‏ Deuteronomy 32

1«Тергам бе, стигал, со вистхир ву.
Лаьтто а ладогӀа сан багара долучу дешнашка.
2Сан хьехам, догӀа санна, охьаоьхур бу,
сан къамел, тхи санна, охьадогӀур ду,
сеналлина тӀе догӀу дерз санна хир ду,
бацана тӀе кхевсина догӀа санна хир ду.
3Ас Везачу Элан цӀе хьалаойур ю.
Вайн Далла дӀало сийлалла!

4Иза тарх а ю, Цуьнан гӀуллакхаш кхоччуш а ду.
Цуьнан дерриге а некъаш нийса ду.
Иза тешаме Дела ву, Цо харцо а ца йо.
Иза нийса а ву, билггал бакъ а ву.
5Ткъа уьш телхина лелара Цунна хьалха,
Цуьнан берашна ца догӀучу тайпана.
Цундела цара къа латийна Цунна дуьхьал,
иза аьрха а, телхина а гара ма ду
Ткъа уьш телхина лелара Цунна хьалха, Цуьнан берашна ца догӀучу тайпана. Цундела цара къа латийна Цунна дуьхьал, иза аьрха а, телхина а гара ма ду – я иштта: Ткъа аша къинош летийна Цунна дуьхьал, шу, исраилхой, телхина а, гамделла а гара ду! Аша далийтина зуламаш бахьана долуш, Делан бераш дац шу кхин!
.

6ХӀай сонта, ца кхеташ долу халкъ,
иза ду аша Везачу Элана дӀалуш дерг?
Иза вац ткъа шун Да, шу хилийтина а,
шу кхоьллина а, шу дӀатардина а волу?
7Дагаяийта шира хенаш,
ойла ел ширачу заманах лаьцна.
Хаттал шайн дайшка, цара дуьйцур ду шуьга,
шайн къаношка а хатта – цара а дуьйцур ду шуьга.

8 bШа къаьмнашна латтанаш а кхочуьйтуш,
Веза Воккхачо адамаш доькъучу хенахь,
Цо хӀора халкъана шен-шен доза дӀахӀоттийра,
стигалийн гуламан терахье хьаьжжина
Цхьана ширачу гочдар тӀехь: стигалийн гуламан терахье хьаьжжина. Ӏебархойн тептар тӀехь: исраилхойн терахье хьаьжжина.
.
9ХӀунда аьлча Везачу Элан дакъа Цуьнан халкъ ду.
Якъубах схьадолу къам Цуьнан долахь дерг ду.

10Цунна и халкъ яьссачу аренгахь карийнера,
гӀийлачу а, мох хьоькхучу а аренгахь.
Цо иза лардора, хьоьжура цуьнга,
Шен йоӀбӀаьрг санна, Ӏалаш а дора.
11Шен бене хьоьжу аьрзу санна,
кӀорнешна тӀехула хьийза аьрзу санна,
Везачу Эло Шен тӀемаш дӀасадаржадо,
тӀемаш тӀехь Шен халкъ лелорхьама.
12Везачу Эло Ша леладора Шен къам.
Цуьнца кхечу къоман дела вацара.

13Цо иза лаьттан локхаллина тӀехь леладойтура.
Цо иза аренаш тӀехь хьалаяьллачух дузадора,
тӀулгах схьа долу моз а, чӀогӀачу тархах
схьадолу зайтдаьтта а даадора цунна.
14Цо бежанийн кӀалд, жийн шуьреш,
дерстина Ӏахарий а, гезарий а,
Башанера тоьлла долу бежанаш а,
тоьлла долу кӀа а даадора оцу халкъана.
Кемсех даьккхина долу чагӀар муьйлура цара.

15Сан хьоме халкъ
Сан хьоме халкъ – Ӏебархойн тептар тӀехь, ма-дарра аьлча, «Яшурон» дӀаяздина ду. Иза Исраилан халкъан кхин цӀе ю, ткъа иза «бакъахьараниг» маьӀна долуш ду.
, стам а делла, аьрхаделира.
Кхачанах а дуьзна, иза дерстина хилира.
Шаьш кхоьллина волу Дела дӀатесира цара,
шайн кӀелхьарбовларан тархах ца бешира уьш.
16Кхин деланаш бахьана долуш Иза карзахваьккхира цара,
шайн дегазчу цӀушца Иза оьгӀазвахийтира цара.
17 eДеланаш боцучу жинашна сагӀанаш дохура цара, –
хьалха шайна бевзаш ца хиллачу деланашна,
хӀинцца гучубевллачу керлачу деланашна,
церан дай ларамах буьзна ца хиллачу деланашна.
18Ткъа шаьш дуьнен чу даьхна Тарх йицйира цара.
Шаьш кхоьллина волу Дела дага ца вогӀура царна.

19Иза ган а гина, Веза Эла царах дӀавирзира,
Шен кӀенташа а, мехкарша а Иза оьгӀазвахийтина дела.
20Цо элира: „Ас Сайн юьхь къайлайоккхур ю царах,
царах хинйолу чаккхе гур ю Суна,
хӀунда аьлча уьш телхина гара ду,
уьш тешаме доцу бераш ду.
21 fДела воцучуьнца цара хьагӀ хилийтина Сан,
баьссачу цӀушца оьгӀазло хилийтина Соьгахь.
Ткъа халкъ доцучуьнца Аса хьагӀ хуьлуьйтур ю церан,
кхетам боцучу къомаца Аса оьгӀазло хуьлуьйтур ю цаьргахь.
22ХӀунда аьлча Сан оьгӀазаллех цӀе яьлла,
лахарчу эхарте кхаччалц дагадо цо.
ЦӀаро латта доу лаьтто кхиийначуьнца цхьаьна,
чахчош ду лаьмнийн кӀажаш.

23Ас царна тӀе халонаш йоуьйтур ю,
Сайн пхерчий а кхачор ду, царна тӀекхиссина.
24Уьш мацалло гӀелбийр бу,
хӀаллакбийр бу дагаро а, луьрачу уьно а.
Ас акхаройн цергаш а, лаьттара текхаргийн
дӀовш а тухур ду царна.
25Уьш туьро арахьа хӀаллакбийр бу,
ткъа цӀа чохь – кхерамо:
къонах а, йоӀстаг а,
декхаш долу бер а, къежвелла къано а.
26Сан ала йиш яра: ‘ДӀаса а баржийна,
адамашна юкъара уьш дагахь хилар а дӀадоккхур ду Ас’.
27Делахь а Ас иза ца деш дитира, мостагӀийн кхардарх къахкарна,
церан мостагӀий кура а бовлийтина,
цаьрга ца алийтархьама: ‘Тхан куьг деха ду,
Везачу Эло ца динера хӀара-м’“.

28Исраилан къам хьекъалх даьлла халкъ ду,
цаьрга хӀуманаш къаста а ца ло.
29ЭхӀ-хӀай-кх! Хьекъал долуш белахьара уьш,
тӀаккха уьш дикка кхетар бара,
шайна хиндерг къастор дара цара!
30Эзарна тӀаьхьа цхьа мостагӀа муха валалур вара,
шина мостагӀчуьнга итт эзар исраилхо муха дӀавадийталур вара,
нагахь санна церан Тархо уьш ца боьхкича,
нагахь санна Везачу Эло уьш кара ца белча!
31Уьш тӀетевжа тарх вайн Тархах тера ма яц:
вайн мостагӀий шаьш бу оцу тӀехь кхелахой.
32Седам-гӀалин кемсийн гаьннаш тӀера а,
Ӏамор-гӀалина уллохь йолчу аренашкара а
ю вайн мостагӀийн кемсаш.
Церан кемсийн буьртигаш дӀаьвше ду,
церан кенаш къаьхьа ду.
33Церан чагӀар – лаьхьарчийн дӀовш а,
текхаргийн валаран талу а ду.

34„Соьгахь къайладаьккхина-м дац те иза? – боху Везачу Эло. –
ХӀуманаш латточу Сан чоьнаш чохь-м дац те иза дӀакъевлина?
35 gБекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дӀалур ду.
Хан тӀееача, церан ког галбер бу.
Церан хӀаллакьхиларан де герга ду,
церан къемате кхоллам тӀекхочу“.
36 hВезачу Эло Шен халкъ бехказа а доккхур ду,
Шена гӀуллакх дечарах Цо къинхетам а бийр бу,
церан куьг гӀелделла Шена гича а,
набахтехь берш а, арахь берш а ца бисча.
37Везачу Эло халкъе эр ду: „Мичахь бу деланаш,
царах тешна шу Ӏийна йолу тарх,
38аша сагӀина деанчух мохь йиина болу,
сагӀина деанчух чагӀар мийлина болу?
Шайна гӀо дайта хьалагӀовттийта уьш,
хилийта царах шайна тхов кӀело!

39Хьажал хӀинца, веккъа Со Дела хилар,
Со воцург кхин цхьа а Дела ца хилар.
Ас долуьйту, Ас дендо, Ас чов йо, Ас тобо,
Сан куьйгах цхьаьнгге а кӀелхьардахалур дац.
40Сайн куьг стигалшка хьала а айина,
абаденналц долчу Сайн дахарх чӀагӀо йо Ас:
41‘Сайн къегаш долу тур Ас ирдича,
Сан куьйго кхел яран герз схьаэцча,
Ас бекхам бийр бу Сайн мостагӀашна,
Со ца везачарна а дийр ду царна доггӀург.
42Ас Сайн пхерчий цӀийх дузор ду,
байинчеран а, йийсарехь болчеран а цӀийх.
Сан туьро дилха дӀа а кхоллур ду,
оцу хаьржинчу мостагӀийн хьаькамийн кортош’“.

43 iЯккхийе, стигалш, Везачу Элаца цхьаьна!
Цунна хьалха охьатаьӀийла стигалшкахь мел берш!
Даккхийде, къаьмнаш, Цуьнан халкъаца цхьаьна!
ЧӀагӀлойла Делан долу массо а маликаш!
Грекийн гочдар тӀехь: Яккхийе, стигалш, Везачу Элаца цхьаьна! Цунна хьалха охьатаьӀийла стигалшкахь мел берш! Даккхийде, къаьмнаш, Цуьнан халкъаца цхьаьна! ЧӀагӀлойла Делан долу массо а маликаш! Ӏебархойн тептар тӀехь: Даккхийде, къаьмнаш, Цуьнан халкъаца цхьаьна!

Цо бекхам бийр бу Шен ялхошна тӀера,
Цо бекхам бийр бу Шен мостагӀашна,
Шен лаьттан а, Шен халкъан а къинош дӀадохур ду!»

44Муса халкъана тӀевеара, оцу назманан дешнаш цо а, Нунин кӀанта ЮшаӀа а халкъана дӀахазийтира.

Мусас дина весет

45Оцу назманан дерриге а дешнаш берриге исраилхошка ша дӀааьлла ваьлча, 46Мусас цаьрга иштта элира: «Ас тахана шайна дӀахьедина долу дерриге а дешнаш шайн даг тӀе дижийта. Шайн берашна тӀедилла, хӀокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш леррина кхочушдар. 47ХӀунда аьлча иза шуна эрна дерг дац, иза – шун дахар ду. Шу цуьнгахула дуккха а дехар ду, шайна дола даккхархьама Йордан-хих шу дехьадовлучу оцу лаьтта тӀехь».

Муса дӀакхалхарх лаьцна

48 kОццу дийнахь Везачу Эло, Мусага вистхуьлуш, иштта элира: 49«Ӏабарим лаьмнашна тӀе хьала а валий, муабахойн лаьтта тӀехь Ерихон-гӀалина дуьхьал болчу Набу-лома тӀе а валий, дӀахьажа КанаӀан-махке, Ас исраилхошна дола дӀалуш долчу лаьтте. 50Хьо хьалаволучу оцу лам тӀехь хьо, вала а велла, хьайн халкъах дӀакхетар ву, ХӀор-лам тӀехь вала а велла шен халкъах дӀакхетта волу хьан ваша АхӀарон санна. 51Иза иштта хир ду, исраилхошна юкъахь, Кхадеш-гӀалина уллохь йолчу Мериба-меттиган хиш долчохь, яьссачу Цин олучу аренгахь, шуьшиъ Суна тешаме воцучу тайпана лелла дела а, веза волчу Суна богӀу ларам аша шимма ца гайтина дела а. 52Геннара бен и латта гур дац хьуна. Ас исраилхошна луш долчу лаьтта тӀе вер вац хьо».
Copyright information for CheCAC2012