‏ Deuteronomy 23

Везачу Элан халкъах дӀакъастор

1«Зирх йохийначу, я бер хуьлуьйту меже дӀахадийна волчун Везачу Элан гуламе ваха йиш яц. 2КъотӀалгӀавиначун а йиш яц Везачу Элан гуламе ваха. Ур-атталла цуьнан уьтталгӀачу тӀаьхьенан а йиш яц цига ваха.

3 aӀамминхойн а, муабахойн а йиш яц Везачу Элан гуламе баха. Ур-атталла церан уьтталгӀачу тӀаьхьенан а йиш яц цига баха. 4 bХӀунда аьлча шу Мисар-махкара схьадогӀучу хенахь уьш баьпкаца а, хица а дуьхьал ца баьхкинера шуна. Цара Арам-НахӀараймерачу Патур-гӀалара БеӀаран кӀант волу БалиӀам лаьцна дуьхьал а валийнера, шуна неӀалт кхайкхадайтархьама. 5 cАмма шун Везачу Далла ца лиира БалиӀаме ладогӀа. Шун Везачу Дала цуьнан неӀалтех шуна декъалдар хилийтира, шун Везачу Далла шу деза дела. 6Шайн къам мел хир ду, уьш маьрша хилийта а, церан беркате дахар хилийта а хӀумма а ма делаш.

7Эдомхой дӀа ма татталаш, уьш шун гергара къам долу дела. Мисархошна а куралла ма елаш, шу церан лаьтта тӀехь тӀедаьхкина Ӏийна дела. 8Дуьнен чу девр долчу церан кхоалгӀачу тӀаьхьенан берийн йиш ю Везачу Элан гуламе даха».

Меттамотт дӀахӀоттийначохь цӀано латторах лаьцна

9«Шайн мостагӀашна тӀе тӀамца шаьш дахча, Далла хьалха цӀена мел доцучух ларлолаш. 10Нагахь санна, буьйсанна хилларг бахьана долуш, шу долчохь цхьаъ цӀена вацахь, иза меттаматтана чуьра аравала а веза, меттаматтана чу юхаван а ца веза. 11Суьйре тӀееача, цо шен дегӀ хица дила деза. Цул тӀаьхьа, малх дӀабуьзча, иза меттаматтана чу схьаван мегар ду.

12Нишке даха меттиг меттаматтана чохь а йоцуш, арахьа хила езаш ю. 13Шуьгахь герзал сов белаш хила еза, меттаматтара ара а довлий, шайна нишке даха белаца кӀаг баккха, цул тӀаьхьа шайгара даьлларг белаца къайладаккха. 14ХӀунда аьлча шун Дела шун меттаматтана юккъехула лелаш ву, шу лардархьама а, шун мостагӀий шун карабалархьама а. Цундела шун меттамотт болу меттиг цӀена хила еза, Цунна ган ца дезаш долу шух даьлла сийсаздерг а гина, Иза хьох дӀа ца верзийтархьама».

ТӀедехкина парзаш

15«Ша ларвайтархьама, шу долчу шен олахочух ведда волу цхьа лай вагӀахь, иза олахочунна дӀа ма ло. 16Шайн гӀаланашкахь цо схьахаьржинчу, цунна хазделлачу цӀа чохь шайна юкъахь вахийта иза. Цунна гӀело ма е.

17 dИсраилхойн йоӀарех цхьа а цӀуйн дуьхьа нахаца лелаш хила ца еза. Исраилхойн кӀенташна юкъахь а хила ца веза цхьа а цӀуйн дуьхьа нахаца леларг. 18Далла дина ваӀда такхархьама, цӀуйн дуьхьа нахаца лелачу зудчун я цӀуйн дуьхьа нахаца лелачу стеган алапа шун Везачу Делан цӀа чу ма далаш, хӀунда аьлча уьш ший а шун Везачу Далла дегаза хета.

19 eАхчанна а, я кхачанна а, я са йоккхийла долу кхин цхьана хӀуманна а тӀе ял ма яккха шайн къомах волчуьнгара. 20Кхечу къоман стагера ял яккха мегар ду, амма шайн къомах волчуьнгара ял ма яккха, шайн дола даккха шу тӀедоьлхучу лаьтта тӀехь шайн куьйгашца шаьш мел деш долчунна тӀехь шайн Везачу Деле шаьш декъалдайтархьама.

21 fНагахь санна аша шайн Везачу Далла хьалха, чӀагӀо а еш, дош деллехь, иза сихха кхочушде, хӀунда аьлча шун Везачу Дала шуьгара жоп доьхур ду, ткъа шуна тӀехь къа дуьсур ду. 22Нагахь санна аша чӀагӀо ца йинехь, шуна тӀехь къа хир дац. 23Шайн баганца шаьш шайн лаамца чӀагӀо йинехь, иза леррина кхочушде, шайн Везачу Далла шаьш чӀагӀо йина дела.

24Шайн уллорачун кемсийн беша шу девлча, шайн даго ма-бохху, дуззалц кемсаш яа мегар ду, амма шайн пхьегӀи чу ма яхка уьш. 25Шайн уллорачун кха тӀе шаьш даьхкича, цу тӀера кӀен кенаш куьйгашца схьадаха мегар ду, амма шайн уллорачун кха тӀехь марс ма хьакха».
Copyright information for CheCAC2012