c Арадаккхар 34:28.
Deuteronomy 10
Делера болу итт хьехам шолгӀа схьаэцар
(Арадаккхар 34:1-10)
1«Оцу хенахь Везачу Эло соьга иштта элира: „Хьалха йиначарах тера а йолуш, тӀулган керла экъанаш ага хьайна. Дечигах царна тӀорказ а дай, Со волчу лам тӀе хьалавала. 2Оцу экъанаш тӀехь ахьа йохийначу шина экъанна тӀехь хилла дешнаш яздийр ду Аса, ткъа ахь уьш тӀорказ чу охьаяхка“. 3ТӀаккха акаци олучу дечигах ас тӀорказ а дира, хьалхалернаш санна йолу ши экъа а йира. И ши экъа карахь а йолуш, со лам тӀе велира. 4Везачу Эло, Ша хьалха лам тӀехь гуламан дийнахь цӀеран юккъера схьааьлла болу итт хьехам оцу экъанаш тӀе дӀа а язбина, уьш соьга схьаелира. 5ТӀаккха, лам тӀера юха а вирзина, Везачу Эло сайна тӀе-ма-диллара, айса динчу тӀорказ чу ехкира аса и экъанаш. Уьш хӀинцца а цигахь ю». 6( aИсраилхой Баировт-Баней-ЯӀакханера гӀунаш тӀера Мосире дӀабахара. АхӀарон дӀакхелхира, иза цигахь дӀавоьллира. Цуьнан метта динан да дӀахӀоьттира цуьнан кӀант ЭлиӀазар. 7Эццара уьш Гуди-Гуде бахара, ткъа цу тӀера – Ютбате. Иза хиш долу латта дара. 8 bХӀетахь Везачу Эло Левин тайпа дӀакъастийра, цуьнга Везачу Элаца динчу бертан тӀорказ дӀасалеладайтархьама а, Везачу Элана хьалха гӀуллакх дайтархьама а, Цуьнан цӀарах декъалдарш дӀакхайкхадайтархьама а. Таханлерчу дийне схьакхаччалц иза хӀинца а иштта схьадогӀуш ду. 9Цундела шайн вежарийн долчух лаьттан дакъа дац левихойн, церан долахь латта а дац. Лаьттан декъан метта Веза Эла ву церан, цаьрга хьан Везачу Дала дӀа-ма-аллара.) 10 c«Хьалха санна, ас шовзткъа де-буьйса даьккхира лам тӀехь. Везачу Эло хӀинца а ладуьйгӀира соьга. Цунна ца лиира исраилхой хӀаллакбан. 11ТӀаккха Везачу Эло иштта элира соьга: „Вало, оцу халкъана хьалхавала, новкъа баха уьш, церан дайшна Ас чӀагӀо еш лур ду аьлла долу латта шайн дола даккхийтархьама“».Везачу Элан омранаш
12«Исраилан халкъ, хӀун лаьа те хьан Везачу Далла хьоьгара? Цунна лаьа хьайн Везачу Деле бен ларамах хьо вуьзна ца хилар, Цуьнан некъашца хьо лелар, Иза хьуна везар, хьан Везачу Далла ахь гӀуллакх дар даггара а, доллучу хьайн синца а хилар. 13Цунна лаьа ас тахана хьайна тӀедуьллуш долу Везачу Элан весеташ а, парзаш а ахь лардар, хьуна дика хилийтархьама. 14Хьан Везачу Делан ю стигал а, уггар лакхара стигалш а, латта а, цунна тӀехь мел дерг а. 15Хьан дайшна тӀе бен ца хьажийна Везачу Эло уьш безаран Шен лаам. Дерриг а халкъашна юкъара Цо шу, церан тӀаьхье ерш, хаьржира. Тахана а иштта ма ду иза. 16Шайн дегнийн дуьхьлара пардо дӀахададейша, ма хилийша кхин дӀа а юхахьара. 17 dХьан Веза Дела – деланийн Дела а, олахойн Олахо а ву. Иза сийлахь а, нуьцкъала а, ларамах вузуьйту Дела а ву. Цо озабезамаш ца бо, Цо кхаьънаш а ца ийдо. 18Цо ларйо байлахь болчеран а, бисинчу зударийн а бакъонаш. Цунна тӀевеанарг а веза, Цо даа-мала а, тӀедуху хӀума а ло цунна. 19Везалаш шаьш долчохь ваха хиъна волу тӀевеана стаг, хӀунда аьлча шу шаьш а ма дара тӀедаьхкинарш Мисар-махкахь. 20Шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хилалаш, Цунна цхьанна гӀуллакх делаш. Цуьнгахьа дирзина хилалаш, Цуьнан цӀарах бен дуйнаш ма баалаш. 21Шайн хастамаш Цунна дӀало. Иза шун Дела ву. Шун бӀаьргашна гина долу и сийлахь долу а, ларамах дузуьйтуш долу а гӀуллакхаш шуна дина волу Дела ву Иза. 22 eШун дай Мисар-махка баьхкинчу хенахь, уьш кхузткъе итт стаг бен вацара, ткъа хӀинца шун Везачу Дала, стигалара седарчий санна, алсамдаьхна шу».
Copyright information for
CheCAC2012