bӀамалъяр 19:26; Арадаккхар 22:18.
Deuteronomy 18
Дахарехь динан дайн декъах лаьцна
1«Динан дай болчу левихошна а, дерриг а левихойн тайпанна а лаьттан дакъа кхочур дац Исраилан махкахь. Везачу Элана деанчу сагӀанех дакъа кхочур ду царна, цунах хир ду церан рицкъа. 2 aШайн вежаршна-исраилхошна юкъахь лаьттан дакъа кхочур дац левихошна. Церан дакъа Веза Эла ву, Цо Ша цаьрга ма-аллара. 3Стерчий я уьстагӀий сагӀина деанчу наха динан дайшна дӀаяла еза цу дийнатийн хӀара меженаш: тӀа а, мочхалш а, искиртиг а. 4Иштта дуьххьара гулдина ялта а, даьккхина чагӀар а, даьтта а, уьстагӀашна тӀера дуьххьара лергина тӀаргӀа а дӀало царна. 5ХӀунда аьлча шун Везачу Дала къастийна уьш шуна юкъара, Шена хьалха а лаьтташ, цара а, церан тӀаьхьено а Везачу Элан дуьхьа гӀуллакх дархьама. 6Муьлхха а левихо, ша Ӏийначу гӀали чуьра Исраилан мехкан мичча а меттера дӀа а вахана, Везачу Эло къастийначу метте шен деган лаамца ван йиш йолуш ву. 7Цигахь Везачу Элана Ӏамал еш болу шен вежарий левихой санна, шен Везачу Далла гӀуллакх деш иза велахь, 8вукху левихоша санна, цхьатерра дакъа схьаэца йиш ю цуьнан, шен ден бахам боьхкина эцначул совдаьккхина».Кхечу къаьмнийн нехан гӀиллакхех ларвалар
9«Шайн Везачу Дала шайна лун долчу лаьтта тӀе шаьш даьхкича, кхечу халкъаша лелийна боьха гӀуллакхаш дан ма Ӏамалаш. 10 bШайна улло ма вита шен кӀант я йоӀ цӀергахь дагош верг, пал тосуш верг, жинашца тайнарг, эвлаяъ, бозбунчалла лелош верг, 11 cадамийн синош тӀедоьхуш верг, молханаш лелош верг, беллачу нахаца къамел дан гӀерташ верг. 12ХӀунда аьлча Везачу Элана боьха хета и гӀуллакхаш лелош берш, цундела шуна хьалхара дӀалохку Цо и халкъаш, церан боьха гӀуллакхаш бахьана долуш. 13 dШайн Везачу Далла хьалха цӀена хила».Пайхамар воуьйтур ву аьлла, ваӀда дар
14«Аш дӀалохкур долчу цу халкъаша пал тосучаьрга а, бозбунчашка а ладугӀу, ткъа шун Везачу Дала шуна иза дан пурба ца делла. 15 eШуна юкъара, шун вежарех, со санна, шун Везачу Дала Пайхамар воуьйтур ву шуна. Цуьнга ладогӀа. 16Дала иза лур ву шуна аша вехарна, хӀунда аьлча шаьш Хьариб-лам тӀехь гулделлачохь аш дехна: „ХӀинца чул тӀаьхьа тхан Везачу Делан аз ма хозийла тхуна, кхин хӀара сийлахь цӀе а ма гойла тхуна, тхо хӀаллак ца хилархьама!“– бохуш. 17Везачу Эло соьга элира: „Дика ду цара иза доьхуш хилар. 18Ас церан вежаршна юкъара хьо санна волу Пайхамар лур ву царна. Бийца мотт лур бу Ас Цунна, тӀаккха Ас Шена тӀедиллинарг нахе дӀаэр ду Цо. 19 fСайн Пайхамарехула Ас бохучуьнга ла ца доьгӀначуьнгара Ас жоп доьхур ду. 20Ас шена тӀедиллина доцург Сан цӀарах дуьйцуш волу пайхамар а, кхечу деланийн цӀарах къамел деш волу пайхамар а хӀаллакве“. 21Аш ойла ян тарло: „Тхуна муха хуур ду Везачу Элера ду я дац пайхамаро дуьйцуш дерг?“ 22Нагахь пайхамаро Везачу Элан цӀарах аьлларг кхочуш ца хилахь, и дешнаш Везачу Элера дац. Уьш цу пайхамаро шегара дуьйцуш ду. Цунах ма кхера!»
Copyright information for
CheCAC2012