‏ Deuteronomy 3

ӀовгӀа-паччахьна тӀехь толам баккхар

(Лелар 21:31-35)

1«Вай, цигара юха а дирзина, Башан-махка дахара. Башан-мехкан паччахь ӀовгӀа шен мел долчу эскарца ЭдреӀи олучу меттиге дӀавахара, вайна тӀамца дуьхьалвалархьама. 2ТӀаккха Везачу Эло соьга иштта элира: „ӀовгӀа-паччахьах ма кхера. Ас иза а, цуьнан эскар а, цуьнан мел долу латта а хьан кара дӀадала сацам бина. Ахь цунна Хьешбонехь олалла динчу эмархойн паччахь хиллачу Сихьонна диннарг дийр ду“.

3Вайн Везачу Дала Башан-мехкан паччахь а, цуьнан мел долу эскар а вайн кара схьаделира. Вай ӀовгӀа хӀаллаквира, цуьнан халкъах цхьа а дийна ца вуьтуш! 4Цу хенахь Башан-махкахь йолчу АргӀаб-кӀоштехь цуьнан ерриге а гӀаланаш вай схьаехира. Цхьа а гӀала ца йисира вай схьаяккхаза: ӀовгӀа паччахь волчу махкахь кхузткъа гӀала яра уьш. 5И ерриге а гӀаланаш лекхачу пенашца, кевнашца, кевнашна боьгӀначу ондачу гӀорашца чӀагӀйина яра. Гобаьккхина пенашца чӀагӀъяза кхин а дуккха а гӀаланаш яра цигахь. 6Вай и гӀаланаш хӀаллакйира, ваьш Хьешбонера паччахьан Сихьонан гӀаланаш хӀаллак ма-ярра. ХӀора гӀала, Далла дӀа а къастийна, кхоччуш дакъазаяьккхира, божарий а, зударий а, бераш а хӀаллак а деш. 7Ткъа массо а бежанаш а, вай схьаяьхначу гӀаланашкара карадеанарг а вай хӀонсана дӀадаьхьира.

8Оцу хенахь эмархойн шинна а паччахьан карара Йордан-хин малхбалехьарчу Арнон-хина тӀера Хьермон-ломана тӀекхаччалц долу хӀара латта схьадаьккхира вай. 9(ЦӀаданхоша Хьермонах Сириюн олу, ткъа эмархоша Санир олу.) 10Башан-мехкан паччахь волчу ӀовгӀин ерриге а аре схьалецира вай: тӀапломахь мел йолу гӀаланаш а, берриг а ГалӀад-мохк а, иштта Салха а, ЭдреӀи а гӀаланашна тӀекхаччалц болу берриг а Башан-мохк а».

11(Башан-мехкан паччахь волу ӀовгӀа репахойх тӀаьххьара висинарг вара. Цуьнан аьчка маьнга хӀинца а Ӏамминхойн кӀенташкахь бу Рабба-гӀалахь. Иза бохалла исс дол, ткъа шоралла диъ дол бара, юкъахь лелаш болчу барамашца иза буьстича.)

Йордан-хина малхбалехьа даха хевшина тайпанаш

(Лелар 32:1-42)

12«ХӀара латта вай схьалаьцначу хенахь, Арнон-хина йистерачу ӀаруӀер-гӀалара дуьйна долу латта а, ГалӀад-лаьмнийн ах а, цуьнан ерриге а гӀаланашца цхьаьна ас Гадин а, Раабанан а тайпанашна дӀаелира. 13Ткъа ГалӀад-лаьмнех йисина ах а, ӀовгӀа паччахьан болу Башан-мехкан АргӀаб-кӀошт а ас Маннашан ахтайпанна дӀаелира».

(Башан-махках репахойн мохк олура.
14Маннашхочо Яира берриге а АргӀаб-мохк гешурхойн а, маӀхахойн а латтанашна тӀекхаччалц дӀалецира. Башан-махкана Яира шен цӀе тиллира. Царах хӀинца а Яиран ярташ олу.)

15«ГалӀад-мохк ас Маннашан кӀант волчу Макиран тӀаьхьенах болчарна дӀабелира. 16Ткъа Раабанан а, Гадин а тайпанашна ГалӀад-махка тӀера Арнон-хина тӀекхаччалц долу латта дӀаделира ас. Церан къилбера доза Арнон-хина юккъехь дара, ткъа церан латта Ӏамминхойн дозанехь долчу Ябокх-хина тӀекхаччалц дӀасадаьржира. 17Оцу кхаа тайпанна дӀаделла долчу латтанийн малхбузера доза Ӏариба-тогӀи чохь долчу Йордан-хина тӀекхаччалц дара. И доза Канарота тӀера Дуьрачу хӀордана уллохь болчу Пасга-ломан кӀажина тӀекхаччалц дара.

18 aОцу хенахь ас шуьга иштта омра дира: „Шун Везачу Дала хӀара латта шуна дӀаделла шун дола даккхийта. Ткъа хӀинца тӀом балуш мел верг, герз схьа а эций, шайн вежарий болчу исраилхошна хьалха а валий, Йордан-хина дехьавала. 19Ткъа шайн зударий а, шайн бераш а, шайн бежанаш а, – суна хаьа уьш шун дукха дуйла, – ас шайна дӀаеллачу гӀаланашкахь дита, 20Везачу Эло, шуна санна, оцу шун вежаршна паргӀато яллалц а, шун Везачу Дала царна луш долу Йордан-хина дехьа долу латта цара шайн дола даккхалц а. Цул тӀаьхьа шух хӀора а ас шайна деллачу лаьтта юхаверза“, – аьлла.

21ХӀетахь ас ЮшаӀе а весет дира, иштта олуш: „Хьан бӀаьргашна гина вайн Везачу Дала шинна а паччахьна мел динарг. Изза дийр ду Везачу Эло хьо чекхвер волчу массо а пачхьалкхашна. 22Царах ма кхера, хӀунда аьлча шун Веза Дела Ша шуьгахьа тӀом беш ву“».

Муса-пайхамарна КанаӀан-махка чувалар дехкар

23 b«Оцу хенахь со иштта доӀанаш деш вара Везачу Эле: 24„Сан хьалдолу Эла, Ахь схьагайта долийна Хьайн ялхо волчу суна Хьайн сийлалла а, ондалла а. Кхин муьлха Дела ву стигалшкахь я лаьтта тӀехь Ахь деш долу гӀуллакхаш а, тамашийна хӀуманаш а далуш? 25Лохьа пурба Йордан-хих дехьа а ваьлла, цунна дехьа долу дика латта ган – исбаьхьа хаза лаьмнаш а, Ливанун латта а“, – бохуш.

26Амма Веза Эла шу бахьана долуш суна оьгӀазъоьхура. Цо ла ца дуьйгӀира соьга. Везачу Эло соьга иштта элира: „Тоьар ду! Кхин ма дийца Соьга цунах лаьцна! 27Пасга-ломан боххье хьалавала. ДӀахьажа малхбалехьа а, къилбаседехьа а, къилбехьа а, малхбузехьа а. Дерриг а гуш долчуьнга дикка хьажа, хӀунда аьлча Йордан-хина дехьа валалур вац хьо! 28ЮшаӀе весет а де, иза иракара а хӀоттаве, чӀагӀ а ве, хӀунда аьлча ЮшаӀа халкъ Йордан-хих дехьа а доккхур ду, хьуна гун долу латта цо цаьрга шайн дола а доккхуьйтур ду“.

29Иштта вай севцира Байт-ПаӀар-гӀалина уллохь йолчу тогӀи чохь».
Copyright information for CheCAC2012