Deuteronomy 5:12-14
12 aШун Везачу Дала тӀе-ма-диллара, шоьтан де ларде, иза Сан дуьхьа дӀа а къастош. 13 bЯлх дийнахь болх а бе, дерриг а шайн гӀуллакхаш а нисде. 14Ткъа ворхӀалгӀа де шайн Везачу Далла лерина садоӀу де хилийта. Цу дийнахь аша а, шун кӀанта а, йоӀа а, шун лено а, гӀарбашо а, шун стеро а, виро а, шун хьайбанех цхьаммо а, шун гӀаланашкахь ваха тӀевеана волчо а цхьана а тайпана болх ма бе, хӀунда аьлча шу санна шун лено а, гӀарбашо а садаӀа деза.
Copyright information for
CheCAC2012