‏ Deuteronomy 24:19-22

19 aШун кха тӀехь ялта чудерзош шуна цхьа цӀов бицлахь, иза схьаэца юха ма дерзалаш. Иза тӀевеанчунна а, бона а, йисинчу зудчунна а бита, аша мел деш долчу гӀуллакхаш тӀехь шайн Везачу Деле шаьш декъалдайтархьама. 20Шайн зайт-дитташ тӀера стоьмаш охьаэгийча, юха ма дерза, кхин а цкъа гаьннашна гӀаж еттархьама. Дисинарг дита уьш тӀевеанчунна а, бона а, йисинчу зудчунна а. 21Шайн кемсийн бешара стоьмаш схьадохуш, йисина кемсаш схьа ма яха. ТӀевеанчунна а, бона а, йисинчу зудчунна а йита уьш. Дагахь латтаде Мисар-махкахь шаьш леш хилла лелар. Аса цундела тӀедуьллу шуна хӀара дар».22

Copyright information for CheCAC2012