Deuteronomy 8:2-4
2Дагахь латтабелаш, яьссачу аренгахула хӀокху шовзткъа шарахь шун Везачу Дала шуьга байтина болу массо а некъ. Цо шуьга и некъ байтина, шайн кӀезигаллина шу къардалийтархьама а, шу зерхьама а, шун даг чохь хӀун ду хаархьама а. Цунна хаа лаьара, аша Шен весеташ лардийр дуйла я доцийла. 3 aЦо шу шаьш-шайна кӀезиг хоьтуьйтуш къардалийтира, мацалла хӀоттийна, гӀелдира, стигалара манна олу кхача белира шуна, шуна а, шун дайшна а хӀун ю а хиъна йоцу. Иза дира Цо шуна дӀагайтархьама, адам деккъа цхьана баьпках дехаш доцийла, амма Везачу Элан багара схьадолучу хӀора дашца дехаш дуйла. 4Шун бедарш шуна тӀехь тиш ца лора, оцу шовзткъа шарахь шун когаш ца бестара.
Copyright information for
CheCAC2012