‏ Deuteronomy 28

МуьтӀахь хиларна декъалвар

(Ӏамалъяр 26:3-13; Карлабаьккхинарг 7:12-24)

1 a«Шу шайн Везачу Деле ладугӀуш а хилахь, ас шуна тахана дуьйцуш долу, Цо тӀедиллинарг дерриг а кхочушдеш а хилахь, шун Везачу Дала дуьнен чуьра массо а халкъал лакха ойур ду шун халкъ. 2Нагахь аша шайн Везачу Дала аьлларг дахь, иштта декъалдар хир ду шуна: 3ГӀалахь а, арахь а декъала хир ду шу.
4Декъала хир ду шух схьадаьлла чкъор, шун лаьттах схьабаьлла стом, шун даьхнех – стерчех а, койх а схьадаьлла дохкана.
5Декъала хир ду шун ялтин тускарш а, декъала хир ду текхаш а.
6Декъала хир ду шу чудовлуш а, арадовлуш а.

7Шуна дуьхьалгӀевттина мостагӀий эшор бу Везачу Эло: цхьана новкъахула шуна дуьхьалбевр бу уьш, ткъа ворхӀ новкъахула шух бовдур бу уьш.

8Шун чӀоьнашкахь а, шун куьйгаш дӀакхеттачу массо а хӀуманна тӀехь а декъалдар хуьлуьйтур ду Везачу Эло. Ша лур ду аьллачу лаьтта тӀехь шу декъалдийр ду шун Везачу Дала.

9Шун Везачу Дала тӀедиллинарг кхочуш а деш, Цуьнан некъашкахула шу лелахь, Цо шуна чӀагӀо ма-ярра, шух Шен къастийна халкъ дийр ду. 10ТӀаккха дуьнен чуьра дерриг а халкъаш шух кхоьрур ду, Везачу Элан цӀе шуна тӀехь хилар а гина. 11Везачу Эло шуна массо а дикачу хӀуманна тӀехь беркат хуьлуьйтур ду. Дуккха а бераш а хуьлуьйтур ду шун, шортта дохкана а хуьлуьйтур ду. Шуна лур ду аьллачу, шун дайшна Ша чӀагӀо йинчу лаьтта тӀехь шортта ялта а хуьлуьйтур ду. 12Везачу Эло Шен беркате хазна – стигал схьайоьллур ю шуна, оьшшучу хенахь шун лаьтта тӀе догӀа даийта, шун куьйгаша динчу гӀуллакхех беркат хилийта. Дуккха а халкъашна духалург дала хӀума хир ду шун, ткъа шайн духалург эца дезар дац шун. 13Нагахь шун Везачу Дала тӀедиллинарг, тахана ас шуьга Ӏалашде а, кхочушде а бохург, аш кхочушдахь, Везачу Эло шу коьртехь хуьлуьйтур ду, цӀоганехь ца хуьлуьйтуш, шу лакхахь хир ду, лахахь доцуш. 14Ас тахана бечу хьехамна тӀера ма довлалаш, аьтту я аьрру агӀор а хьаьвзина, кхечу деланашна тӀаьхьа а хӀиттина, царна Ӏамал ярхьама».

МуьтӀахь ца хилча деш долу таӀзар

(Ӏамалъяр 26:14-46)

15«Нагахь шайн Везачу Деле аш ла а ца догӀахь, ас тахана шайна хьоьхуш долу Цо тӀедиллинарг кхочуш а ца дахь, хӀокху неӀалтех хьалхадевр дац шу: 16НеӀалт хир ду шуна гӀалахь а, арахь а.
17НеӀалт хир ду шун ялтин тускаршна а, текхашна а.

18НеӀалт хир ду шух схьадаьллачу чкъурана а, шун лаьттах схьабаьллачу стоьмана а, шун стерчех а, уьстагӀех а схьадаьллачу дохканна а. 19НеӀалт хир ду шуна чудовлуш а, арадовлуш а.

20Шена тӀера шу дӀадерзарна, аш дечу муьлххачу гӀуллакха тӀехь Везачу Эло неӀалт а, дохар а, вон болх а хуьлуьйтур бу шуна, шу хӀаллакьхилла дӀадовллалц. 21Шун доладан тӀедоьлхуш долчу лаьтта тӀера Ша хӀаллакдина дӀадаххалц, Везачу Эло лен цамгар кхоьтуьйтур ю шуна. 22Везачу Эло хӀоралла а, хорша а, хьу кхетар а, йокъа а, бовха мох а, мекха а хоьцур ю шуна тӀе. Цара хьийзор ду шу хӀаллакьхиллалц. 23Шуна тӀехуларчу стигалех цӀаста хир ду, бухаларчу лаьттах эчиг хир ду. 24ДогӀанан метта, Везачу Эло чан лур ю шуна, стигалара шуна тӀеоьгур ю иза, шу хӀаллакьхилла дӀадовллалц.

25Везачу Эло шайн мостагӀашка эшадойтур ду шу. Цхьана новкъахула царна дуьхьалдевр ду шу, ткъа ворхӀ новкъахула царах довдур ду шу. Шуна хилларг а гина, дуьнен чуьра массо а халкъаш кхоьруш хир ду. 26Шун декъий стигаларчу олхазарша, лаьттарчу акхароша а дуур ду, уьш дӀакъахкош стаг а воцуш. 27Мисархошна хилла йолу даьӀнаш долу цамгар а, дестар а, соьла оьху даьӀнаш а, кӀамдар а кхоьтуьйтур ду шуна Везачу Эло. Дарба ца далуш хир ю и цамгарш. 28Везачу Эло хьерадовлар а, бӀарздалар а, Ӏадор а хуьлуьйтур ду шуна. 29Дийнан делккъехь са а ца гуш, бӀаьрзениг бодашкахь санна, лелар ду шу. Шаьш арабаьккхинчу новкъахь аьтто хир бац шун. Массо а хенахь ницкъ беш а, хьийзош а хир ду шу, цхьаммо а гӀо а доккхур дац шуьгахьа. 30Зуда ялор ю шух цхьаммо, амма кхин стаг вуьжур ву цуьнца дӀа. ЦӀенош дийр ду аша, амма царна чохь Ӏийр дац шу. Кемсаш югӀур ю аша, амма пайда оьцур бац царах. 31Шун старана шун бӀаьргашна хьалхха урс хьокхур ду, амма аша цуьнан жижиг дуур дац. Шун вир, дӀа а йигина, юхаялор яц шуна. Шун уьстагӀий мостагӀашна дӀалур ду, цхьаммо а гӀо доккхур дац шуьгахьа. 32Шун кӀентий а, йоӀарий а кхечу халкъана дӀалур бу. Царна сагатдеш, де дийне мел дели, бӀаьрса худалур ду шун, дуьхьало ян а ницкъ хир бац шун. 33Шун лаьттах схьадаьлларг а, аш къахьегнарг а шуна девзаш доцучу халкъо дуур ду. Массо а хенахь ницкъ беш а, охьатаӀийна а хир ду шу. 34Шайн бӀаьргашна гучух хьерадевр ду шу. 35Голаш тӀехь а, настарш тӀехь а, когийн айраш тӀера хьеюккъе кхаччалц дерза ца доьрзу даьӀнаш хуьлуьйтур ду шуна Везачу Эло.

36Шуна а, шун дайшна а ца девзачу халкъана тӀе дуьгур ду Везачу Эло шу а, аш шайна хаьржина паччахь а. Цигахь дечиган а, тӀулгийн а цӀушна Ӏамал йийр ю аша. 37Везачу Эло шу дахийтинчу мехкашкахь долу халкъаш шух инзардевлла хир ду, шух доьлуш а, шуна вон луьйш а хир ду уьш.

38Дуккха а ялта дӀадуьйр ду аша, амма кӀезиг гулдийр ду, хӀунда аьлча цӀазо дуур ду иза. 39Кемсаш, дӀа а йийна, лелор ю аша, амма царах даьлла долу чагӀар а мер дац, кенаш а гулдийр дац, хӀунда аьлча нӀаьно дӀадуур ду уьш. 40Зайт-диттан стоьмаш хир бу шун лаьтта тӀехь, амма даьтта хир дац шун, хӀунда аьлча хенал хьалха охьаоьгур бу и стоьмаш. 41КӀентий а, йоӀарий а хир бу шун, амма уьш шуна буьсур бац, хӀунда аьлча йийсаре буьгур бу уьш. 42Шун дитташ а, аренашкара ялташ а цӀазо хӀаллакдийр ду. 43Шуна юкъахь Ӏаш волу тӀевеана стаг вол-волуш шул лакха хьалавер ву, ткъа шу охьадевр ду. 44Цо шуьга духалург лур ду, ткъа шун цуьнга дала хир дац. Иза коьртехь хир ву, ткъа шу цӀоганехь.

45И дерриг а неӀалташ шуна тӀехь хир ду, шуна тӀера девр а дац уьш, шу хӀаллакьхилла дӀадовллалц, хӀунда аьлча аш шайн Везачу Деле ла а ца дуьйгӀира, Цо тӀедиллинарг а, Цуьнан парзаш а кхочуш а ца дира. 46Шуна а, шун тӀаьхьенна а тӀехь гуттар а йолчу ханна Дала шуна таӀзар даран билгало хилла лаьттар ду и неӀалташ. 47Дерриг а шайн доллушехь, шайн Везачу Далла аш самукъадаларца а, дага чохь даккхийдерца а Ӏамал ца ярна хир ду иза шуна. 48Везачу Эло шайна тӀеваийтинчу мостагӀчунна децар ду шу, меца а, хьогах а, дерзина а, къен а долуш. Дала шун вортанна тӀебиллинчу безачу мохьо Ӏазапехь латтор ду шу. 49Геннара, дуьненан йистера, халкъ тӀехоьцур ду шуна Везачу Эло. Аьрзу санна, тӀелеттачу цу халкъан мотт хуур бац шуна. 50И нах къиза хир бу, воккханиг а ца лоруш, жиманиг а ца кхоош. 51Цара шун даьхни а, шун лаьттах схьадаьлла ялта а дуур ду, шу дакъазадаххалц. Шуна бепиг а, чагӀар а, даьтта а, стерчий а, уьстагӀий а дуьтур дац цара, шу хӀаллакдаллалц. 52Шун массо а гӀалина тӀе а летта, дерриг а шун лаьтта тӀера шун бӀобулуш хилла лекха а, онда а пенаш дохор ду цу халкъо. Шун Везачу Дала шуна лучу лаьтта тӀехь ерриг а шун гӀаланашна тӀелетар бу уьш.

53Шайн Везачу Дала белла болу, шайх схьабевлла кӀентий а, йоӀарий а буур бу аша, мостагӀаша го а лаьцна, шаьш холчохь дисича. 54Шуна юкъахь хьолехь Ӏийна волу экам стаг а къинхетам боцуш хьоьжур ву шен веше а, шена хьоме хетачу зудчуьнга а, шеца дисинчу шен берашка а. 55Ша дууш долчу шен берийн дилха цхьанна а лур дац цо, хӀунда аьлча цуьнан хӀумма а дуьсур дац, го а лаьцна, мостагӀаша массо а гӀаланашкахь шу балане лаьцча. 56Шуна юкъахь томехь а, хьолехь а Ӏийна зуда, экам хиларна а, хьолехь Ӏарна а лаьтта ког а баккхаза йолу, къинхетам боцуш хьоьжур ю шена хьоме хеттачу майрачуьнга а, шен кӀанте а, йоӀе а. 57 bШа дина бераш а, уьш хуьлуш шен дегӀах схьакъаьстина беран цӀа а лур дац цо нахана, хӀунда аьлча дан амал ца хиларна къайлаха дуур ду цо уьш, го а лаьцна, мостагӀаша шайн гӀаланашкахь шу балане лаьцча.

58Кху тептар тӀехь яздина тӀедиллинарг а, хьехамаш а аша кхочуш ца бахь, шайн Везачу Делан сийлахьчу а, буьрсачу а цӀарах шу ца кхерахь, 59Везачу Эло шуна а, шун тӀаьхьенна а хала а, инзаре а, дӀа ца доьрзу а ун а, луьра а, дӀа ца йовлу а цамгарш а кхоьтуьйтур ю. 60Мисархошна кхетта долу, шу кхийрина долу ун хуьлуьйтур ду шуна. Иза летар ду шух. 61Кху тептар тӀехь язйина йоцу муьлхха а цамгар а, ун а хуьлуьйтур ду шуна Везачу Эло, шу хӀаллакдина дӀадовллалц. 62Стигалара седарчий санна, шу дукха хиллехь а, кӀеззиг бен дуьсур дац шу, хӀунда аьлча шайн Везачу Деле ла ца дуьйгӀи аш. 63Шу алсам а дохуш, шуна диканиг деш самукъа-ма-даллара, шу хӀаллакдеш а самукъадаьлла хир ву Веза Эла. Шайн дола баккха тӀедоьлхуш болчу махкара а лохкур ду шу.

64Лаьттан цхьана маьӀӀера вукху маьӀӀе кхаччалц, массо а халкъашна юкъахь дӀасадоькъур ду шу Везачу Эло. Шайна а, шайн дайшна а ца бевзачу дечиган а, тӀулган а цӀушна Ӏамал йийр ю аша. 65Цу халкъашна юкъахь синтем хир бац шуна, садаӀа меттиг хир яц шуна, Везачу Эло дагахь кхерам а, сингаттам а, бӀаьргашкахь кӀаддалар а латтор ду шуна. 66Шун дахар гуттар а кхерамехь хир ду, дийнахь а, буса а синтем боцуш, хиндолчух бӀобулуш хир дац шу. 67Дагахь лаьтташ кхерам хиларна а, шайн бӀаьргашна гуш долчунна а Ӏуьйранна аш эр ду: „Суьйре тӀекхачахьара-кх!“– аьлла, ткъа сарахь эр ду: „Ӏуьйре тӀекхачахьара-кх!“– аьлла. 68Ас кхин цкъа а шуна иза гур бац аьллехь а, Мисар-махка юхадуьгур ду шу Везачу Эло хӀордкеманаш тӀехь. Цигахь шайн мостагӀашна дохкалур ду шу, леш а, гӀарбашаш а хилла, амма шу оьцуш цхьа а хир вац».
Copyright information for CheCAC2012