c Арадаккхар 28:30; Арадаккхар 17:7; Лелар 20:13.
Deuteronomy 33
Исраилхойн тайпанаш декъалдар
1Ша дӀакхалхале, Делан стаг волчу Мусас, исраилхой декъалбеш, аьлла дешнаш хӀорш ду. 2Цо элира:«Веза Эла Синай-ломера схьавеана,СеӀир-махкара халкъана тӀе, сатасар санна, гучуваьлла,
Иза Паран-ломара нахана тӀе къегаш хилла.
Вуно дукха маликаш дара Цуьнца цхьаьна,
Цуьнан аьтту куьйгахь стелахаьштиг дара ▼
▼Цуьнан аьтту куьйгахь стелахаьштиг дара – я иштта: аьтту куьйгахь цӀеран Ӏедал дахьаш вара.
.3Шен халкъ баккъалла а деза Цунна,
Цо дӀакъастийнарш Цуьнан карахь бу.
Цуьнан когашка охьа а таьӀа уьш,
Цуьнгара хьехам дӀа а оьцу цара.
4 Товрат-хьехам вайна Мусас белла,
иза Якъубан юкъараллин тӀаьхьало ю.
5Веза Эла Шен хьомечу халкъана ▼
▼Шен хьоме халкъ – Ӏебархойн тептар тӀехь, ма-дарра аьлча, «Яшурон» дӀаяздина ду. Иза Исраилан халкъан кхин цӀе ю, ткъа иза «бакъахьараниг» боху маьӀна долуш ду.
тӀехь паччахь хилира,халкъан баьччанаш тайпанашца цхьаьна гуллучу хенахь».
6Раабанхойх лаьцна Мусас элира: «Дехийла Раабанан тайпа, ма лойла иза,
амма оцу тайпанах берш кӀезиг хуьлийла!»
7Ткъа яхӀудхойх лаьцна хӀара элира: «ДӀахазахьа, Веза Эла, яхӀудхоша орца даккхар,
кхечу тайпанех кхин а дӀакхетабехьа уьш.
Шаьш лардан чӀагӀдехьа церан куьйгаш.
Хилахьа царна мостагӀашна дуьхьал волу гӀоьнча».
8 cЛевихойх лаьцна а иштта элира: «Хьан Тумим-тӀулг левихошна дӀабелла ▼
▼Цхьана ширачу гочдар тӀехь: левихошна дӀабелла. Ӏебархойн тептар тӀехь и дешнаш дац.
,Хьан Урим-тӀулг Хьуна тешамечеран долахь бу.
Ахь уьш Массехь зийнера,
Мериба-хиш долчохь цаьрца къийсинера.
9Шайн дайшка а, наношка а хьежаран метта,
шайн вежарий лараран метта,
шайн бераш довзаран метта,
левихоша Хьан дош лар а дина,
Ахь бина барт Ӏалаш а бина.
10Цара Хьан тӀедехкинарш Якъубан тӀаьхьенна Ӏамадо,
ткъа Хьан товрат-хьехам исраилхошна Ӏамабо.
Хаза хьожа йогӀу хӀума цара Хьуна хьалха охьаюьллу,
Хьан сагӀа доккхучу кхерча тӀехь дийнаташ дагоран сагӀанаш доху.
11Веза Эла, декъалбехьа церан бахам,
ткъа цара мел дечунна реза хилахьа.
Царна дуьхьал гӀовттучарна а, уьш ца безачарна а
уьш цкъа а хьала ца гӀовттал чӀогӀа тохахьа».
12Бен-яманхойх лаьцна иштта элира: «Иза Везачу Элан уггар хьоме тайпа ду,
кхерам боцуш Иза волчохь дехаш ду.
Дийнахь сарралц Везачу Эло иза лар а до,
Цуьнан куьйгаш тӀехь и тайпа Ӏуьллуш а ду».
13Юсупхойх лаьцна иштта элира: «Везачу Эло декъалдойла церан латта
стигалара охьадогӀу совгӀат долчу тхица,
лаьтта бухара хьаладолучу хишца,
14малхо кхиийначех тоьллачуьнца,
хӀора баттахь хуьлучу ялтех уггар дикачуьнца,
15ширачу лаьмнаша исбаьхьа кхоьллинчуьнца,
даим долчу баьрзнийн тоьллачу совгӀаташца,
16лаьтто лучу совгӀаташца, и латта дузуш долчуьнца.
Коканийн коьллашкахь Гучуваьллачун
декъалалла хуьлийла Юсупан тайпан тӀехь,
вежаршна юкъара куьйгалхо иза волу дела.
17Юсупан тайпа хьалха дуьнен чу баьлла сту санна ду.
Цуьнан маӀаш гомашан маӀаш санна ю.
И маӀаш цара кхечу халкъашна еттар ю,
ур-атталла дуьненан йистехьа уьш тоттур ду.
Иштта эпраймхойн дуккха а тӀемалой бу,
иштта маннашхойн эзарнаш эскархой бу».
18Забулхойх а, иссарханхойх а лаьцна иштта элира: «Сакъера, забулхой, шайн некъаш тӀехь,
иссарханхой, аша а сакъера шайн четарш чохь.
19Цара шайн халкъ лам тӀе схьакхойкху.
Цигахь цара нийса сагӀанаш дохур ду.
Шайн хьал схьадоккху хӀорда чуьра,
хӀордан йистошкахь йолчу гӀамарна тӀера».
20Гадахойх лаьцна элира: «Декъала ву гадахойн мохк дӀасабаржийнарг.
Гадин тайпа цигахь, лом санна, Ӏуьллуш ду,
куьйгаш я кортош дохорхьама.
21Гадахоша тоьлла латта шайна хаьржира,
куьйгалхочунна догӀу дакъа царна дӀаделира,
халкъан баьччанаш гулбинчу хенахь.
Цара кхочушбира Везачу Элан нийса лаам,
Цо Исраилан халкъана тӀе мел диллинарг а кхочушдира».
22Данахойх лаьцна элира: «Данан тайпа – къона лом ду,
Башан-махкара дедда догӀу».
23Напталхойх лаьцна элира: «Напталан тайпанна Дела реза хилира,
иза Везачу Элан декъалдарех дуьзна ду.
Малхбузе а, къилба а цуьнан долахь хир ю».
24Ашархойх лаьцна элира: «Уьш кӀенташна юкъахь уггар декъалбинарш бу.
И тайпа шен вежаршна дезаш хуьлийла.
Шайн когаш зайтдаьттанна чохь лийчор цара.
25Шун зайлаш эчигах а, йоьзах а дина хир ду.
Шун денош санна, дебаш хир бу шун ницкъ».
26«Цхьа а вац Исраилан Делах тера мархашца Шен сийлаллехь а,
стигалшкахула хьуна гӀо лаца веана волчу.
27Хьан кӀелхьардолийла – даим волу Дела ву,
Цуьнан даим а долу куьйгаш шуна кӀел ду.
МостагӀий шун юьхь-дуьхьалара дӀа а лаьхкина,
Цо аьлла: „ХӀаллакбе!“
28Иштта, Исраилан халкъ кхерам боцуш дехар ду,
Якъубан тӀаьхье ша йолчохь ехаш хир ю,
кӀех а, керлачу чагӀарх а дуьзначу махкахь,
стигалшкара тхи охьаоьгучу лаьтта тӀехь.
29Декъала ду хьо, Исраилан халкъ!
Хьо санна, Везачу Эло лардеш кхин муьлха халкъ ду?
Иза хьо лардеш долу турс а,
хьан сийлаллин тур а ду!
Хьан мостагӀий хьуна хьалха охьатаьӀна лелар бу,
ткъа ахьа церан сагӀа доккху гунаш хьоьшур ду».
Copyright information for
CheCAC2012