a Арадаккхар 17:8-14; Шамъал 15:2-9.
Deuteronomy 25:17-19
Ӏамалекхахойх лаьцна тӀедиллинарг
17 a«Дагахь латтаде Мисар-махкара шу схьадогӀуш Ӏамалекхахоша шайна динарг: 18новкъахь уьш шуна тӀелетира. Новкъахь шу кӀадделла а, хӀиттина а долчу хенахь, шуна тӀехьа богӀучу гӀелбеллачарна тӀелетира уьш. Ткъа уьш Деле ларамах буьзна бацара. 19Иштта шун Везачу Дала массо а агӀор шун мостагӀех шаьш паргӀатдаьхча, шун долахь хилийтархьама шуна луш долчу лаьтта тӀехь Ӏамалекхахойн къам дагадаийтар стигал кӀелара дӀадаккхалаш, иза диц ма делаш».
Copyright information for
CheCAC2012