bАюб 1:21; Забур 48:18; 1 Тимапига 6:7.

‏ Ecclesiastes 5

1Багах долучу дешнашца а,
дагара йолучу ойланашца а
Далла хьалха хӀума олуш
сих а ма ло, аьрха а ма вала.
ХӀунда аьлча Дела стигалахь ву,
ткъа хьо лаьттахь ву,
цундела хьайн Цуьнца долу къамел
доцца хилийта.
2Алссамчу гӀайгӀанаша вон гӀенаш гойту,
алссамчу дешнаша сонталла гойту.

3 aНагахь айхьа Далла ваӀда динехь, иза кхочушдар дӀа ма татта. Далла хаза ца хета сонтачу стага и ваӀда кхочушцадар, цундела ваӀда кхочушде! 4Дош цадалар дикаха ду, дош а делла, иза кхочушцадарал. 5Хьайн бете хьайх къинош ма летадайта. Делан динан дега: «Айса динчу ваӀданна тӀехь со галвелира» – ала дезарх ларло. Хьайн куьйгаша дина гӀуллакхаш Деле хӀаллак ца дайтархьама, Далла хьалха айхьа дечу хьайн къамелашца Дела хьайна оьгӀаз ма вахийта. 6Иштта, сонтачу нехан Далла хьалха дина къамелаш хуьлу дукха гӀенашца а, дукха кхетам тӀе ца кхуьучу хӀуманашца а, дукха дешнашца а. Ткъа хьо Деле болчу ларамах вуьзна хила веза!

ГӀело яр а, нийсо цалелаяр а

7Нагахь муьлххачу а мехкан декъахь къечу стагана гӀело еш хьайна гахь а, цуьнан бакъонаш а, нийсо а лоруш яцахь а, хьо цец ма валалахь цунах, хӀунда аьлча оцу лакхарчун а цул лакхарчо терго йо, ткъа оцу шинна тӀехь а кхин а лакхарниг ву. 8Махкана баьлла пайда цуьнан массо а бахархошна хила беза. Ткъа паччахь шен мехкан аренаша лун долчун бала кхочуш хуьлу.

Хьолах там ца хуьлу

9Ахча дезаш волчунна цкъа а шен долчух тоам хир бац.
Хьал дезаш волчунна шен долчух цкъа а тоам хир бац.
Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду.
10Хьал алсамдоккхуш хилча,
цунах бежаш берш а алсамбовлу.
ТӀаккха хӀун пайда хуьлу хьолахочунна,
оцу шен хьоле хьоьжуш Ӏер доцург?
11Ша дуккха а йиънехь а, я кӀеззиг йиънехь а
Къахьегначу стага мерза наб йо.
Ткъа хьолахочун наб йов,
шен хьолан шорто бахьана долуш.

12Стигална кӀел суна кхин а цхьа хала бала гира: адамо шен хьал Ӏалашдора, иза ца дайархьама. 13Амма цхьа бохам тӀебар бахьана долуш, цо шен хьал дайира.

Хууш ду, стеган бер хилча, и бер даьссачу куьйгашца дуьнен чу долий.
14 bШен ненан кийрара верзина, тӀехь хӀумма а доцуш, схьа-ма-валлара, иштта ша дӀакхелхича, кху дуьненахь ша бечу балхах шеца хӀумма а дӀа а ца хьош, иза дӀа а воьду. 15Иза а гӀайгӀане бала бу. Ша дуьненна чу ма-валлара, иштта дӀа а гӀур ву стаг. Ткъа хӀун буьсун болу пайда хуьлу цунна, ша еккъа Ӏаьнаран дуьхьа къахьоьгуш хилча? 16Ша дуьненахь йоккхучу хенахь цо боданехь шен кхача боу, ткъа цуьнан денош там цахиларх а, цамгарех а, дераллех а дуьзна хуьлу.

Устазан хьехам

17Хьажал со кхеттачуьнга: Дала шайна яккха еллачу йоццачу дахаран заманахь адамашна и хан юушший, молушший, ша стигална кӀел бечу халачу балхах там хуьлушший яккхар гӀолехь ду. Иза цунна Дала делла дакъа ду. 18Нагахь Дала стагана бахам а, хьал а делча, цу стага царах дезар а эцахь, Дала шена елла ял схьа а эцахь, шен балхах цунна там а хилахь, тӀаккха иза Делера совгӀат санна ду цунна. 19Иштта, стагана шен дахаран хенах ойланаш ян хан а тоьар яц, хӀунда аьлча Дала цуьнан дагна там бо.
Copyright information for CheCAC2012