Deuteronomy 22
1 a«Кхечу исраилхочун тилабелла сту я уьстагӀ шайна гича, и дийнат ма диталаш, оцу стагана юхадерзаделаш иза. 2Нагахь санна дийнатан да шуна гергахь вацахь, я шуна иза вевзаш вацахь, дийнат шайн керта схьа а даладай, шайн кертахь латтаде, цуьнан дас иза лоьхучу ханна. Цул тӀаьхьа цунна дӀало иза. 3Изза делаш кхечу исраилхочун вираца я бедаршца. Изза делаш цуьнан яйначу, ткъа шуна карийначу муьлххачу а хӀуманца. Оцу тӀера шун дӀадовлийла дац. 4Кхечу исраилхочун вир я сту охьабоьжна шайна гахь, и дийнат ма дита, цуьнца цхьаьна хьалагӀаттабе иза. 5Зударшна тӀехь божарийн духар хила ца деза, божарша а духа ца деза зударийн духар, хӀунда аьлча иштта дерг деш волу муьлхха а стаг шун Везачу Далла дегаза хета. 6Нагахь санна некъ беш цхьана дитта тӀехь я лаьтта тӀехь чохь кӀорнеш я хӀоаш долу олхазаран бен шуна нислахь, ткъа церан нана оцу кӀорнеш тӀе я хӀоаш тӀе хиъна хилахь, и нана кӀорнешца цхьаьна схьа ма эцалаш. 7КӀорнеш шайна схьаэцалаш, ткъа нана дӀахеца хьовсалаш, шуна дика хилийтархьама а, шун хан яхъялийтархьама а. 8Нагахь санна керла цӀа дӀахӀоттор делахь, шайн шерачу тхевнна тӀехь керт дӀахӀоттае. Иза делаш нагахь оцу тхевнна тӀера цхьаъ охьакхетахь, шайн цӀенна цӀий ца хьарчийтархьама. 9 bШайн кемсийн бешахь кхечу хӀуманийн хӀуш ма де. Аша кхечу хӀуманийн хӀуш цигахь дехь, дерриг а ялта – аша дийнарг а, кемсийн стоьмаш а – аша шайна схьагулдан мегар дац. 10Сту а, вир а цхьаьна дӀа ма йожа, цаьрца охана дархьама. 11Шайна тӀе а ма духа тайп-тайпанарчу тайнех дуьйцина долу духар: эханган а, ветанан а теш цхьаьна доьзна долу. 12 cШаьш тӀетосучу хӀуманна еа а маьӀӀе чечакхаш тӀетега».Маренца йоьзна йолу цӀеналла
13«Нагахь санна цхьаммо, шена зуда а йигина, ткъа тӀаьхьа и зуда чӀогӀа еза а ца елла, 14цунна дуьхьал телхина гӀуллакхаш а долийна, цунах лаьцна цӀе кхуллу хабар а даьккхина: „Аса хӀара зуда ялийнера, амма иза йоӀстаг ца хилла“, – алахь, 15оцу кхиъначу йоӀан дас-нанас шайн йоӀ йоӀстаг хиларан билгало ара а яьккхина, гӀалин къаношка дӀагайта еза гӀалин кевнехь. 16Оцу йоӀан дас къаношка иштта дӀаала: „Сайн йоӀ аса хӀокху стаге маре дӀаелла, ткъа хӀинца иза цунна ца еза. 17Цундела цо цунах лаьцна харцдерг дуьйцу. Цо боху: ‘Суна ца карийра хьан йоӀ йоӀстаг хилар’. ХӀара ю сан йоӀ йоӀстаг хиларан билгало“. Цара и билгало йолу хӀума гӀалин къаношна хьалха охьаюьллур ю. 18Ткъа гӀалин къаноша, и стаг схьа а лаьцна, цунна таӀзар дийр ду. 19Оцу стагана бӀе шекхал дети далар тӀедуьллур ду. И ахча йоӀан дена дӀалур ду, исраилхойн йоӀах лаьцна зуда ялийначо харцдерг дийцарна. Ткъа иза цуьнан зуда хилла юьсур ю. Ша мел веха оцу стагана дихкина ду шен зудчух дӀакъастар. 20Нагахь санна дийцинарг бакъ а хилла, и йоӀ йоӀстаг ца хилахь, 21тӀаккха иза цуьнан ден цӀийнан неӀаре схьаяло еза, гӀалин бахархоша цунна тӀулгаш кхуьссур ду иза яллалц, исраилхошна юкъахь цо эхье гӀуллакх лелийна дела: шен ден цӀахь йоллушехь, нахаца лелла иза. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха. 22Нагахь санна марехь йолчу зудчуьнца цхьаъ вижина каравахь, и шиъ ший а ден деза: зудчуьнца вижина хилла волу стаг а, и зуда а. Иштта исраилхошна юкъара зулам дӀадаккха. 23Нагахь санна къона зуда, цхьана стагана захало дийцина а йолуш, гӀалахь кхин цхьаъ, цунна дуьхьал а кхетта, цуьнца леллехь, 24и ший а оцу гӀалин кевне схьадаладе. Уьш баллалц царна тӀулгаш кхисса: йоӀ е, цо гӀалахь мохь ца хьекхна дела, ткъа стаг ве, цо кхечу стеган зуда сийсазъяьккхина дела, ткъа стагана – цо шен уллорачун зуда сийсазъяьккхина дела. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха. 25Нагахь санна захало дийцина йолчу йоӀана арахь цхьаъ дуьхьал а ваьлла, катоьхна схьа а лаьцна, и йоӀ цо хьийзинехь, тӀаккха цуьнца хилла волу и стаг бен вен ца веза, 26ткъа йоӀана хӀумма а ма де: оцу йоӀана тӀехь и ен хьакъ долу зулам дац. ХӀунда аьлча иштта дина хӀума цхьамма, кхечунна дуьхьал а ваьлла, иза вер санна лоруш ду. 27Цо и йоӀ аренгахь схьалаьцна, йоӀа мохь мел хьекхарх, иза кӀелхьаръяккха стаг ца хилла цигахь. 28 dНагахь санна, цхьамма захало дийцина йоцучу йоӀана дуьхьал а ваьлла, схьа а лаьцна, иза хьийзича, и хӀума гучудалахь, 29тӀаккха оцу йоӀаца хиллачо цуьнан дена шовзткъе итт шекхал дети дала деза, ткъа иза цуьнан зуда хила еза, цо иза сийсазъяьккхина дела. Ша мел веха, оцу зудчух дӀакъаста дихкина ду оцу стагана. 30 eЦхьаммо а шен ден кхин зуда йига а ца еза, и дарца шен ден дӀавуьжу мотт сийсаз а беш».
Copyright information for
CheCAC2012