‏ Deuteronomy 27

ТӀулгашна тӀехь товрат-хьехам дӀаязбар

1Мусас а, исраилхойн динан дайша а халкъана весет дира, иштта а олуш: «Ас тахана шайна тӀе мел дуьллуш долу весеташ кхочушделаш. 2 aШун Везачу Дала шайна луш долчу лаьтта тӀе доьлхуш шаьш Йордан-хих дехьадевлча, цигахь шайна даккхий тӀулгаш дӀа а хӀиттадай, царна кир тоха. 3ТӀаккха шун дайн Везачу Дала, шун дайшка шуна лур ду аьлла ма-хиллара, шун дола луш долчу, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тӀе довлархьама, шаьш Йордан-хих дехьадевлча, хӀокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш оцу тӀулгаш тӀе дӀаязде. 4И тӀулгаш, ас тахана шайна тӀе-ма-диллара, шаьш Йордан-хих дехьадевлча, Ӏейбал-лам тӀе дӀа а хӀиттаде, царна тӀе кир а тоха. 5 bЦигахь шайн Везачу Далла лерина аьчка гӀирсаца ца хьаькхначу тӀулгех сагӀа доккху меттиг кечъе. 6И меттиг, дийнначу тӀулгех а кечъяй, дӀахӀоттае, оцу тӀехь шайн Везачу Далла лерина сагӀанаш даха. 7Цигахь шайн Везачу Далла хьалха бертан сагӀанаш а дахий, уьш дууш, даккхийдеш лела. 8ХӀокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш оцу тӀулгаш тӀехь дӀаязде. Ткъа яздинарг дика дешалуш хилийта хьажа».

9Мусас а, левихой болчу динан дайша а Исраилан дерриге а халкъе иштта элира: «Исраилан халкъ, дист а ца хуьлуш, ладогӀа соьга! ХӀокху дийнахь хьох хьан Везачу Делан халкъ хилла. 10ХӀинца шайн Везачу Делан озе ладогӀа, тахана ас шайга дӀахьедеш долу Цуьнан весеташ а, парзаш а кхочушде».

Деле ла ца догӀарна неӀалт кхайкхор

11Оцу дийнахь Мусас, иштта а олуш, халкъана тӀедиллира: 12 c«Йордан-хих дехьадевлча, Герзим-лам тӀехь хӀара тайпанаш дӀахӀитто деза халкъ декъалдайтархьама: ШимӀин, Левин, ЯхӀудан, Иссарханан, Юсупан, Бен-Яманан тайпанаш. 13Ткъа неӀалташ дӀакхайкхадайтархьама Ӏейбал-лам тӀехь дӀахӀитто деза: Раабанан, Гадин, Ашаран, Забулан, Данан, Напталан тайпанаш. 14Айдинчу озаца дӀакхайкхош левихоша массо а исраилхошка иштта эр ду:

15 d„НеӀалт хуьлда къайлахчу метте дӀахӀоттийначу тӀулгах я дечигах я лалийна цӀу винчунна! Пхьеран куьйгашца дина хӀума бен дац иза, Везачу Элана иза дегаза хета“.

Дерриге а халкъо мохь тоьххна эр ду: „Амин!“

16 e„НеӀалт хуьлда шен да я нана сийсаздаьккхинчунна!“

Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“

17 f„НеӀалт хуьлда шен уллорачун дозанаш талхош волчунна!“

Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“

18 g„НеӀалт хуьлда бӀаьрзениг некъа тӀера галвоккхучунна!“

Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“

19 h„НеӀалт хуьлда тӀевеанчунна а, я бона а, я йисинчу зудчунна а нийса кхелъяр талхош волчунна!“

Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“

20 i„НеӀалт хуьлда шен ден зудчуьнца вижинчунна, шен ден дӀавуьжу мотт цо сийсазбаьккхина дела!“

Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“

21 j„НеӀалт хуьлда хьайбанца дӀавижинчунна!“

Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“

22 k„НеӀалт хуьлда шен йишех, шен дена йинчу я шен нанас йинчу йоӀах куьг тоьхначунна!“

Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“

23 l„НеӀалт хуьлда шен стунненаца вижинчунна!“

Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“

24„НеӀалт хуьлда къайлаха шен уллораниг вуьйш волчунна!“

Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“

25„НеӀалт хуьлда, бехк боцучу стеган цӀий Ӏанорхьама, кхаьънаш дохучунна!“

Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“

26 m„НеӀалт хуьлда хӀоранна а, хӀокху товрат-хьехамийн дешнаш кхочуш а ца деш, уьш чӀагӀ ца дечунна!“

Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“»
Copyright information for CheCAC2012