aАрадаккхар 23:19.
Deuteronomy 26
Дуьххьарлера ялта сагӀина лерина далар
1«Шун Везачу Дала шуна кхочуьйтур долчу лаьтта тӀе а даьхкина, и латта шайн дола а даьккхина, шу цигахь даха охьахевшича, 2 aшун Везачу Дала шуна луш болчу мехкан лаьтто кхиийна мел долчунна тӀера дуьххьарлерчух цхьадерг, схьа а эцна, тускар чу дилла. Цаьрца шун Везачу Дала Ша Ӏайтархьама къастор йолчу метте дӀагӀо. 3Оцу деношкахь гӀуллакх деш хин волчу динан дена тӀе а гӀой, аш иштта дӀаала: „Ас тахана шун Везачу Далла хьалха дӀахьедо, Везачу Эло тхан дайшна, ваӀда а дина, лур ду аьллачу лаьтта тӀе со схьавеана хилар“, – алий. 4Динан дас и тускар, шун карара схьа а эцна, шун Везачу Делан сагӀа доккхучу кхерчана хьалха дӀахӀоттор ду. 5Ткъа аша, дӀахьедар а деш, шайн Везачу Далла хьалха иштта дӀаала: „Сан ворхӀе а да ваьлла лелаш волу арамхо вара. Иза, Мисар-махка а вахана, кӀеззиг долчу адамашца ваха хиира. Цигахь цунах сийлахь а, нуьцкъала а, алсам долу а халкъ схьаделира. 6Амма мисархой тхоьца къиза бара, цара тхуна гӀело а йора, тхоьга хала белхаш а бойтура. 7Оха тхайн дайн Дела волчу Везачу Эле маьхьарца дийхира. Тхан мохь Везачу Элана дӀахезира. Цунна гира оха бала хьегар а, тхан хала белхаш а, тхуна еш йолу гӀело а. 8ТӀаккха Везачу Эло тхо Мисар-махкара арадехира Шен нуьцкъалчу куьйгаца, тӀекховдийначу пхьаьрсаца, доккхачу къематца, инзаречу гӀуллакхашца, тамашийначу билгалонашца. 9ХӀокху метте схьа а далийна, хӀара шуьрех а, мазах а дуьзна токхе латта тхуна схьаделира Цо. 10Ткъа хӀинца, Веза Эла, Ахь суна схьаделлачу лаьтто кхиийначу дуьххьарлерниг Хьуна деана ас“. Иштта а алий, и тускар охьа а диллий, шайн Везачу Далла суждане гӀо. 11ТӀаккха шун Везачу Дала шуна а, шун цӀенна а деллачу рицкъах даккхийде – шу а, левихой а, шуна юкъахь Ӏаш болу тӀебаьхкина нах а. 12 bШун лаьтто схьаделлачух массо а хӀуманах уьтталгӀа дакъа дӀакъастийча, кхозлагӀчу шарахь, уьтталгӀа дакъа дӀадаларна леринчу шарахь, иза левихочунна а, тӀевеанчунна а, бона а, йисинчу зудчунна а дӀало, цаьрга шайн гӀаланашкахь юург яийтархьама а, уьш бузийтархьама а. 13Цул тӀаьхьа шун Везачу Далла хьалха иштта ала: „Хьуна дӀакъастийна мел долу хӀума сайн цӀенна тӀера схьа а эцна, иза левихочунна а, тӀевеанчунна а, бона а, йисинчу зудчунна а дӀаделла ас, Ахь суна тӀедехкинчу Хьан дерриге а весеташа ма-бохху. Ас Хьан весеташ талха а ца дина, ас уьш диц а ца дина. 14Со веллачунна тийжачу хенахь Хьуна дӀакъастийначух хӀумма а ца диира ас, со Хьуна хьалха цӀена воцучу хенахь царах хӀумма а схьа ца эцна ас, иштта царах хӀумма а веллачунна сагӀина дӀа ца деллера ас. Сан Везачу Дала бохучунна муьтӀахь хилира со. Ахь суна тӀе мел диллинарг кхочушдира ас. 15Хьо Ӏаш волчу езачу меттера схьа а хьажий, декъалбехьа Хьайн халкъ долу исраилхой, декъалдехьа Айхьа, тхан дайшна чӀагӀо ма-ярра, тхуна схьаделла долу, шуьрех а, мазах а дуьзна токхе латта“».Везачу Элан долахь долу халкъ
16«ХӀокху дийнахь шун Везачу Дала весет до шуьга, хӀара парзаш а, тӀедехкинарш а кхочушде аьлла. Мел долчу даггара а, шайн мел долчу синца а кхочушделаш уьш. 17Аша тахана шайн Везачу Эле дӀахаийтина, Иза шун Дела вуйла а, Цуьнан некъашца шу лелар дуйла а, Цуьнан парзаш а, весеташ а, тӀедехкинарш а аша лардийр дуйла а, Цуьнан озе шаьш ладугӀур дуйла а. 18 cВезачу Эло тахана чӀагӀо йина, шу Цуьнан долахь долу жовхӀар ду аьлла, Цо ма-аллара, Цуьнан дерриш весеташ аша лардан деза. 19Цо чӀагӀо йина, Ша мел кхоьллинчу халкъел шу лакхара а дина, сий а, сийлалла а, исбаьхьалла а долуш дӀахӀиттор ду аьлла. Хьан Везачу Далла хьалха, Цо ма-аллара, деза халкъ хир ду хьо».
Copyright information for
CheCAC2012