Deuteronomy 20
ТӀемах лаьцна тӀедиллинарг
1«Шайн мостагӀашна дуьхьал тӀом бан шу доьлхуш шун чул дукха йолу церан говраш, гӀудалкхаш, тӀемалой шайна гича, кхера ма лолаш, хӀунда аьлча Мисар-махкара шу арадаьхна волу шун Веза Дела шуьца ву. 2Шу тӀаме новкъа довлуш, динан дас, хьалха а ваьлла, халкъе иштта ала деза: 3„ЛадогӀа соьга, Исраилан халкъ! Аша тахана шайн мостагӀчуьнца тӀом дӀаболош бу. Доьналлех ма довлалаш, ма кхералаш, царах ма озалолаш, Ӏадийна ма хилалаш! 4ХӀунда аьлча шун Веза Дела шуьца новкъа ваьлла мостагӀчух тасадала шуна гӀо дархьама. Цо шуьга толам боккхуьйтур бу“. 5ТӀехьовсучара эскаре иштта дӀахьедан деза: „Керла цӀа дӀа а хӀоттийна, иза Далла къобалдина воцург, шен цӀа юхаверза. Иза тӀамехь вен тарло, тӀаккха цуьнан цӀа кхечу стага къобалдийр ду. 6Кемсийн беш а йоьгӀна, цунна тӀера стом схьа ца баьккхинарг а шен цӀа юхаверза. ХӀунда аьлча иза тӀамехь лахь, кхечу стага пайда оьцур бу цуьнан кемсийн бешах. 7Зудчуьнца захало а дийцина, иза схьаяло цакхиънарг а шен цӀа юхаверза. ХӀунда аьлча иза тӀамехь лахь, цуьнца захало дийцина йолу и зуда кхечу стага юьгур ю шена“. 8ТӀехьовсучара кхин а иштта дӀахьеде эскаре: „Кхоьруш верг а, доьналла доцург а шен цӀа верза, кхечу тӀемалойн дегнаш, цуьнан дог санна, кӀеда ца хилийтархьама“. 9Эскаре къамел дина девллачул тӀаьхьа, тӀеман хьаькамаш схьахаржа, уьш тӀемалошна хьалха бовлийтархьама. 10Шаьш цхьа гӀала дӀалацархьама цунна герга даьхкича, цкъа хьалха барт бан хьовсалаш. 11Нагахь санна, реза а хилла, цара гӀалин ков дӀаделлахь, оцу гӀалахь мел болчарах шун леш хир бу, ткъа аша цаьрга белхаш бойтур бу. 12Нагахь санна, реза а ца хилла, цара шуьца тӀом дӀаболабахь, аша цу гӀалина го белаш. 13Шун Везачу Дала и гӀала шун кара схьаелча, цуьнан боьрша нах берриш а хӀаллакбе туьран ираллица. 14Амма цуьнан ерриг а хӀонс (зударий а, бераш а, даьхни а, гӀалахь мел дерг а) шайна схьа а эций, шун Везачу Дала шун кара яийтинчу мостагӀийн хӀонсах шайна пайда эцалаш. 15Оцу кепара аша дан деза шайна уллорачу къаьмнийн долахь йоцучу а, шуна дикка гена йолчу а массо а гӀаланашна. 16Ткъа шун Везачу Дала шун дола схьалуш долчу лаьттахь йолчу гӀаланашкахь цхьа а чохь са долу хӀума дийна ма йиталаш. 17Шун Везачу Дала тӀе-ма-диллара, Цунна дӀа а къастадай, хӀара халкъаш кхоччуш дакъазадаха: хьетахой а, эмархой а, канаӀанхой а, перезахой а, хьаьвихой а, явсайхой а. 18Иза делаш, шайн деланашна цара лелош долу дегаза гӀуллакхаш дан шайна цаьрга Ӏама а дойтуш, шайн Везачу Далла дуьхьал къа ца латорхьама. 19Нагахь санна, толам а баьккхина, шайна схьаяккхархьама, цхьа гӀала го бина аша дукха латтаяхь, оцу гӀалин дитташ, шуна баа стом лун дерш, ма дохаделаш. Дагарца ма хададелаш и дитташ. Аренгахь лаьтташ долу дитт адам ма дац, шу тӀелата дезаш долу. 20Шайна девзаш долу баа мега стом луш доцу дитташ дохо а, дӀахадо а мегар ду, шайца тӀом беш йолчу гӀалина дуьхьал чӀагӀонаш дӀахӀитторхьама, шаьш цунна тӀехь толам баккхалц».
Copyright information for
CheCAC2012