d Арадаккхар 13:12.
Deuteronomy 15
ВорхӀалгӀачу шарах лаьцна
(Ӏамалъяр 25:1-7)
1«ВорхӀ шо чекх мосазза долу, декхарш схьа ца дохуш дита. 2Гечдар иштта хуьлу: шен юххерачунна юхалург хӀума елла волчу, муьлххачу стага, и декхар шен къомах волчунна гечдан деза. И декхар цо цуьнгара схьадеха ца деза, хӀунда аьлча Везачу Эло дӀакхайкхийра, декхарш схьа ца дохуш дита аьлла. 3Кхечу махкара волчуьнгара декхар схьадаккха, ткъа шайн къомах волчо шуна дӀадала дезаш долу декхар схьа ца доккхуш дита. 4Делахь а, шуна юкъахь мисканиг хила ца веза, хӀунда аьлча шун Везачу Дала шун дола дӀалуш долчу лаьтта тӀехь шу шортта декъалдийр ду. 5Иза иштта хир ду, нагахь санна шайн Везачу Деле бен аша ладугӀур дацахь а, тахана ас шайна тӀедохкуш долу весеташ аша леррина кхочушдахь а. 6Шу иштта лелахь, шун Везачу Дала шу декъалдийр ду, Ша шуьга ма-аллара. Аша дуккха а долчу халкъашна юхалург а лур ду, ткъа цаьргара юхалург хӀумма схьа а оьцур яц. Аша дуккха а халкъашна тӀехь олалла дийр ду, ткъа цара шуна тӀехь олалла дийр дац. 7 aНагахь санна шун Везачу Дала шуна схьалуш долчу лаьтта тӀерачу цхьана гӀалахь шун къомах болчарах цхьаъ къен хилахь, варелаш, шайн дегнаш чӀагӀ а ма делаш, шайн куьйгаш а ма дехкалаш къечунна гӀо дан. 8Амма шайн куьйгаш дӀа а деллий, цунна мел оьшург юхалург лолаш. 9„Декхарш дуьтуш долу ворхӀалгӀа шо тӀекхочуш ду“, – боху цӀена йоцу ойла шайн даг чу йожарх, варелаш, ларлолаш. Иза а аьлла, шайн къомах волчунна хьалха шу бӀаьрмециг довла мега, цунна юхалург хӀума а ца елла. Ткъа цо Везачу Эле латкъам бан тарло, тӀаккха иза шуна къилахь лорур ду. 10ПаргӀат юхалург ло цунна, шайн дегнаш чохь яппарш а ца еш. Аш иштта делча, шун Везачу Дала шун массо а гӀуллакхашна тӀехь а, шун куьйгаша мел дечунна тӀехь а шу декъалдийр ду. 11 bКъен адамаш-м даим а хир ду шун махкахь. Цундела шайн комаьрша куьг кховдаде шайн лаьтта тӀехь шайн къомах мел волчу къечунна я мискачунна».Леш лелорах лаьцна
(Арадаккхар 21:1-11)
12 c«Нагахь санна шун Ӏебархойн къомах волу стаг я зуда шуна лолла вохкалахь, иза ялх шарахь шун лай хила веза. Амма ворхӀалгӀачу шарахь дӀахеца иза. 13Шаьш иза дӀахецча, даьссачу куьйгашца ма вахийталаш иза. 14Комаьршаллица яхьийта цуьнга шайн уьстагӀех, шайн хьаьтта тӀера долчух, шайн муттдоккхургех долу дакъа. ДӀало цунна, шун Везачу Дала шаьш мел декъалдинчуьнга хьаьжжина. 15Дагахь латтаделаш Мисар-махкахь шаьш леш хилла лелар а, шайн Везачу Дала шу паргӀатдахар а. Цундела тӀедуьллу ас шуна тахана хӀара. 16Нагахь санна, шу долчохь шена дика хилла дела, цо шуьга иштта алахь: „Со дӀа ца воьду шу долчуьра, сайна шу а, шун доьзал а беза дела“, – 17аша, ю схьа а эций, цуьнан лергах иза чекх а яккхий, неӀарх Ӏотта. ТӀаккха иза гуттаренна а шун лай хилла вуьсур ву. Изза делахь гӀарбашна а. 18Холчу ма даккха шайна иза дӀахеца везаш хилар, хӀунда аьлча ялх шарахь ша бина болу болх цо мехах аш лаьцна волчу белхалочо бинчул шозза йораха бина. Мелхо а, цу бахьаненна шун Везачу Дала аш мел деш долчунна тӀехь шу декъалдийр ду».Дуьххьарлера бежанаш а, уьстагӀий а
19 d«Шайн бежанех а, уьстагӀех а дуьххьара дуьнен чу яьлла йолу боьрша хӀума шайн Везачу Далла дӀакъастае. Дуьххьарлерчу эсана тӀехь болх ма белахь, дуьххьарлера Ӏахар ма ларгалахь. 20Шайн Везачу Далла хьалха хӀора шарахь аша а, шун доьзало а даалаш и дийнаташ Везачу Эло Шена хоржур йолчу меттехь. 21Нагахь санна оцу дийнатех цхьанна тӀехь цхьа айп делахь, астагӀа я бӀаьрзе иза хилахь, я муьлхха а кхин тайпа айп долуш хилахь, шайн Везачу Далла сагӀина лерина дӀа ма ло иза. 22Амма шайн гӀаланашкахь даалаш цуьнан жижиг. Иза Далла гергахь цӀена волчо а, цӀена воцучо а даа мегар ду, масаран я сен жижиг санна. 23 eАмма цуьнан цӀий ма даалаш. Иза, хи санна, лаьтта тӀе дӀаӀанаделаш».
Copyright information for
CheCAC2012