‏ Deuteronomy 4:15-18

ЦӀушна Ӏамалъярх лардала дезарх лаьцна

15«Веза Эла Хьариб-ломахь цӀеран юккъера шайга вистхиллачу оцу дийнахь шайна цхьана а тайпана васт ца гина дела, шайн дегнашкахь дерг чӀогӀа ларделаш. 16 aАша иза делаш шаьш ца талхадайтархьама, муьлххачу а вастехь шайна цӀу а вина – стеган я зудчун вастехь, 17 bлаьтта тӀехь дехачу дийнатан я стигалахь тӀемадолучу олхазаран вастехь, 18лаьттахула текхачу дийнатан я лаьттал лахарчу хи чохь нека дечу чӀеран вастехь.
Copyright information for CheCAC2012