Deuteronomy 27:11-14
Деле ла ца догӀарна неӀалт кхайкхор
11Оцу дийнахь Мусас, иштта а олуш, халкъана тӀедиллира: 12 a«Йордан-хих дехьадевлча, Герзим-лам тӀехь хӀара тайпанаш дӀахӀитто деза халкъ декъалдайтархьама: ШимӀин, Левин, ЯхӀудан, Иссарханан, Юсупан, Бен-Яманан тайпанаш. 13Ткъа неӀалташ дӀакхайкхадайтархьама Ӏейбал-лам тӀехь дӀахӀитто деза: Раабанан, Гадин, Ашаран, Забулан, Данан, Напталан тайпанаш. 14Айдинчу озаца дӀакхайкхош левихоша массо а исраилхошка иштта эр ду:
Copyright information for
CheCAC2012