aАрадаккхар 24:18.
Deuteronomy 9
Везачу Эло Исраилан халкъана гӀо хӀунда до
1«ЛадогӀа, исраилхой: шу хӀинца Йордан-хина дехьадовла дохкуш ду, стигал хьалаккхаччал лекха чӀагӀонаш чохь йолу яккхий гӀаланаш йолу а, шун халкъал дукха долу а, ницкъ болу а халкъаш долу латта шайн дола даккхархьама. 2Оцу лаьттан халкъашна юкъахь ницкъ болу а, доккха дегӀ долу а Ӏаьнакхахой бу. Царах лаьцна шуна хууш а ду, хезна а ду иштта олуш: „Мила ву Ӏаьнакхахошна дуьхьал латталур волуш?“ 3Ткъа хӀинца хаа ду шуна: шун Веза Дела ву шуна хьалхаваьлла, цӀеро санна, дерриг а дӀакхоллург волу. Цо уьш хӀаллак а бина, шуна хьалха охьабохкур бу. Аш уьш сихха дӀа а лохкур бу, хӀаллак а бийр бу, Везачу Эло шайга ма-аллара. 4Шун Везачу Дала шуна хьалхара уьш дӀалаьхкинчул тӀаьхьа, шайн дегнашкахь иштта ма алалаш: „Тхо Шен лаамехь хилла дела, Везачу Эло кхуза схьадалийна, хӀара латта тхайн дола даккха“. ХӀан-хӀан, оцу халкъийн хьараме лелар бахьана долуш, Везачу Эло шуна хьалхара дӀалохкур ду уьш. 5Шун Делан лаамехь хилар я шун догцӀеналла бахьана доцуш, и латта шайн дола даккхархьама, доьлхуш ду шу. ХӀан-хӀан, оцу халкъийн Ӏесалла бахьана долуш, шун Везачу Дала уьш шуна хьалхара дӀалохкур ду, Ша шун дайшка, – ИбрахӀиме, Исхьакхе, Якъубе – ваӀда деш делла дош кхочушдархьама. 6Хаалаш, шу Делан лаамехь хиларна кара ца доуьйту шуна шун Везачу Дала и беркате латта, хӀунда аьлча шу юхахьара халкъ ду».Исраилхоша дашо эса дар
7«Дагахь латтаделаш, цкъа а диц ма делаш, мел дукха оьгӀазъоьхуьйтура аша шайн Веза Дела яьссачу аренгахь. Мисар-махкара арадевллачу дийнахь дуьйна шаьш хӀокху метте схьакхаччалц Везачу Элана дуьхьалдевлла лелара шу. 8Аша Хьариб-ломахь а оьгӀазвахийтира Веза Эла. Иза шу цигахь хӀаллакдина дӀадаххал дарвеллера. 9 aВезачу Эло шуьца бина барт тӀеязбина йолу тӀулган экъанаш схьаэца со лам тӀе хьалаваьлча, ас цигахь шовзткъа де-буьйса даьккхира, бепиг а ца дууш, хи а ца молуш. 10Везачу Эло Шен куьйга йоза тӀеяздина йолу тӀулган ши экъа елира соьга. Оцу экъанаш тӀехь яздина дара Везачу Эло гулам болчу дийнахь богучу ломан цӀерана юккъера шуьга схьа мел аьлла дешнаш. 11Шовзткъа де-буьйса дӀадаьлча, Везачу Эло соьга схьаелира тӀулган ши экъа, бартбаран экъанаш. 12Везачу Эло соьга иштта элира: „ХьалагӀатта, дӀавала кхузара, ломара охьавосса. Мисар-махкара ахь арадаьккхина долу хьан халкъ дукха телхина ду. ХӀинцале а дӀабевлла уьш Ас шайна весет динчу новкъа тӀера, шайна лалийна цӀу а вина“. 13Везачу Эло кхин а иштта элира соьга: „Ас тидам бира оцу халкъан – иза аьрха халкъ ма ду! 14Ма сецаве Со. Ас хӀаллакдийр ду и халкъ, Ас цуьнан цӀе дуьнен тӀера а дӀайойур ю, ткъа хьох цул доккха а, цул ницкъ болу а халкъ кхуллур ду Ас“. 15Со, юха а вирзина, лам тӀера чувоьссира, иза цӀерах богуш болчу хенахь. Бартбаран ши экъа сан карахь яра. 16ДӀахьаьжча, суна гира шайн Везачу Далла дуьхьал аш къа латийна хилар, старгӀин сибатехь шайна лалийна цӀу а вина. Шу сиха дӀадевллера Везачу Эло шуна дӀакхехьа динчу весетан некъа тӀера. 17Ас и ший а экъа, схьа а эцна, сайн карара лаьттах а тоьхна, шун бӀаьргашна хьалха йохийра».Исраилхошна тӀера Мусас доӀа дар
18«Везачу Элана суждане а вахана, хьалха санна шовзткъа де-буьйса даьккхира ас. Со юуш а, молуш а вацара, аша летийна къинош бахьана долуш. Уьш а летийна, шайн Везачу Далла хьалха вон а дина аша, Иза оьгӀаз а вахийтина аша. 19 bСо кхоьрура Везачу Элан оьгӀазлонах а, дераллах а, хӀунда аьлча шу хӀаллакдаллал чӀогӀа оьгӀазваханера Иза. Амма Цо юха а ладуьйгӀира соьга. 20АхӀаронна а чӀогӀа оьгӀазвахнера Веза Эла, иза хӀаллакваллал, амма ас оццу хенахь АхӀаронна тӀера а доӀанаш дира. 21Ткъа аша дина къилахь хӀума, старгӀин и сурт, схьа а эцна, цӀергахь дагийра ас. ТӀаккха иза йоха а йина, хьаша а хьаьшна, чан санна, ата а аьтта, лам тӀера охьаоьхучу хи чу тесира ас. 22 cТабӀерехь, Массехь, Кхиброт-ХӀатаъвуэхь аша кхин а оьгӀазъоьхуьйтура Веза Эла. 23 dТкъа Везачу Эло: „Дуьйло, схьадаккха Ас шуна луш долу латта“, – аьлла, шу Кхадеш-БарнаьӀера дохуьйтучу хенахь, шу дуьхьалдевллера шайн Везачу Делан омранна, шу Цунах ца тийшира, аша Цуьнан озе ла ца дуьйгӀира. 24Шу суна девзинчу дийнахь дуьйна аьрха лелара Везачу Элана хьалха. 25Иштта, Везачу Элана хьалха суждане а вахана, шовзткъа де-буьйса даьккхира ас, хӀунда аьлча Везачу Эло аьллера, Ша шу хӀаллакдийр ду. 26ДоӀанна тӀехь ас Везачу Эле иштта элира: „Хьалдолу Эла, хӀаллак ма дехьа Хьайн халкъ, Хьайн долахь дерг, Ахь Хьайн сийлаллица паргӀат а даьккхина, Хьайн ондачу куьйгаца Мисар-махкара арадаьккхина долу. 27Дагабахкийтахьа Хьан ялхой болу ИбрахӀим а, Исхьакх а, Якъуб а. Ма хьежахьа хӀокху халкъан аьрха хиларе, цуьнан Ӏесалле, цуьнан къиношка. 28Дехьа иштта, Ахь тхо арадаьхначу лаьтта тӀехь бехачаьрга ца алийтархьама: ‘Везачу Эло дуьгийла а дацара и халкъ Ша лур ду аьллачу лаьтта тӀе. Цо и халкъ Шена ца деза дела арадаьккхина, яьссачу аренгахь иза хӀаллакдархьама’. 29Ткъа иза Хьан халкъ а, Хьан долахь дерг а ду, Ахь Хьайн ондачу ницкъаца а, дӀакховдийначу пхьаьрсаца а Мисар-махкара арадаьккхина долу“».
Copyright information for
CheCAC2012