‏ Deuteronomy 6

Коьртачу весетах лаьцна

1«ХӀорш ду шун Везачу Дала шуна хьеха аьлла тӀедехкина долу весеташ, парзаш, тӀедехкинарш. Шайна дола даккха шу тӀедоьлхучу оцу лаьтта тӀехь, уьш кхочуш а деш, лела деза шу. 2И дан деза аша а, шун бераша а, царал тӀаьхьа хиндолчу бераша а шайн Везачу Деле ларамах дуьзна шаьш хилийтархьама а, ас шайна тӀедохкуш долу дерриг а Цуьнан парзаш а, весеташ а лардайтархьама а, шун дахаран хан яхъялийтархьама а. 3Исраилан халкъ, ла а догӀа, уьш леррина кхочуш а де, шайна дика хилийтархьама а, шу алсам дебийтархьама а шуьрех а, мазах а дуьзна токхе лаьтта тӀехь, шун дайн Везачу Дала шуна чӀагӀо ма-ярра.

4 aЛадогӀа, Исраилан халкъ: вайн Веза Дела – цхьа Веза Эла ву
Вайн Веза Дела – цхьа Веза Эла ву – я иштта: вайн Дела – Веза Эла ву, Веза Эла бен вац. Я иштта: вайн Веза Дела бен кхин цхьа а Дела вац.
.
5 cХьайн Веза Дела доггах, доллучу синца а, берриге а ницкъаца а веза. 6 dТахана Ас весет деш долу хӀара дешнаш хьайн даг чохь латтаделахь. 7Шайн берашна хьеха уьш, исраилхой, дийца царах лаьцна шайн цӀенош чохь хевшина Ӏаш а, шаьш некъ беш а, шаьш дӀадуьйшуш а, хьалагӀовттуш а. 8Шайн куьйгаш тӀе дӀадехка уьш билгалонна, шайн хьаьжнашна тӀе а дӀадехка уьш хьехорна. 9ДӀаязде уьш шайн неӀсагӀанаш тӀе, шайн кевнаш тӀе».

ЛацадогӀарна дуьхьал дӀахьедар дар

10 e«Шайн Везачу Дала шун дайшна, ИбрахӀимна, Исхьакхана, Якъубана, шуна дӀадала ваӀда динчу лаьтта тӀе гӀур ду шу. Шуна луш долчу лаьтта тӀехь аша йина йоцу яккхий а, дика а гӀаланаш ю. 11Шуна луш долчу лаьтта тӀехь аша дуьзна доцу, оьшуш мел долчух дуьзна долу цӀенош а, аша яьхна йоцу гӀунаш а, аша кхиийна йоцу кемсийн а, зайт-диттийн а бошмаш а хир ю. Оцу лаьтта тӀехь Ӏаббал баа кхача шайна хилахь, 12варелаш, лоллин цӀа долчу Мисар-махкара шу арадаьхна волу Веза Эла виц ма велаш! 13 fШайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила, Цунна бен гӀуллакх а ма де, Цуьнан цӀарах бен дуйнаш а ма баа. 14Цхьана а кхечу деланашна тӀаьхьа ма хӀитталаш, цхьана а шайна гонах хир долчу кхечу къаьмнийн деланашна а тӀаьхьа ма хӀитталаш, 15хӀунда аьлча шуна юкъахь хуьлуш волу Веза Дела эмгаралла йолу Дела ву. Шу кхечу деланашна тӀедерзахь, Иза, латийна цӀе санна, дарлур а ву, Цо дуьнен тӀера дӀадохур а ду шу.

16 gШайн Веза Дела зен ма гӀерта, шаьш Массехь иза ма-дарра. 17ЧӀогӀа ларделаш шайн Везачу Делан весеташ, цуьнан сацамаш а, парзаш а, шайна тӀедехкина долу. 18Шайн Везачу Далла хьалха нийса а, дика а дерг делаш шайна диканна хилийтархьама а, Везачу Эло, шайн дайшна чӀагӀо а еш, шайна лур ду аьллачу лаьтта тӀе а девлла, иза дола даккхархьама а, 19берриш а шайн мостагӀий, Везачу Эло ма-бохху, аша шайна гучуьра дӀабахийтархьама а.

20Нагахь санна тӀейогӀучу заманахь шун бераша шайга хаттахь: „ХӀун маьӀна ду вайн Везачу Дала вайна тӀебехкинчу оцу сацамийн а, парзийн а, хьехамийн а?“ 21аш цаьрга иштта дӀаала: „Вай Мисар-махкахь пирӀунан леш дара, амма Везачу Эло вай арадехира Шен ондачу куьйгаца. 22ТӀаккха вайн бӀаьргашна хьалха Везачу Эло тамашийна гӀуллакхаш а, Ӏадоран билгалонаш а гайтира Мисаран халкъана а, пирӀунна а, цуьнан массо цӀенна а тӀехь. 23Ткъа Везачу Эло вай цигара ара а дехира, дӀа а дигира, вайн дайшна чӀагӀо а еш, лур ду аьлла долу латта вайна схьадалархьама. 24Дерриг а и парзаш кхочушдан а, вайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила а тӀедиллира вайна Везачу Эло, массо а заманахь вай дика хилийтархьама а, тахана санна, вай дийна дисийтархьама а. 25Нагахь санна вайн Везачу Далла хьалха, и дерриг а весеташ, Цо вайна тӀе-ма-диллара, леррина кхочуш а деш, вай лелахь, иза Далла тамехь хир ду“».
Copyright information for CheCAC2012