‏ Ecclesiastes 2

Самукъане хилар зер

1Аса сайн дагахь элира: «Самукъадаккхарца зуьйр ву ас со, сайна ирсе хилар хӀун ду довзийтархьама!» Амма аса жамӀ дира, иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду аьлла. 2Гуттар а воьлуш лелар сонталла юйла а, самукъадаларх бала цхьа а пайда боцийла а хиира суна. 3ТӀаккха, сайн кхетам хьекъалх буьзна а болуш, ас сацам бира, сонтаваллалц чагӀар маларца зен веза аса со аьлла. И сонталла а зен лиира суна, кху стигална бухахь шайн доццачу дахаран деношкахь адамашна хӀун дика хуьлу сайна довзийтархьама.

4 aТӀаккха со даккхий гӀуллакхаш дан волавелира. Аса сайна гӀишлош а йира, кемсаш а дӀаюьйгӀира, 5бошмаш дӀайогӀа меттигаш а тойира, тӀаккха цигахь тайп-тайпана стоьмаш луш долу дитташ а дӀадуьйгӀира. 6Иштта ас Ӏаьмнаш дехира, айса моггӀара дӀадийгӀинчу дитташна хи тохархьама. 7 bЛеш ийцира ас сайна, юкъахь зударий а, божарий а болуш. Цул тӀаьхьа сан цӀахь царах дуьнен чу бевлла кхин леш бара сан. Иштта сол хьалха Ярушалайм-гӀалахь бехаш Ӏаш хиллачу нехан чул а сов бежанаш а, жаш а дара сан. 8 cАс дети а, деши а гулдира сайна, сайн доларчу кхечу мехкийн а, паччахьийн а хазна схьа а яьккхира. Иллеш олу божарий а, зударий а гулбира ас сайн цӀа чохь, боьршачу стеган дагна чӀогӀа там бийраш а бехира сайн дола: дуккха а гӀарбаш-зударий
ГӀарбаш-зуда – зудчун бакъо йолу гӀарбаш.
.

9 eЯрушалайм-гӀалахь сайл хьалха хиллачу массо адамал а сий долушший, хьал долушший хилира со. Иштта сайн хьекъалалла кхидӀа а соьца дуьсура. 10Сайн бӀаьргашна хазделларг схьаэцарна дуьхьало ца йора ас. Самукъане мел долу хӀума сан даго тӀеоьцура. Муьлххачу айса дечу гӀуллакхах самукъадолура сан. И хазахетар суна дара, ас мел бечу халчу балхана луш долу совгӀат санна. 11ТӀаккха со хьаьжира сайн куьйгаша динчу гӀуллакхашка а, айса мел бинчу балхе а. И дерриг а ма кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду, махана Ӏуналла дан гӀертар санна. Стигална кӀел цу гӀуллакхех буьсур болуш цхьа а пайда бац.

Хьекъалалла а, сонталла а зер

12Юха со ойланаш ян волавелира хьекъалаллах а, хьекъалх тиларх а, сонталлах а лаьцна. ХӀунда аьлча паччахьо диначул совдаьккхина хӀун дан тарло цул тӀаьхьа дӀахӀуттун волчу стага? 13Суна гира хьекъалалла хиларо сонта хиларал сов буьсун болу пайда бар, серло боданал дикаха хиларе терра. 14Хьекъалечун бӀаьргаш са гуш бу, ткъа сонтаниг боданехь тилавелла леларг санна ву. Ткъа царах массарах хиндерг цхьаъ дуйла а кхийтира со. 15ТӀаккха сайн дагахь элира ас: «Сонта волчух хилларг сох а хир ду-кх. ТӀаккха хьекъалалла хиларо буьсун болу хӀун пайда ло?» Ас сайн дагахь жоп делира: «Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду». 16Я хьекъалдолчух лаьцна дерг а, я сонта волчух лаьцна дерг а дехар дац абаденналц, кестта уьш берриш а бицбийр бу. Маржа яӀ, хьекъалениг а дӀакхелха, сонтаниг санна! 17ТӀаккха суна деза ца делира хӀара дахар, хӀунда аьлча стигална кӀел мел дечу хӀумано гӀайгӀанаш яхьа. И дерриг а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду, махана Ӏуналла дан гӀертар санна.

Дечу гӀуллакхо пайда бахьий?

18Сан дог делира айса стигална кӀел мел динчу халачу гӀуллакхех, хӀунда аьлча цу гӀуллакхех хилларг сол тӀаьхьа вуьсун волчунна кхочур ду-кх. 19Ас сайн къинхьегамца а, сайн хьекъалца а стигална кӀел мел даьккхинчунна тӀехь кхечу цхьаммо олалла дийр дара, ткъа хьанна хаьа: хьекъале хир ву иза я сонта хир ву? И дерриг а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду. 20Иштта со дохковелира айса стигална кӀел мел динчу гӀуллакхна. 21Адамо, шен дерриг а хьекъалалла а, хаар а, говзалла а тӀе а ерзош, дуккха а къахьоьгу, амма и стаг велча, цо гул мел динарг а и гулдеш къа ца хьегначунна кхочу. Иза а кхетамбоцу а, нийсо йоцу а хӀума ду.

22Иштта хӀун хуьлу ткъа адамна стигална кӀел ша бинчу балхах а, шен деган гӀайгӀанах а? 23 fХӀора дийнахь балане а, гӀайгӀане а хуьлу цуьнан болх, ур-атталла буьйсанна а дог паргӀат ца хуьлу цуьнан. Иза а ду-кх кхетам тӀе ца кхуьу хӀума.

Устазан хьехам

24 gАдамна уггар а диканиг яар-малар а, ша бечу балхах там хилар а ду. Со кхийтира иза а Делера хиларх. 25Дала иза ца делча, яа а, я там хила а хьенан таро хир яра? 26 hДала Ша реза волчунна хьекъалалла а, хаарш а, ирс а ло. Ткъа къинош леточаьрга Цо, къа а хьоьгуьйтуш, хьал гулдойту, и гулдинарг Ша реза волчунна дӀадалийтархьама. Иза а ду-кх кхетам тӀе ца кхуьу хӀума, махана Ӏуналла дан гӀертар санна.
Copyright information for CheCAC2012