Ecclesiastes 3
Массо а хӀуманан шен-шен хан ю
1Массо а хӀумананшен зама ю,
кху лаьттарчу хӀора гӀуллакхан а
шен хан ю.
2Дуьнен чу валаран а шен хан ю,
дӀакхалхаран а шен хан ю.
ХӀума дӀаеран а шен хан ю,
иза схьаяккхаран а шен хан ю.
3Стаг веран а шен хан ю,
иза товаран а шен хан ю.
ЦӀенош дохоран а шен хан ю,
гӀишлош дӀахӀитторан а шен хан ю.
4Адам делхаран а шен хан ю,
иза деладаларан а шен хан ю.
Адам гӀайгӀане хиларан а шен хан ю,
иза халхадаларан а шен хан ю.
5Зудчуьнца дӀавижаран а шен хан ю,
цунах цакхетаран а шен хан ю.
Стагана мараэккхаран а шен хан ю,
цунах къехкаран а шен хан ю.
6ХӀума лахаран а шен хан ю,
лохучуьра сацаран а шен хан ю.
ХӀума Ӏалашъяран а шен хан ю,
иза дӀатасаран а шен хан ю.
7ХӀума ятӀоран шен хан ю,
иза дӀатегаран а шен хан ю.
Адам дист ца хиларан а шен хан ю,
цо къамел дан дезаран а шен хан ю.
8Адам дезаран а шен хан ю,
иза цадезаран а шен хан ю.
ТӀеман а шен хан ю,
машаран а шен хан ю.
9Буьсун болу хӀун пайда оьцу адамо ша бинчу балхах? 10Суна гира Дала адамашна кхочушбан белла болу белхаш. 11Массо а хӀуманна а цунна йогӀуш йоллу хан елла Дала. Дала адаман кхетам чохь абадех йолу ойла кхоьллина, юьххьенца дуьйна дӀадовллалц Дала деш долчух иза кхеташ дацахь а. 12Иштта суна хиира, адамашна, шаьш дийна мел ду, самукъадаккхарал а, зовкх хьегарал а дикаха хӀумма а доцийла. 13Кхечу дешнашца аьлча, хӀора адамна яа а, мала а, ша бечу балхах там хила а беза. Уьш Делера совгӀаташ ду. 14Суна хиъна, Дала до гӀуллакхаш гуттаренна дуйла. Вайга Дала дечунна тӀе а тохалур дац, я тӀера дӀа а даккхалур дац. Дала иштта гӀуллакхаш до, адамашка Шен сийдайтархьама. 15Яханчу заманахь хилларг
карахь йолчу заманахь а хуьлу,
ткъа тӀейогӀучу заманахь хиндерг,
дӀаяьллачу заманахь а хилла.
Хьалха хилларг юхадерзориг Дела ву.
Дуьнен чохь нийсо цахиларх лаьцна
16Стигална кӀел суна кхин а гира, кхел ечу меттехьзуламаш хилар,
нийсо хила езачохь
харцонаш лелор.
17ТӀаккха аса сайн дагахь элира: «Бакъволчунна а, харцволчунна а Дала Ша Шен кхел йийр ю, хӀунда аьлча массо а хӀуманан а, дерриге а гӀуллакхийн шен-шен зама ю». 18Адамех лаьцна аса сайн дагахь элира: «Дала адамаш зоь, уьш бежанех тера хилар гойтуш. 19Адамех а хуьлу бежанех хирриг: уьш а, вуьш а цхьатерра дӀакхелха. Адамийн а, бежанийн а цхьатерра са ду, адамаш а дац бежанел гӀоле. Дерриг а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ма ду! 20Массо а цхьана метте дӀавоьрзу. Массо а лаьттан ченах вина ву, ткъа массарах а юха а чан хир ю. 21Хьанна хаьа, адамна чуьра арадаьлла са лакха стигалшка хьаладоьдий, бежанна чуьра арадаьлла са лаха лаьтта чу охьадоьдий?»
Устазан хьехам
22Иштта, со кхийтира адамна, ша бечу балхах самукъа а доккхуш, гӀадвахарал гӀоле долуш кхин хӀумма а доцийла. Иза цуьнан дакъа ду, хӀунда аьлча цхьаммо а гойтур дац адамна кхелхинчул тӀаьхьа цунах хиндерг.
Copyright information for
CheCAC2012