‏ Deuteronomy 30:1-5

Везачу Элана тӀедирзинчул тӀаьхьа

1«Ас дӀахьедина долу хӀара дерриге а дешнаш – шу декъалдарх а, шуна неӀалт кхайкхорах а лаьцна долу – кхочушхилча, шун Везачу Дала шу дӀасадаржийначу халкъашна юкъахь аша уьш дагадаийтахь, 2шу а, шун бераш а доллучу дагца, доллучу синца шайн Везачу Далла тӀе дерзахь, Цуьнан озе аша ладогӀахь, тахана ас шуна тӀе-ма-диллара, 3тӀаккха шун Везачу Дала шун аьтто юхаметтахӀоттор бу, шух а къинхетам бийр бу Цо. Шун Везачу Дала, массо а халкъашна юкъа дӀасадаржийна долу шу, схьа а гулдина, цхьаьнатухур ду. 4Стигала йисте кхаччалц шу дӀасадаржийна делахь а, цигара а схьагулдийр ду Цо, цигара а схьадалор ду. 5Везачу Дала шун дайн долахь хиллачу лаьтта тӀе схьадалор ду шу. И латта шун дола дер ду. Цо шуна дика мел дерг а дийр ду, шун дайл а дукха шу доьбуьйтур а ду.
Copyright information for CheCAC2012