f Арадаккхар 17:8-14; Шамъал 15:2-9.
Deuteronomy 25
1«Нагахь санна адамашна юкъахь къовсаме даьлла хӀума делахь, уьш кхеле озо беза. Цигахь бехке воцург бакъван веза, бехке волчунна кхел ян еза. 2Нагахь санна бехкеволчунна серий детта хьакъ делахь, кхелахочо цунна шена хьалха серий деттийта омра дан деза, цо динчу зуламе хьаьжжина, дагар а деш, деттийта деза. 3 aШовзткъазза тохийта мегар ду, амма кхин сов тохийта мегар дац, дуккха а деттийтина, шун бӀаьргашна а гуш, шайн къомах верг юьхьӀаьржачу ца хӀоттийтархьама. 4 bОручу стеран бат дӀа ма къовла».Веллачу вешина лерина долу декхар
5 c«Нагахь санна цхьаьна Ӏаш болчу вежарех кӀант воцу цхьа ваша дӀакхалхахь, веллачун зуда гергара воцучу кхечуьнга маре яха ца еза. Цуьнан марвашас иза шена яло а еза, цуьнца ваха а веза, марвешин декхар кхочушдархьама. 6Цо вен волу дуьххьарлера доьзалхо цуьнан веллачу вешин санна лорур ву, Исраилан халкъана юкъахь цуьнан тӀаьхье йиц ца ялийтархьама. 7 dНагахь санна и нус шена ерзо цунна ца лаахь, иза гӀалин кевне яха еза къаношна тӀе, иштта а олуш: „Сан марваша реза вац Исраилан халкъана юкъахь шен вешин тӀаьхье дӀаяхьа. Шен марвешин декхар кхочушдан ца лаьа цунна“. 8ТӀаккха гӀалин къаноша, и стаг тӀе а кхайкхина, цуьнца къамел дан деза. Нагахь санна цо, дуьхьал а ваьлла: „Суна ца лаьа иза йига“, – алахь, 9цуьнан несо, цунна тӀе а яхана, къаношна а гуш, цуьнан когара цуьнан мача схьа а яьккхина, цуьнан юьхь тӀе туйнаш а тоьхна, иштта ала деза: „Иштта дерг Исраилан къомана юкъахь шен вешин цӀа меттахӀотто лууш воцчунна до“. 10ТӀаккха цуьнан цӀенна исраилхошна юкъахь цӀе туьллур ю „Мача дӀаяьккхинчун цӀа“, – аьлла».Кхиболу хьехамаш
11«Нагахь санна божарий вовшахлетачу хенахь, оцу леташ болчеран цхьаннан зудчо, етташ волчун карара шен майра схьаваккха дагахь, царна тӀе а еана, шен куьг дӀа а кховдийна, оцу стеган бехке меттиг схьалацахь, 12цуьнан куьг дӀахададе. Цунах къа ма хеталаш. 13 eШун тӀоьрмаг чохь шина тайпана герканаш хила ца еза: дукха еза а, дукха яйн а. 14Шун цӀа чохь шина тайпана бараман сахь а хила ца деза: дукха доккха а, дукха жима а. 15Шун герканаш а, бараман саьхьаш а цӀена а, нийса а хила деза, шун Везачу Дала шуна луш долчу лаьтта тӀехь аша йоккхун йолу хан яхъялийтархьама. 16ХӀунда аьлча харцдерг лелош волу милла а шун Везачу Далла дегаза хета».Ӏамалекхахойх лаьцна тӀедиллинарг
17 f«Дагахь латтаде Мисар-махкара шу схьадогӀуш Ӏамалекхахоша шайна динарг: 18новкъахь уьш шуна тӀелетира. Новкъахь шу кӀадделла а, хӀиттина а долчу хенахь, шуна тӀехьа богӀучу гӀелбеллачарна тӀелетира уьш. Ткъа уьш Деле ларамах буьзна бацара. 19Иштта шун Везачу Дала массо а агӀор шун мостагӀех шаьш паргӀатдаьхча, шун долахь хилийтархьама шуна луш долчу лаьтта тӀехь Ӏамалекхахойн къам дагадаийтар стигал кӀелара дӀадаккхалаш, иза диц ма делаш».
Copyright information for
CheCAC2012