‏ Deuteronomy 3:23-27

Муса-пайхамарна КанаӀан-махка чувалар дехкар

23 a«Оцу хенахь со иштта доӀанаш деш вара Везачу Эле: 24„Сан хьалдолу Эла, Ахь схьагайта долийна Хьайн ялхо волчу суна Хьайн сийлалла а, ондалла а. Кхин муьлха Дела ву стигалшкахь я лаьтта тӀехь Ахь деш долу гӀуллакхаш а, тамашийна хӀуманаш а далуш? 25Лохьа пурба Йордан-хих дехьа а ваьлла, цунна дехьа долу дика латта ган – исбаьхьа хаза лаьмнаш а, Ливанун латта а“, – бохуш.

26Амма Веза Эла шу бахьана долуш суна оьгӀазъоьхура. Цо ла ца дуьйгӀира соьга. Везачу Эло соьга иштта элира: „Тоьар ду! Кхин ма дийца Соьга цунах лаьцна! 27Пасга-ломан боххье хьалавала. ДӀахьажа малхбалехьа а, къилбаседехьа а, къилбехьа а, малхбузехьа а. Дерриг а гуш долчуьнга дикка хьажа, хӀунда аьлча Йордан-хина дехьа валалур вац хьо!
Copyright information for CheCAC2012