‏ Deuteronomy 30

Везачу Элана тӀедирзинчул тӀаьхьа

1«Ас дӀахьедина долу хӀара дерриге а дешнаш – шу декъалдарх а, шуна неӀалт кхайкхорах а лаьцна долу – кхочушхилча, шун Везачу Дала шу дӀасадаржийначу халкъашна юкъахь аша уьш дагадаийтахь, 2шу а, шун бераш а доллучу дагца, доллучу синца шайн Везачу Далла тӀе дерзахь, Цуьнан озе аша ладогӀахь, тахана ас шуна тӀе-ма-диллара, 3тӀаккха шун Везачу Дала шун аьтто юхаметтахӀоттор бу, шух а къинхетам бийр бу Цо. Шун Везачу Дала, массо а халкъашна юкъа дӀасадаржийна долу шу, схьа а гулдина, цхьаьнатухур ду. 4Стигала йисте кхаччалц шу дӀасадаржийна делахь а, цигара а схьагулдийр ду Цо, цигара а схьадалор ду. 5Везачу Дала шун дайн долахь хиллачу лаьтта тӀе схьадалор ду шу. И латта шун дола дер ду. Цо шуна дика мел дерг а дийр ду, шун дайл а дукха шу доьбуьйтур а ду. 6Шун Везачу Дала шун а, шун тӀаьхьенан а дегнаш тӀера пардонаш дӀахедор ду, шайн Веза Дела шуна доллучу дагца, доллучу синца везийтархьама а, шу дахийтархьама а. 7ТӀаккха шун Везачу Дала дерриге а ас дӀахьедина долу неӀалташ шу дӀалаьхкинчу шун мостагӀашна а, шу цадезачарна а тӀедерзор ду. 8Ткъа шу Везачу Элана тӀе а доьрзур ду, аша Цуьнан озе ла а дугӀур ду, ас тахана шайна тӀедуьллуш долу дерриг а Цуьнан весеташ кхочуш а дийр ду. 9Шун Везачу Дала шун куьйгаша мел дечу гӀуллакхашна тӀехь а, шун кийрара а, шун хьайбанех а, шун лаьтта тӀера а схьадаьллачунна тӀехь а тӀех дукха кхиамаш хуьлуьйтур бу. ХӀунда аьлча Веза Эла, шуна дика а деш, шух юха а воккхавийр ву, шун дайх воккхавеш ма-хиллара. 10Иза иштта хир ду, нагахь санна шайн Везачу Делан озе аша ладогӀахь, кху товрат-хьехаман тептар тӀехь дӀаяздина долу Цуьнан весеташ а, парзаш а лардарца, нагахь санна шайн доллучу дагца, доллучу синца шайн Везачу Далла шу тӀедерзахь».

Везачу Эло тӀедиллинарг дукха хала дац

11«Ас шуна тӀедуьллуш долу хӀара весет шу кхетийла доцуш а дац, гена а дац. 12 aИза стигалшкахь а дац, цундела иштта ала ца деза аша: „Мила вер ву стигалшка хьала, иза, кхуза охьа а далийна, вайна схьахазийта, ткъа вай тӀаккха кхочушдийр ма дара иза?“ 13Иза хӀордал дехьа а дац, цундела иштта ала ца деза аша: „Мила вер ву хӀордал дехьа, иза, кхуза схьа а деана, вайна схьахазийта, ткъа вайга тӀаккха кхочушдалур ма дара иза?“ 14ХӀан-хӀан! И дош шуна дикка юххехь а ду, иза шун матта тӀехь а, даг чохь а ду аша кхочушдархьама».

Шайна дахар харжа

15«Иштта, тахана ас шуьга харжам бойту. Цхьана агӀор дахар а, аьтто а бу. Вукху агӀор Ӏожалла а, бохам а бу. 16Нагахь санна тахана ас шайна тӀедуьллуш долчу шун Везачу Делан весеташка аша ладогӀахь, – шайн Веза Дела везар, Цуьнан некъашца лелар, Цуьнан весеташ а, Цуьнан парзаш а, Цуьнан тӀедехкинарш а лардар – шу дехар а ду, шу дебар а ду, шайн дола даккха шу тӀедоьлхучу лаьтта тӀехь шу декъал а дийр ду. 17Нагахь санна, шун дог юха а даьлла, аша ла ца догӀахь, кхечу деланашна Ӏибадат дархьама а, царна гӀуллакх дархьама а шу дӀаозор ду кхечара, 18ас дӀахьедо шуьга: шу хӀаллак а хир ду, Йордан-хина дехьа а девлла, шайн дола даккха, шаьш тӀедоьлхучу лаьтта тӀехь шу дукха дехар а дац. 19Ас тахана тӀекхойкху стигал а, латта а, аша бен болчу харжаман тешаш хила. Ас шуьга харжийта дӀало дахар я Ӏожалла, декъала хилар я неӀалт кхайкхийна хилар. Шайна дахар харжа шу а, шун тӀаьхье а яхийтархьама а, 20 bшайн Веза Дела везарца а, Цуьнан озе ладогӀарца а, Цунах дӀакхетарца а. Шу иштта лелахь, Везачу Дала шун дайшна, ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а, лур ду аьлла чӀагӀо йинчу лаьтта тӀехь шу а, шун тӀаьхье а ехха Ӏийр ю».
Copyright information for CheCAC2012