Deuteronomy 8
Везачу Эло Шен халкъана луш долчу лаьттах лаьцна
1«Ас тахана шайна деш долу весеташ леррина кхочушделаш, шаьш дийна хилархьама а, дебийтархьама а, дӀа а дахана, шун дайшка Везачу Дала, ваӀда а деш, лур ду аьлла долу и латта шайн дола даккхархьама а. 2Дагахь латтабелаш, яьссачу аренгахула хӀокху шовзткъа шарахь шун Везачу Дала шуьга байтина болу массо а некъ. Цо шуьга и некъ байтина, шайн кӀезигаллина шу къардалийтархьама а, шу зерхьама а, шун даг чохь хӀун ду хаархьама а. Цунна хаа лаьара, аша Шен весеташ лардийр дуйла я доцийла. 3 aЦо шу шаьш-шайна кӀезиг хоьтуьйтуш къардалийтира, мацалла хӀоттийна, гӀелдира, стигалара манна олу кхача белира шуна, шуна а, шун дайшна а хӀун ю а хиъна йоцу. Иза дира Цо шуна дӀагайтархьама, адам деккъа цхьана баьпках дехаш доцийла, амма Везачу Элан багара схьадолучу хӀора дашца дехаш дуйла. 4Шун бедарш шуна тӀехь тиш ца лора, оцу шовзткъа шарахь шун когаш ца бестара. 5Шайн дагахь хилийталаш, шун Везачу Дала, дас шен кӀант санна, шу Ӏамош дуйла а, нисдеш дуйла а. 6Цундела шайн Везачу Делан весеташ ларделаш, Цуьнан некъашца а лелалаш, Цуьнга ларамах дуьзна а хуьлуш. 7Шун Везачу Дала шу беркатечу лаьтта тӀе дӀадуьгуш ду. Оцу лаьтта тӀехь татолаш, Ӏемаш а, шовданаш а ду, тогӀешкара а, лаьмнашкара а схьадуьйлуш долу. 8Оцу лаьтта тӀехь кӀа а, мукх а, кемсийн таьллангаш а, инжирийн а, нарийн а дитташ а, зайт-дитташ а, моз а ду. 9Оцу лаьтта тӀехь цхьа а эшам ца хаалуш, аша шайн бепиг а дуур ду, цхьана а хӀуманна тӀехь эшаме а хир дац шу. Оцу лаьттарчу тархаш чохь эчиг ду, ткъа оцу лаьттан лаьмнаш чуьра аша цӀаста доккхур ду. 10Ткъа шаьш йиина а девлла, дуьзча, Цо шуна делла долчу токхечу лаьттана шайн Везачу Далла хастам белаш».Дела вицварх ларваларх лаьцна
11 b«Ларлолаш, тахана ас шайна тӀедуьллуш долу Цуьнан весеташ, Цуьнан тӀедехкинарш, Цуьнан парзаш кхочуш а ца деш, шайн Веза Дела вицварх. 12Юуш шаьш дуьзча, шайна дика цӀенош а дина, царна чохь шу даха хевшича, 13шайн даккхий а, кегий а бежанаш дебаш хилча, шайн деши а, дети а алсамдолуш хилча, шайн массо а долахь дерг совдолуш хилча, 14варелаш, шайн дегнаш кура а ма довлийталаш а, лоллин цӀа долчу Мисар-махкара шу арадаьхна волу шун Веза Дела виц а ма велаш. 15Чохь дӀаьвше лаьхьарчий болу а, сту лоцу гезгаш йолу а, екъа а, хи доцуш йолу а, йоккхачу, къемате кхерамечу а яьссачу аренгахула шу чекхдаьхнарг Иза вара. Шуна мокхазан тархана чуьра хин хьоста даьккхинарг а Веза Эла вара. 16Цо шуна яьссачу аренгахь манна олу кхача баабора, шуна а, шун дайшна а хӀун ю а хиъна йоцу, шайн кӀезигаллина шу къардалийтархьама а, шу зерхьама а, тӀаьхьа шуна дика дархьама а, 17„Тхан-тхайн ницкъо а, тхан куьйгийн ондалло а карадаийтина тхуна хӀара хьал“, – аьлла, шун даг чу ца дожийтархьама. 18Амма аша шайн дегнаш чохь латтавелаш шайн Веза Дела, хӀунда аьлча шун хьал хилийта шуна ницкъ луш верг Иза ву. Иза иштта лела, ваӀда а дина, шун дайшца Ша бина барт, таханлерчу денна ма-барра, чӀагӀбархьама. 19Нагахь санна шу, шайн Веза Дела виц а вина, кхечу деланашна тӀаьхьахӀиттахь, царна Ӏибадат а деш, царна Ӏамал а еш, шу лелахь, ас тахана тоьшалла до, шу хӀаллакьхир ду аьлла. 20Везачу Эло шуна хьалхара хӀаллакдеш дӀадоху халкъаш санна, хӀаллакдийр ду шу, шайн Везачу Делан озе ла ца дугӀу дела».
Copyright information for
CheCAC2012