bАрадаккхар 20:25.

‏ Deuteronomy 27:2-8

2 aШун Везачу Дала шайна луш долчу лаьтта тӀе доьлхуш шаьш Йордан-хих дехьадевлча, цигахь шайна даккхий тӀулгаш дӀа а хӀиттадай, царна кир тоха. 3ТӀаккха шун дайн Везачу Дала, шун дайшка шуна лур ду аьлла ма-хиллара, шун дола луш долчу, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тӀе довлархьама, шаьш Йордан-хих дехьадевлча, хӀокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш оцу тӀулгаш тӀе дӀаязде. 4И тӀулгаш, ас тахана шайна тӀе-ма-диллара, шаьш Йордан-хих дехьадевлча, Ӏейбал-лам тӀе дӀа а хӀиттаде, царна тӀе кир а тоха. 5 bЦигахь шайн Везачу Далла лерина аьчка гӀирсаца ца хьаькхначу тӀулгех сагӀа доккху меттиг кечъе. 6И меттиг, дийнначу тӀулгех а кечъяй, дӀахӀоттае, оцу тӀехь шайн Везачу Далла лерина сагӀанаш даха. 7Цигахь шайн Везачу Далла хьалха бертан сагӀанаш а дахий, уьш дууш, даккхийдеш лела. 8ХӀокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш оцу тӀулгаш тӀехь дӀаязде. Ткъа яздинарг дика дешалуш хилийта хьажа».
Copyright information for CheCAC2012