eАрадаккхар 23:6-8; Ӏамалъяр 19:15.
f Арадаккхар 34:13.
Deuteronomy 16
Пасахьан дезачу денойх лаьцна
(Арадаккхар 12:1-20)
1 a«Абиб ▼▼Абиб – Ӏебархойн календарца хьалхара бутт бара. Вайн календарца март-апрель беттанашкахь нисло иза.
олучу баттахь шайн Везачу Далла лерина Пасахьан деза денош дазде, хӀунда аьлча оцу беттан цхьана буьйсанна шун Везачу Дала Мисар-махкара арадаьхнера шу. 2Везачу Эло Ша Ӏайтархьама къастор йолчу меттехь, шун Везачу Далла лерина долу Пасахьан сагӀа санна, шайн жех я бежанех цхьана дийнатна урс хьакха. 3Цуьнан жижигца совсийна хӀума ма яалаш. ВорхӀ дийнахь совсоза баьпкаш даалаш цуьнца, баланийн долу баьпкаш, хӀунда аьлча шу сиха арадевллера Мисар-махкара. Даалаш и баьпкаш, дуьнен чохь шу мел деха шаьш арадовлар шайна диц ца далийта. 4ВорхӀ дийнахь шун махкахь цхьанхьа а совсуьйту цхьа а хӀума каро ца еза. Хьалхарчу дийнахь, суьйранна, сагӀа даккха, ткъа жижигах долу цхьа а дакъа Ӏуьйренга ма далийта. 5Шун Везачу Дала шайна лун йолчу гӀаланийн цхьанна а чохь Пасахьан сагӀина лерина долчу дийнатна урс хьокхийла дац шун. 6Шун Везачу Дала Ша Ӏайтархьама къастор йолчу меттехь бен Пасахьан дийнатна урс ма хьакхалаш, сарахь, малх дӀабузучу хенахь, шун дай Мисар-махкара арабевллачу хенахь. 7Шун Везачу Дала къастор йолчу оцу меттехь дийнатан жижиг кхехка а делаш, иза даа а даалаш. Ткъа шолгӀачу дийнахь шайн четарш чу юхадерза йиш ю шун. 8Ялх дийнахь совсаза долу баьпкаш даа, ткъа ворхӀалгӀачу дийнахь шайн Везачу Далла беза гулам дӀахӀоттабе. Оцу дийнахь цхьа а болх ма бе». Ялта чудерзоран деза де
(Арадаккхар 34:22; Ӏамалъяр 23:15-21)
9 c«Маьрсаца кӀа хьокхучу хьалхарчу денна тӀера ворхӀ кӀира дагарде. 10Цул тӀаьхьа шайн Везачу Далла лерина ШавуӀот цӀе йолу дезде дазделаш, шайн лаамца долу сагӀа а доккхуш, шайн Везачу Дала шу декъалдаре хьаьжжина. 11Шайн Везачу Далла хьалха сакъералуш хила Цо Ша Ӏайтархьама къастор йолчу меттехь – шу а, шун кӀентий а, йоӀарий а, шун леш а, гӀарбашаш а, шун гӀаланашкахь Ӏаш болу левихой а, тӀебаьхкина нах а, иштта бай а, бисина Ӏаш болу зударий а. 12Мисар-махкахь шаьш леш хилла лелар дагахь латтаде. Цундела и парзаш лар а де, уьш кхочуш а де».Адамаш кхалораш кӀелахь Ӏаш долу деза денош
(Ӏамалъяр 23:33-43)
13 d«Кхалораш кӀелахь Ӏаш долу деза денош ворхӀ дийнахь дазде, шаьш аренаш тӀера ялта хьаькхна девлча а, шайн муттдоккхургашна чуьра чагӀар схьадаьккхина девлча а. 14Оцу дезачу деношкахь сакъера – аша а, шун кӀенташа а, йоӀарша а, шун леша а, гӀарбашаша а, шун гӀаланашкахь Ӏаш болчу левихоша а, тӀебаьхкинчу наха а, байша а, бисинчу зударша а. 15ВорхӀ дийнахь шайн Веза Дела лоруш дазделаш и денош, Везачу Эло къастор йолчу оцу меттехь. Кхоччуш сакъералуш хилалаш, хӀунда аьлча шун Везачу Дала аш ялта чудерзоран балхана тӀехь а, шун куьйгаша мел дечу гӀуллакхашна тӀехь а декъалдина ду шу. 16Шарахь кхузза халкъана юкъара боьрша стаг мел верг шен Везачу Далла хьалха дӀахӀотта веза Цо къастор йолчу оцу меттехь – совсазчу баьпкан дезачу дийнахь, ШавуӀот цӀе йолчу дезачу дийнахь, Кхалорийн дезачу деношкахь. Цхьа а стаг Везачу Элана хьалха даьссачу куьйгашца ван ца веза. 17ХӀорра а шен Везачу Дала ша декъалваре хьаьжжина, Везачу Элана лерина долу совгӀат карахь а дахьаш ван веза».Кхелъяр
18«Шун Везачу Дала шайна лур йолчу массо а гӀаланашкахь шайн-шайн тайпанийн латтанашкахь кхелахой а, тӀехьовсурш а дӀахӀиттабе. Иза де цаьрга халкъана тӀехь нийса кхел яйтархьама. 19 eМа талхаделаш кхелъяр, цхьаьнгге а озабезам ма белаш. Ма эцалаш кхаьънаш, хӀунда аьлча кхаьънаша хьекъале берш а бӀарзбо, нийса болчеран гӀуллакхаш хийцадолуьйту. 20Массо а хенахь бакъйолу кхел бен ма елаш, шаьш дийна хилийтархьама а, шайн Везачу Дала шайна луш долу латта дола даккхархьама а. 21 fШайн Везачу Далла аша дӀахӀоттор болчу сагӀа доккхучу кхерчана уллохь Ашера-далла лерина болу цхьа а дечиган бӀогӀам ма хӀоттабелаш gХарцделанашна а тӀулгаш дӀа ма хӀиттаделаш. Иза шун Везачу Далла цадезарг ду».22
Copyright information for
CheCAC2012