bАрадаккхар 33:11.
Deuteronomy 34
Муса кхалхар
1Муаби-аренашкара Набу-лам тӀера Пасга цӀе йолчу бохь тӀе хьалавелира Муса. И бохь Ерихон-гӀалина дуьххьал бара. Везачу Эло Дан-гӀалина тӀекхаччалц берриг а ГалӀад-мохк гайтира Мусана. 2Напталан а, Эпрайман а, Маннашан а латтанаш а, Дуьненаюккъерачу хӀорда тӀекхаччалц долу дерриг а ЯхӀудан латта а гайтира Цо. 3НегӀаб-аре а, шех палманийн гӀала олу Ерихон тӀехь лаьтта тогӀи а, ЦӀоӀар-гӀалина тӀекхаччалц болу мохк а гайтира Цо. 4 aВезачу Эло Мусага элира: «ХӀара ду Ас ИбрахӀиме а, Исхьакхе а, Якъубе а церан тӀаьхьенашна дӀалур ду аьлла латта. И латта Ас хьайн бӀаьргашна гайти хьуна, амма цу тӀе хьо вер вац». 5Везачу Эло ма-аллара, Муаби-лаьтта тӀехь кхелхира Везачу Элан лай Муса. 6Муаби-мехкан тогӀи чохь Байт-ПаӀар цӀе йолчу юьртана дуьххьал дӀавоьллина Везачу Эло Муса. Амма таханлера де тӀекхаччалц цхьанна а ца хаьа иза дӀавоьллина йолу меттиг мичахь ю. 7Мусан бӀе ткъа шо дара и лечу хенахь, амма цуьнан бӀаьрса а ца телхинера, гӀора дӀа а ца даьллера цуьнгара. 8Муаби-аренашкахь ткъе итт дийнахь цунна тезет хӀоттийра исраилхоша. Мусах белхар даран а, халахетаран а денош цул тӀаьхьа чекхдевлира. 9Мусас цунна тӀе куьйгаш дахкар бахьана долуш, хьекъалх вуьзнера Нунин кӀант ЮшаӀ. Цо аьлларг деш хилира исраилхой, Везачу Эло Мусана тӀедиллинарг кхочушдора цара. 10 bВезачу Элана юьхь-дуьхьал вевзаш хилла волу Муса санна, кхин пайхамар ца хилира исраилхойн. 11Везачу Эло билгалонаш а, тамашийна хӀуманаш а гайта вахийтинера иза Мисар-махка. ПирӀунна а, цуьнан ялхошна а, дерриг а халкъана а гинера и тамашийна хӀуманаш. 12Исраилан халкъан бӀаьргашна хьалха Мусас гайтинера сийлахь а, инзаре а хӀуманаш, кхин цхьаммо а гайтина доцу.
Copyright information for
CheCAC2012