‏ Deuteronomy 29

Муаби-махкахь Везачу Элаца бина барт

1Муаби-махкахь Везачу Эло Мусага исраилхошца байта аьлла, тӀебиллина болчу бертан тӀедожораш ду хӀорш. Хьариб-ломана уллохь Везачу Эло халкъаца бинчу бертал сов ду уьш.

2Берриг а исраилхой схьа а гулбина, Мусас цаьрга иштта элира: «Шуна гина Везачу Эло шуна хьалха Мисар-махкахь пирӀунца а, цуьнан ялхошца а, цуьнан дерриге а лаьттана а мел динарг. 3Шайн бӀаьргашца шуна гина Цо мел хьегийтина баланаш, Цо мел гайтина билгалонаш а, тамашийна гӀуллакхаш а. 4Амма Везачу Эло таханлера де тӀекхаччалц ца деллера шуна дог, шун кхетам хилийтархьама, бӀаьргаш, шуна гайтархьама, лергаш, шуна хазийтархьама. 5Везачу Эло шуьга элира: „Шовзткъа шарахь яьссачу аренгахула лелийра Ас шу. Шуна тӀера бедарш тиш ца елира, шун когара мачаш а тиш ца елира. 6Аша бепиг а ца доура, аша чагӀар а, ниха а ца муьйлура, амма Ас шуна кхача лора, шуна хаийтархьама, Со шун Веза Дела вуйла“. 7 aХӀокху метте схьадаьхкича, вайна дуьхьалбевлира Хьешбон-гӀалин паччахь волу Сихьон а, Башан-мехкан паччахь волу ӀовгӀа а, вайх тасабалархьама. Амма вай уьш эшийра. 8 bЦеран латта, схьа а даьккхина, Раабанан а, Гадан а тайпанашна а, Маннашан ахтайпанна а кхачийтира вай. 9ХӀокху бертан тӀедожорашка, уьш кхочуш а деш, ладугӀуш хилалаш, аша мел ден долчунна тӀехь шайн кхиамаш хилийтархьама.

10Шу массо а тахана шайн Везачу Далла хьалха лаьтташ ду, – шун тайпанийн хьаькамаш, шун къаной, шун тӀехьовсуш берш, берриге а исраилхойн божарий, 11шун бераш, шун зударий, иштта шун дечиг доккхуш волчунна тӀера шун хи кхоьхьуш волчунна тӀекхаччалц болу шун меттаматтахь Ӏаш болу тӀебаьхкина нах. 12Тахана шу кхузахь лаьтташ ду шайн Везачу Дала шуьца беш болчу барте дахкархьама а, оцу бертан тӀедожораш дӀаэцархьама а, 13тахана шух Цуьнан халкъ хилийтархьама а, Цо шуьга ма-аллара а, шун дай болчу ИбрахӀиме а, Исхьакхе а, Якъубе а чӀагӀо ма-ярра а. 14Цо хӀара барт бар а, цуьнан тӀедожораш дӀаэцар а деккъа шуьца дина ца Ӏа. 15Амма и барт тахана кхузахь вайца цхьаьна вайн Везачу Далла хьалха лаьттачаьрца бина ца Ӏаш, тахана кхузахь боцучаьрца а беш бу.

16Шуна хууш ма ду, Мисар-махкахь вай муха даьхна а, шу чекхдевллачу халкъийн мехкашна юккъехула вай муха чекхдевлла а. 17Шуна гира дечигах а, тӀулгах а, детих а, деших а бина а болу церан дегаза цӀуш. 18 cМа хуьлийла-кх шуна юкъахь стаг я зуда, доьзал я тайпа хӀинца чул тӀаьхьа шайн Везачу Делах дог дӀа а дерзийна, вукху халкъийн деланашна гӀуллакх дан оьхурш. Ма хуьлийла-кх шуна юкъахь и санна долу хӀума кхуьуьйтун болу къаьхьа а, дӀаьвше а орам. 19Ма хуьлийла-кх шуна юкъахь хӀокху бертан тӀедожораш а хезна, шен дагахь ша хастийна стаг: „Со синтем болуш хир ву, сайн деган лаамехь со лелашшехь“, – бохуш. Иштта хӀаллакьхир ду дерриг а халкъ. 20Везачу Эло ишттачунна гечдийр дац, амма Везачу Элан оьгӀазлонан а, дераллин а цӀе ер ю ишттачу стагана. Кху тептар тӀехь яздина долу дерриге а неӀалташ цунна хир ду. Везачу Эло цуьнан цӀе а дӀайойур ю лаьтта тӀера. 21Везачу Эло хӀаллакьхиларна дӀакъастор ву иза массо а Исраилан тайпанех, кху товрат-хьехаман тептар тӀерачу неӀалташа ма-бохху.

22Шул тӀаьхьа тӀекхуьучу тӀаьхьенех долчу шун берашна а, генарчу махкара хийрачу нахана а хӀара мохк дакъазабаккхар а, Везачу Эло цамгаршца иза гӀелбар а гур ду. 23 dДерриге а латта, силам а, туьха а шена тӀехь долу, цӀе яьлла аре хилла дӀахӀуттур ду. Цунна тӀехь ялта дӀадуьйр а дац, ялта кхиор а дац. Цу тӀехь цхьа а тайпа буц а хьалаер яц. Иза хир ду Везачу Эло Шен чӀогӀачу дераллица йохийна йолчу Седам а, Ӏамор а, Удам а, Цхьабайма а олу гӀаланашна хилларг санна. 24Массо а халкъаша эр ду: „ХӀун бахьана ду те Везачу Эло оцу лаьттана иза дар? Цуьнан дераллах иштта чӀогӀа цӀе хӀунда яьлла?“ 25Цунна долу жоп иштта хир ду: „Шун дайн Везачу Дала Мисар-махкара шу арадаьхча, шайца бина барт дӀа а тесна, 26бахана, кхечу деланашна гӀуллакх деш а бу, царна Ӏибадат деш а бу. Ткъа хьалха и деланаш царна цкъа а ца бевзара, Цо пурба а ца деллера оцу деланашна Ӏамал ян. 27Цундела хӀокху лаьттах Везачу Элан оьгӀазлонан цӀе яьлла, Цо хӀокху тептар тӀе яздинчу бертан дерриг а неӀалташ царна тӀе хьажийна. 28Уьш Везачу Эло Шен чӀогӀачу оьгӀазаллехь, дераллехь орамашца церан лаьтта тӀера дӀа а даьхна, кхечу лаьтта тӀе кхийсина, хӀинца вайна гуш ма-дарра“.

29Къайлаха дерг вайн Везачу Делан ду, ткъа дӀаделладелларг – иза абаденналц вайна а, вайн берашна а ду, вайга кху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш кхочушдайта».
Copyright information for CheCAC2012