‏ Deuteronomy 8:11-17

Дела вицварх ларваларх лаьцна

11 a«Ларлолаш, тахана ас шайна тӀедуьллуш долу Цуьнан весеташ, Цуьнан тӀедехкинарш, Цуьнан парзаш кхочуш а ца деш, шайн Веза Дела вицварх. 12Юуш шаьш дуьзча, шайна дика цӀенош а дина, царна чохь шу даха хевшича, 13шайн даккхий а, кегий а бежанаш дебаш хилча, шайн деши а, дети а алсамдолуш хилча, шайн массо а долахь дерг совдолуш хилча, 14варелаш, шайн дегнаш кура а ма довлийталаш а, лоллин цӀа долчу Мисар-махкара шу арадаьхна волу шун Веза Дела виц а ма велаш. 15Чохь дӀаьвше лаьхьарчий болу а, сту лоцу гезгаш йолу а, екъа а, хи доцуш йолу а, йоккхачу, къемате кхерамечу а яьссачу аренгахула шу чекхдаьхнарг Иза вара. Шуна мокхазан тархана чуьра хин хьоста даьккхинарг а Веза Эла вара. 16Цо шуна яьссачу аренгахь манна олу кхача баабора, шуна а, шун дайшна а хӀун ю а хиъна йоцу, шайн кӀезигаллина шу къардалийтархьама а, шу зерхьама а, тӀаьхьа шуна дика дархьама а, 17„Тхан-тхайн ницкъо а, тхан куьйгийн ондалло а карадаийтина тхуна хӀара хьал“, – аьлла, шун даг чу ца дожийтархьама.
Copyright information for CheCAC2012