‏ Ecclesiastes 10

1Деллачу мозаша духӀин хьожа а талхайо.
Иштта, кӀеззиг йолчу сонталло стеган дуккха а долу хьекъалалла а, сийлалла а хӀаллакдо.
2Хьекъалалла долчун дог бакъахьа агӀор дӀагӀерта,
ткъа сонтачу стеган дог харцахьа гӀерта.
3Ша некъахула лелаш велахь а,
сонтачу стеган кхетам ца кхочу,
ткъа цо хӀоранна а ша сонта хилар гойту.
4Нагахь хьан олахо хьуна оьгӀазваханехь а, цунах дӀа ма вада.
Хьан тийна хиларо, цуьнан даккхий гӀалаташ дӀа а хьулдеш, сатедан тарло.

5Иштта, суна кхин а цхьа нийса доцу хӀума а гира стигална кӀел, тилабеллачу олахоша лелош долу. 6Цара сонтачу нахана лакхара даржаш лора, ткъа хьолахошна ларамаза йолу меттигаш лора. 7Говраш тӀе хевшина леш гира суна, ткъа элий, леш болуш санна, гӀаш лелаш бара. 8 aКхечунна ор охкург ша цу чу вожа тарло.
Ткъа шен йоцу керт йохош волчунна лаьхьано дӀовш тоха тарло.
9ТӀулгаш дохош волчунна царах чов хила тарло.
Ткъа дитташ хедош волчунна царах кхерам бала тарло.
10Нагахь диг аьрта а хилахь,
цхьаммо а иза ир а ца дахь,
дуккха а ницкъ безар бу и болх бан.
Ткъа хьекъал хиларо буьсун болу пайда ло.
11Ша тебале, лаьхьано це тохахь,
иза тебиначунна цунах бала пайда бац.

12Хьекъалечу стеган дешнаша цунна ларам бахьа.
Ткъа сонтачу стеган бето ша-шен хӀаллакво.
13Цуьнан къамел доладелча, иза сонта хуьлу,
ткъа къамел чекхдаьлча, иза хьераваьлла хуьлу.
14Сонтачу стага саццаза къамел дахь а, цхьанна а ца хаьа хиндерг хӀун ду.
Иштта хьенан таро ю шел тӀаьхьа хиндерг хӀун ду ала?
15Сонтачу стага цу тайпана болх беш хилча,
иза шен гӀали чу юхавоьрзу некъ ца бовззал кӀадло.

16Къа ду мехкан, цуьнан паччахь сонта ялхо бен вацахь,
цуьнан элаша сатасале дуьйна тойнаш хӀиттош а делахь.
17Декъала бу мохк, паччахь оьздачу тайпанах а велахь,
цуьнан элаша хӀотто деззачу хенахь той хӀоттош а делахь!
Цара юург шайн дегӀе ницкъ баийтархьама йоу,
ткъа малар дахархьама ца молу.
18ХӀусамда мало еш велахь,
цӀийнан дукъош охьаоьгур ду.
Стага болх бан шен куьйгаш хьала ца айдахь,
цӀийнан тхевнах ладар чекхдер ду.
19Юург-мерг стагана самукъанна ду,
чагӀар синкъерамна ду,
ткъа ахчано и дерриг а кхочушдо.
20Хьайн дагахь а ма алалахь паччахьна вониг,
хьо дӀавуьжучу цӀа чохь а ма алалахь вон дош хьолахочух лаьцна.
ХӀунда аьлча стигалшкара олхазарша кхечу метте дӀа а хьур ду хьан дош,
тӀемаш долчу цара дӀаса а даржор ду хьан къамел.
Copyright information for CheCAC2012