‏ Deuteronomy 31

Мусал тӀаьхьа ЮшаӀ куьйгалхо хилар

1Мусас берриг а исраилхошка кхидӀа а хӀара дешнаш элира: 2 a«Сан хӀинца бӀе ткъа шо кхаьчна. Соьга хӀинца шуна тӀехь куьйгалла ца дало. Везачу Эло соьга иштта аьлла: „Хьо хӀокху Йордан-хих дехьавалалур вац“. 3Шун Веза Дела шуна хьалхаваьлла Ша гӀур ву. Цо хӀара халкъаш шун юьхь-дуьхьалара хӀаллакдина дӀадохур ду, тӀаккха аша церан латтанаш шайн дола дохур ду. ЮшаӀ, Везачу Эло ма-аллара, шуна хьалхаваьлла гӀур ву. 4 bВезачу Эло царна а, Ша хӀаллакбинчу эмархойн паччахьашна Сихьонна а, ӀовгӀина а, церан мехкашна а диннарг дийр ду. 5Везачу Эло уьш шун кара дӀалур бу, ткъа аша ас шайна тӀедиллинчу дерриге а весеташа боххург дан деза цаьрца. 6ЧӀагӀлолаш, доьналла долуш хилалаш, царах кхера а ма лолаш, Ӏада а ма делаш, хӀунда аьлча шун Веза Эла Ша хьалхавер ву шуна. Иза шух дӀавоьрзур а вац, Цо шу дӀатосур а дац».

7ЮшаӀ берриге а исраилхошна хьалха шена тӀе а кхайкхийна, Муса цуьнга иштта вистхилира: «ЧӀагӀ а ло, доьналла долуш а хила, хӀунда аьлча оцу халкъан Везачу Эло церан дайшна лур ду аьлла чӀагӀо йинчу лаьтта тӀе хьо хьалха вер ву, ткъа ахь оцу халкъе и латта шен дола доккхуьйтур ду. 8 cВеза Эла Ша гӀур ву хьуна хьалхаваьлла, Иза шуьца хир ву. Иза хьох дӀавоьрзур а вац, Цо хьо дӀатосур а вац. Кхера а ма ло, дог а ма доха».

ВорхӀ шарахь цкъа халкъана хьалха товрат-хьехам бешар

9ХӀара товрат-хьехам, дӀа а язбина, Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ лелочу левихойх болчу динан дайшка а, исраилхойн массо а къаношка а дӀабелира Мусас. 10 dВесет а деш, Мусас иштта элира: «ВорхӀ шо чекх мосазза долу, декхарш гечдаран шарахь, кхалорийн дезачу деношкахь, 11берриге а исраилхой шун Везачу Далла хьалха дӀахӀитта баьхкича, хӀара товрат-хьехам массо а исраилхошна дӀахозуьйтуш, Везачу Эло къастор йолчу меттехь дӀабешалаш. 12Схьагулделаш халкъ: божарий, зударий, бераш, шун гӀаланашкахь хин болу шуна тӀебогӀун берш а. ЛадогӀийта цаьрга, Ӏамийта уьш шун Везачу Деле ларамах дуьзна хила а, хӀокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш леррина кхочушдайта а. 13ХӀара хууш доцу церан бераш а, хӀара дӀа а хезна, шайн дола даккхархьама Йордан-хих шу дехьадовлучу хӀокху лаьтта тӀехь шу мел деха, массо а дийнахь шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила Ӏемар ду».

Везачу Эло Мусана дина тӀаьххьара весеташ

14Везачу Эло Мусага иштта элира: «Хьо дӀакхелха денош тӀекхочуш ду. ЮшаӀ тӀе а кхайкхий, гуламан четарна чу воллучохь совца. Ас иза Исраилан халкъана тӀехь куьйгалхо санна къобалвийр ву». Муса а, ЮшаӀ а, ший а схьа а веана, гуламан четарна чу воллучохь сецира. 15Веза Эла мархин бӀогӀамехь четарна улло веара. И мархин бӀогӀам гуламан четарна чу воллучу метта тӀехула дӀахӀоьттира.

16Везачу Эло Мусага элира: «Хьо хӀинца, дӀа а кхелхина, хьайн дайх дӀакхетар ву. ТӀаьхьо хӀара халкъ, Суна тешнабехк а бина, ша тӀедоьдучу оцу лаьттан нехан деланашна тӀаьхьахӀуттур ду. Цара Со дӀатосур ву, цара Ас шайца бина болу барт талхор бу. 17Оцу дийнахь Ас Сайн оьгӀазалла тосур ю царна тӀе. Ас уьш буьтур бу. Ас царах Сайн юьхь дӀакъовлур ю, ткъа и халкъ хӀаллакдина хир ду, цунна тӀе дукха халонаш а, баланаш а буьссур бу. ТӀаккха оцу дийнахь халкъо эр ду: „ХӀара халонаш вайн Веза Эла вайна юкъахь воцу дела-м ца еана те вайна тӀе?“ 18Ас оцу дийнахь Сайн юьхь дӀакъовлур ю царах, кхечу деланашна тӀе а бирзина, цара лелийна харцонаш бахьана долуш.

19Муса а, ЮшаӀ а, хӀокху назманан дешнаш шайна дӀаязделаш. Ткъа ахь, Муса, и назма исраилхошна Ӏама а яй, церан багахь хилийта цунах Ас царна дуьхьал деш долу тоьшалла хилийтархьама. 20Церан дайшка Айса чӀагӀо ма-ярра, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тӀе буьгур бу Ас уьш. Юуш а, бузуш а бехар бу уьш, барста а берстина, кхечу деланашна тӀе а бирзина, царна гӀуллакх деш лелар бу уьш. Ткъа Сох дӀа а бирзина, Ас шайца бина барт бохор бу цара. 21Шайна тӀе дуккха а халонаш а, баланаш а хӀиттича, хӀара назма царна дуьхьал долу тоьшалла хир ду, хӀунда аьлча иза церан а, церан тӀаьхьенан а багара схьадер дац. Суна хаьа церан хӀинца йолу ойланаш, царна лур ду аьлла Ас чӀагӀо йинчу дикачу лаьтта тӀе уьш дӀа а бигале хилла йолу».

22Мусас оцу дийнахь и назма, дӀа а язйина, исраилхошна Ӏамийра.

23 eВезачу Эло, Нунин кӀант ЮшаӀ куьйгалхо санна къобал а веш, цуьнга иштта элира: «ЧӀагӀ а ло, доьналла долуш а латта, хӀунда аьлча Ас цаьрга чӀагӀо йинчу лаьтта тӀе ахь буьгур бу уьш. Со хьоьца хир ву».

24Мусас, хӀокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш чекхдовллалц тептар тӀе яздина ша ваьлча, 25Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ лелош болчу левихошка иштта а олуш, омра дира: 26«ХӀара товрат-хьехаман тептар, схьа а эций, шайн Везачу Делаца бинчу бертан тӀорказна улло охьадилла. Цигахь цо шуна дуьхьал тоьшалла дийр ду. 27ХӀунда аьлча суна евза шун юхахьаралла а, аьрхалла а. ХӀинца а, со шайца вехаш волуш а Везачу Элана хьалха юхахьара долу шу, со дӀакхелхича, кхин а чӀогӀа иштта хир дац ткъа шу? 28Шайн массо а тайпанийн къаной а, баьччанаш а суна тӀекхайкха. Ас царна дӀахозуьйтуш дӀаэр ду хӀара дешнаш, ткъа царна тӀе тоьшалла дайта ас стигал а, латта а тӀекхойкхур ду. 29ХӀунда аьлча суна хаьа, со дӀакхелхича шу баккъалла а телхина хир ду, ас весет динчу некъа тӀера шу дӀадевр ду. Хан яьлча, шуна тӀе халонаш хӀуьттур ю. Иза хир ду шайн Везачу Далла хьалха аша зуламаш дийр долу дела, шайн куьйгаша дечуьнца Иза дар а волуьйтуш».

Мусан назма

Мусас, исраилхойн массо а гуламна дӀахозуьйтуш, хӀокху назманан дерриге а дешнаш чекхдовллалц дӀаэлира.30

Copyright information for CheCAC2012