‏ Ecclesiastes 9

Вайн массеран а хинберг цхьа кхоллам бу

1Аса сайн дог тӀедерзийра иштта хӀума талла: Делан карахь ву бакъахьарниг а, хьекъалдерг а, церан гӀуллакхаш а. Адамашна ца хаьа, Далла шаьш дезар ду я дац. И дерриг а тӀедогӀун дерг ду. 2ХӀора стагаца а хиндерг цхьаъ ду:
бакъахьарачуьнца а, зуламхочуьнца а,
Далла хьалха цӀеначуьнца а, боьхачуьнца а.
Дикачу стагана а хир ду
къинош летийначунна хиндерг.
Далла хьалха дуй буучунна а хир ду
Цунна хьалха дуй баа цаваьхьачунна хиндерг.

3Стигална кӀел хуьлучу гӀуллакхашна юкъахь хӀара цхьа хала бала бу: массеран а цхьа кхоллам хир бу. Адамийн дегнаш зуламех дуьзна ду. Церан ойланаш сонта хуьлу уьш бехачу хенахь, ткъа цул тӀаьхьа уьш а беллачарна тӀаьххье дӀабоьлху. 4Вехаш волчу хӀораммо а цхьана хӀумане сатуьйсу. Олуш ма ду: «Дийна долчу жӀаьлина гӀолехь ду, делла долчу лоьмана чул». 5Дийна болчарна шаьш лийр дуй хаьа, ткъа веллачунна хӀумма а ца хаьа. Беллачарна кхин ял хир яц, ткъа адамашна уьш бицлур бу. 6ДӀакхелхинчу адамийн безаммий, цабезаммий, церан лаамашший – уьш дерриш а дӀадевлла. Стигална кӀел мел дечу гӀуллакхашкахь цара кхин цкъа а дакъалоцур дац.

Устазан хьехам

7Хазахетарца даа ахьа хьайн бепиг, ткъа хьайн чагӀар а мала деган самукъадаларца. Ахь и гӀуллакхаш дарна Дела реза ву хьуна. 8Муьлххачу хенахь а духар сирла хуьлийла хьан, хьан коьрта тӀе хьаькхна деза хьакхар хуьлийла, хьо самукъадаьлла вуйла хууш. 9Стигална кӀел доккхучу хьайн кхетамбоцучу дахаран деношкахь Дала хьайна еллачу а, хьуна езачу а зудчуьнца хьо вахарх дезар эца. ХӀунда аьлча хьан дахарехь а, стигална кӀел ахь бечу балха тӀехь а иза хьуна Дала делла дакъа ду. 10Хьайн куьйге далуш мел дерг доггах кхочушде. ХӀунда аьлча хьо дӀавоьрзур волчу эхартахь я болх хир бац, я кхетам хир бац, я хьекъалалла хир дац, я хаарш хир дац.

Хан а, хьал-де а

11Кхин а суна гира стигална кӀел долу иштта хӀуманаш: уггар а сиха леларш а гуттара а ца бовлу хьалха,
уггар а ницкъберш а ца тоьлу тӀамехь гуттара а.
Иштта хьекъал долчарна а ца кхочу бепиг гуттара а,
кхетам болчарна а ца кхочу хьал гуттара а,
хаарш долчарна а ца хуьлу ларам гуттара а.
Царах хӀораннан а шен хан а ю, шен хьал-де а ду.

12Цу тӀе, адамна ца хаьа, шен тӀаьххьара де тӀе маца догӀу. Шайна кхераме йолчу бойнна чохь схьалоьцуш долу чӀерий санна,
я речӀанна чохь тасалой дуьсу олхазарш санна,
иштта адамаш а шайна ца моьттучу хенахь
тӀедогӀучу халачу тӀаьхьарчу сахьто дӀалоцу.

Хьекъалалла нуьцкъалаллал тоьлу

13Стигална кӀел суна гира кхин а цхьа хьекъалалла. Иза ас сийлахь лерира. 14Иштта шена чохь кӀеззиг бахархой болуш цхьа жима гӀала яра. ТӀаккха цхьана ницкъболчу паччахьо, тӀе а гӀоьртина, гӀалин пенна гонах лаьттах баьрзнаш а дина, го бира цу гӀалина. 15Амма цу гӀалара бахархошна юкъахь хьекъале цхьа къен стаг а нисвелла, цо шен хьекъалаллица и гӀала кӀелхьаръяьккхира. Ткъа цул тӀаьхьа цу гӀалара бахархошна и къен стаг цхьанна а дага а ца веара. 16Амма аса боху, хьекъалалла тоьлу нуьцкъалаллал, оцу нахана цу къечу стеган хьекъалалла дицделлехь а, цара цуьнга кхин ла ца доьгӀнехь а.

Хьекъалалла тоьлу сонталлал

17Хьекъалалла долчо тийна аьлла дешнаш дуккха а гӀоле ду, олахочо сонтачарна юкъахь хьоькхучу цӀогӀанал. Хьекъалалла тӀеман герзел дикаха ду, амма къа латийначу цхьаммо дуккха а долу диканиг а хӀаллакдо.18

Copyright information for CheCAC2012