aАрадаккхар 22:20.
Deuteronomy 17
1«Шайн Везачу Далла сагӀина сакхт долу, я кхин заралла долу сту я уьстагӀ ма балаш, хӀунда аьлча иза Цунна дегаза хета. Иза Везачу Далла хьалха дегаза ду. 2Нагахь санна шун Везачу Дала шуна луш йолчу цхьана гӀалахь, Делаца бина барт а бохош, Цунна зуламе хеташ дерг дина цхьа стаг я зуда хилахь, 3 aнагахь санна цара, Ас тӀедиллина долчунна дуьхьал а лелаш, кхечу деланашна Ӏамал а яхь, я царна, я малхана, я баттана, я стигалийн ницкъашна Ӏибадат а дахь, 4ткъа шуьга царах лаьцна хаам а беана, шуна иза схьахазахь, аша и гӀуллакх леррина талла деза. Нагахь санна и дегаза хӀума исраилхошна юкъахь далийтина хилар билггал бакъ хилахь, 5аша и зулам дина волу стаг я зуда гӀалин кевнашна арахула тӀе а валавай, иза валлалц цунна тӀе тӀулгаш кхисса. 6 bШина я кхаа тешо динчу тоьшаллица бен и бехкеверг вен ца веза. Стаг вен кхел ярхьама, теш цхьаъ хилла Ӏан ца веза. 7 cТоьшалла деш болчеран куьйгаш массерачул а хьалха хьалаайина хила деза и стаг вен, цул тӀаьхьа дерриге а халкъо царна тӀулгаш кхисса деза. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха. 8Нагахь санна цхьа къовсаме долу гӀуллакх цхьалхадаккха шайна хала делахь, – и гӀуллакх цӀий Ӏанорах лаьцна, девнах лаьцна, я чов ярх лаьцна делахь, – шун гӀаланашкара нах берриш а цхьатерра реза бацахь, хьала а гӀовттий, шайн Везачу Дала къастор йолчу оцу метте дӀагӀо. 9Левихой болчу динан дайшна а, оцу деношкахь кхел еш хир волчу кхелахочунна а тӀе а гӀой, цаьрга хатта, тӀаккха цара эр ду шуьга кхел нийса муха ян еза. 10И гӀуллакх Везачу Эло къастор йолчу меттехь, цара ма-аллара, чекх а даккха, цара шайна хьехнарг дерриг а кхочушдан а хьажа. 11Цара шайна хьехначу хьехамашца а, цара тӀедиллинчуьнца а лелалаш. Цара аьллачунна тӀера я аьтту, я аьрру агӀор ма довлалаш. 12Ткъа цигахь шун Везачу Далла гӀуллакх деш волчу динан дас а, кхелахочо а бохург ца деш кӀоршаме леларг вен веза. Иштта дӀадаккха исраилхошна юкъара зулам. 13Иза дерриге а халкъана дӀахезар ду. Нах кхералур бу, уьш кхидӀа кӀоршаме лелар бац».Паччахьах лаьцна долу весет
14 d«Шайн Везачу Дала шайна луш долчу лаьтта тӀе а даьхкина, латта шайн дола а даьккхина, цигахь шаьш даха хевшича, аша иштта ала мега: „Ваьшна тӀехь паччахь дӀахӀоттаве вай, вайна гонах долчу халкъаша ма-хӀоттаварра“. 15Иштта делахь, шун Везачу Дала схьахаьржжинарг дӀахӀоттавелаш шайна тӀехь паччахь. И паччахь шун гергарчарна юкъара хила веза. Кхечу махкара волу а, шун къомах воцу а стаг шуна тӀехь паччахь дӀахӀоттавойла дац. 16 eЦо шена дукха говраш а ма гулйойла, нах Мисар-махка а ма бахийтойла, шена кхин говраш хилийтархьама, хӀунда аьлча Везачу Эло шуьга аьлла дара: „Мисар-махка юха ма дуьйлалаш“. 17 fШен дог Делах ца тилийтархьама, шена дукха зударий а ма балабойла цо. Иштта деши а, дети а дукха ма гулдойла цо. 18Амма шен паччахьаллин гӀанта тӀе ша охьахиъча, левихойн динан дайшкахь долчу тептарш тӀера хӀара товрат-хьехамаш шена дӀаязбан беза цо. 19И дӀаяздина тептар цуьнгахь хуьлийла, ша мел вехачу деношкахь даим а доьшийла цо иза, шен Везачу Деле ларамах вуьзна хила Ӏамархьама а, и берриге а товрат-хьехамаш а, парзаш а леррина кхочушдархьама а. 20Цуьнан дог кура ма долийла шен къомах болчарна хьалха, оцу весеташна тӀера дӀа ма волийла иза я аьтту, я аьрру агӀор, иза а, цуьнан кӀентий а дуккха а хенашкахь исраилхошна тӀехь паччахьалла деш хилийтархьама».
Copyright information for
CheCAC2012