Deuteronomy 7
Везачу Элан долахь долу халкъ
(Арадаккхар 34:11-16)
1 a«Шайн дола даккха шу тӀедоьлхучу лаьтта тӀе шун Везачу Дала шу чудигча, Цо шуна хьалхара дуккха а къаьмнаш дӀалохкур ду – хьетахой, гӀиргӀашахой, эмархой, канаӀанхой, перезахой, хьаьвихой, явсайхой. И ворхӀ къам шул дукха а, ницкъ болуш а ду. 2Шун Везачу Дала уьш шун кара а делла, аша и къаьмнаш эшийча, уьш кхоччуш дакъазадаха. Цаьрца барт а ма белаш, царах къа а ма хеталаш. 3Гергарлонаш а ма тийсалаш цаьрца. Шайн йоӀарий церан кӀенташка а ма бахийталаш, церан йоӀарий шайн кӀенташна а ма балабелаш. 4ХӀунда аьлча цара шун кӀентий Сох дӀаберзор бу, кхечу деланашна Ӏамал яйтархьама. ТӀаккха Везачу Элан дераллин цӀе шуна тӀехьодур а ю, Цо шу сихха хӀаллакдийр а ду. 5 bАмма аша царна хӀара делаш: церан сагӀа доккху меттигаш йохаелаш, харцделанашна хӀиттийна церан тӀулгаш аталаш, Ашера-далла лерина долу церан дечиган бӀогӀамаш дӀахедаделаш, церан цӀуш багабелаш. 6 cХьайн Везачу Делан деза халкъ ду хьо. Хьан Везачу Дала хьо хаьржина, хьох Шен долахь долу халкъ дархьама, дуьнен чохь мел долчу халкъашна юкъара схьа а хаьржина дина долу. 7Везачу Эло хьо Шен деган лаам бар а, хьо харжар а массо а халкъел хьо дукха долу дела дацара – хьо массо а халкъел жима халкъ ма ду, – 8Везачу Элана хьо деза дела а, Цо шун дайшна делла ваӀда лардо дела а хаьржина дара. И бахьана долуш Везачу Эло хьо, ондачу куьйгаца лоллин цӀа чуьра ара а даьккхина, Мисар-мехкан паччахь волчу пирӀунан карара паргӀатдаьккхина. 9 dЦундела хаалаш, исраилхой, шун, Веза Дела бен, бакъволу Дела вац. Иза тешаме Дела ву, Цо Шен безаман барт ларбо Ша везачаьрца а, Шен весеташ кхочушдечаьрца а церан эзар тӀаьхьенна тӀекхаччалц. 10Амма Ша ца везачарна доггӀург Цо дийр ду, уьш хӀаллак а беш. Иза хьелур вац, Ша ца везачунна хӀоранна шена-шена догӀу таӀзар дан. 11Цундела Ас тахана кхочушдан шайна тӀедехкина долу весеташ а, парзаш а, хьехамаш а ларбелаш».МуьтӀахь хиларна декъалдарш
(Карлабаьккхинарг 28:1-14)
12 e«Нагахь санна аша оцу хьехамашка ладогӀахь, уьш ларбахь, кхочушбахь, тӀаккха шун Везачу Дала, Ша шун дайшка ваӀда дина ма-хиллара, Ша шуьца бина безаман барт ларбийр бу. 13Шу дезар а ду, шу декъал а дийр ду, шу доьбуьйтур а ду Цо. Шун кийрахь верг а декъалвийр ву, шун латто луш дерг – ялта а, чагӀар а, зайтдаьтта а – декъалдийр ду, шун бежанийн эсий а, жийн Ӏахарий а декъалдийр ду Цо шун дайшка шуна лур ду аьллачу лаьтта тӀехь. 14Массо а халкъел декъалдина долу халкъ хир ду шун халкъ. Шун халкъана юкъахь хир вац бер ца хуьлу стаг, берах ца хуьлу зуда, шун даьхнина юкъахь а хир дац иштта дерг. 15Везачу Эло лардийр ду халкъ массо а цамгарх. Мисар-махкахь шуна девзина долу цхьа а луьра ун кхоьтуьйтур дац шух, амма шу ца дезачарна массарна тӀе далор ду иза. 16Шун Везачу Дала шайн кара дӀалуш долу массо а халкъаш аша хӀаллакдан деза. Царах къинхетам а ма белаш, церан деланашна гӀуллакх а ма делаш, хӀунда аьлча уьш шуна дӀахӀиттийна йолу речӀанаш хир ю. 17Нагахь санна: „И къаьмнаш тхол дукха ду, оха муха дохур ду уьш ара?“– аьлла, шун даг чу дожахь, 18ма кхералаш царах, амма дагадаийталаш шун Везачу Дала пирӀунна а, берриг а мисархошна а динарг. 19Дагадаийталаш шайн бӀаьргашца шуна гина болу Дала бахкийтина баккхий баланаш а, билгалонаш а, тамашийна гӀуллакхаш а, шун Везачу Дала Шен ондачу куьйгаца, дӀакховдийначу пхьаьрсаца шу арадахар а. Изза дийр ду шун Везачу Дала шу кхоьруш долчу массо а халкъашна. 20Шун Везачу Дала царна бумбареш тӀехоьцур ю, шух дӀалечкъаш болу дийна биснарш хӀаллакьхиллалц. 21Ма кхера царах, хӀунда аьлча шуна юкъахь волу шун Веза Дела – сийлахь а, ларамах бузуьйтуш волу а Дела ву. 22Шун Везачу Дала и халкъаш кӀез-кӀезиг шуна хьалхара дӀалохкур ду. И халкъаш цхьана хеннахь хӀаллак ма делаш, аренашкара акхарой ца дебийтархьама. 23Амма шун Везачу Дала шун кара дӀалур бу уьш. Царна тӀе боккха кхерам боссор бу, уьш хӀаллакбина бовллалц. 24Церан паччахьаш а лур бу шун кара. Аша церан цӀераш стигал кӀелара а дӀайойур ю. Цхьа а шуна дуьхьал латталур вац, аша уьш хӀаллакбина бовллалц. 25Церан цӀу-деланаш цӀергахь багабелаш. Царна тӀехь долу деши я дети схьаэцар шайн дегнаш чу ма дожийталаш, шайна царах речӀанаш ца хилийтархьама, хӀунда аьлча иза шун Везачу Далла дегаза хета. 26Шайн цӀенош чу а ма балабелаш и дегаза цӀуш, уьш санна кхоччуш дакъазадаха шаьш дӀакъастийна ца хилийтархьама. Царах даша а ма даша, уьш уггар дегаза а хета, хӀунда аьлча уьш кхоччуш дакъазадаха лерина Везачу Элана дӀакъастийна хӀуманаш ду».
Copyright information for
CheCAC2012