йоцучун а, – кӀентий хилахь, нагахь санна дуьххьарлера доьзалхо волу кӀант ца езаш йолчу зудчух схьаваьлла велахь, 16тӀаккха, кӀенташна юкъахь бахам боькъучу даьлча, цуьнан йиш яц езаш йоцучу зудчун кӀантера езачу зудчун кӀантана дӀадала дуьххьарлера доьзалхо хилар. 17Ца езачу зудчун кӀант цо дуьххьарлера кӀант лара веза. Шен мел долчу хӀуманан ши дакъа цо цунна дӀадала деза, хӀунда аьлча иза цуьнан ницкъан юьхьиг ю. Дуьххьарлера доьзалхо хиларан бакъо цуьнан ю».

МуьтӀахь воцучу кӀантах лаьцна

18«Нагахь санна цхьаннан шен дас бохучуьнга а, шен нанас бохучуьнга а ла ца дугӀуш юхахьара а, аьрха а кӀант велахь, дас-нанас шена таӀзар дича а, иза ладугӀуш а вацахь, 19цуьнан дас-нанас иза шайн гӀалин къаношна тӀевало веза, шаьш дехачу гӀалин кевнехь кхел яйта. 20Дас-нанас шайн гӀалин къаношка иштта дӀаала деза: „ХӀара тхан кӀант юхахьара а, аьрха а ву. Оха бохучуьнга хӀара ладугӀуш а вац, хӀара кхоамза стаг а ву, кад беттарг а ву“. 21Цул тӀаьхьа цуьнан гӀаларчу бахархошка иза валлалц цунна тӀулгаш кхиссийта. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха. Иза дӀа а хезна, берриг а исраилхой кхералур бу».

Оьздангаллин парзаш

22«Нагахь вен хьакъ долу зулам гучу а даьлла, стаг вийначул тӀаьхьа, аша и дакъа диттах ирхъоллахь, aцу докъе дитта тӀехь буьйса ма яккхийта, оццу дийнахь иза дӀаволла, хӀунда аьлча диттах ирхъоьллина волу муьлхха а стаг Далла хьалха неӀалт кхайкхийна ву. Шайн Везачу Дала шайн дола луш долу латта бех ма де».23

Copyright information for CheCAC2012